ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Несарарчу Iедало Страсбурга тIера болош бу шен белхан керла мур


Акиев Тимур, Маршо Радио "Эхо Кавказа"

Европан кхело ГIалгIайчуьрчу бахархойн ши арз тIеэцна талла, шен кхолладелла хеттарш хьовсийна Москох, кхо бутт балале кхача деза жоп Страсбурге. Ницкъхоша бахархошна диначу зуламех лаьцна долчу шина а девнна документаш кечдинарш буадамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" центрера" юристаш.

Хийцаделла Iедал ГIалгIайчохь. Амма ца волу керла куьйгалхо карарчу хенан социалан, юкъарчу дахаран, политикан проблемаш кхочушъян хIоттарх – цуьнан белшаш тIе бу буьйшуш шел хьалха даржехь Iийначара листанза битина баланаш.

Оцу могIарара ду, масала, гIалгIайн-хIирийн конфликт иккхинчу шерашкахь а, махкара Iедал тIемалойх летачу муьрехь а доьза байна нах схьалехар.

Жима зуда Елхороева Залина ярца доьзна Европан кхело дахначу кIиранах листинчу девно дагабохкуьйту заманца IаьIна гIайгIанаш. 2010-чу шеран ГIуран-беттан 22-чу дийнахь Къилбаседа ХIирийчуьрчу Пригородан кIоштарчу Черменехь хилла и бохам.

Залинин дас Елхороев Идриса дийцарехь, шен несаца цхьаьна, БуьритIехь такси а лаьцна, цIайоьдуш хилла йоI. Чермен юьрта кхаьчча, Къилбаседа ХIирийчоьнан полицин 105-гIа блок-постна гергахь гIагIадиллинчу еа УАЗ-о а, дети басахь йолчу ВАЗ-2114 машено а некъ хадийна таксин. ТIуьтмIаьжигашкахь чуьра аралилхинчу герзхоша охьабиссийна таксичуьранаш, кехаташка хьийса боьлла. Паспорташ а теллина, шайца дIайигина Залина.

Цул тIаьхьа сахьт даьлча, Пригородан кIоштан Майское юрьтарчу полице а бахана, хиллачун хьокъехь кехат яздина гергарчара. ШолгIачу дийнахь йоьIан дас арздина ГIалгIайчуьрчу прокуратуре а, ницкъаллин а, административан а урхаллашка. Амма ца карийна я Залина а, я иза ядийнарш а.

Хууш дерг цхьаъ ду – Елхороева Залина БуьрийтIе, цигахь изоляторехь латточу шен вешина тIаьхьаяхана йогIуш хилла (тIаьхьо 4 шо хан тоьхна цуьнан вешина, низамехь йоцу тIемалойн тоба кхолларна).

2011-чу шарахь айдина йоI ядорах долу бехктакхаман дов, амма пайда ца беана цо. ГIалгIайчоьнан юкъаралло тахханалц сатуьйсу къайле йовзаре.

2012-гIа шо долалуш гIалгIайн блогерша машанехула дIаяьхьира, "Стенгахь ю Елхороева Залина?" цIе йолу флешмоб. ГIалгIайчоьнан а, Хирийчоьнан а куьйгалхошка Евкуровга а, Мамсуровга а деш дара и хаттар.

Дуьххьара жоп яздинарг Евкуров вара. Цо дагадаийтира йоI Къилбаседа ХIирийчохь лачкъийна хилар, элира, шена а лаьа зуламхой схьакарабайта. Бохура, шегахь болу ницкъ ша арабаьккхина зуламна тIаьхьакхиа. Доьхура интернетхошка "хьашт доцурш" цаяздар.

Мамсуровн жоп Къилбаседа ХIирийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайто даьккхира зорбане. Республикан лаьтта тIехь Елхороева Залинас дина зулам дац, мехкан полицино иза ца лаьцна, иза лохуш дов айдина республикан Талламан комитетан декъо, бохура цо.

Гергарнаш бакъоларъярхойн гIоьнца бехха лелла жамI доцчу талламна леткъаш. Амма ца листина цхьана а кхело. "Стенгахь ю Елхороева Залина?" боху хаттар диллина лаьтта хIинца а. Дов Европан кхеле кхачаре терра, оцу хаттарна жоп дала декхаре ду Оьрсийчоьнан Iедал.

2018-чу шеран Гезгмашин-баттахь дахьийтина арз Европе Елхороев Идриса. Адамийн бакъонашкахула йолчу Конвенцин 2-гIа, 3-гIа, 5-гIа,13-гIа артиклаш талхорна бехкейо Страсбурго Оьрсийчоь. Арз кечдеш гIодина "Мемориал" центран юристо Гандаров Iисас.

Европан кхело шен вердикт кеста арахоьцур ду ала дац, амма яйна йоI лохуш бан кхин некъ бац цкъачунна.

Страсбурге чуделлачу девнех шолгIаниг бакъоларъечу "МАШР" юкъараллехь къахьегначу Цечоев Зурабах ду. 2008-чу шеран Товбеца-беттан 25-чу дийнан Iуьйранна ницкъхоша шен цIера, Обарг-Юьртара (Троицкая), вигира иза. ТIехь гIело йира, кхерамаш тийсира, бохура "МАШР" йита, махкара дIагIо.

Шена еттарх лаьцна цо дуьйцур дац моьттуш, дIахецна иза. Амма Цечоевс ла ца доьгIна. Иза вигарх, цунна еттарх лаьцна дов айдина талламчаша, амма дитина чекхдаккхаза. 2010-чу шарахь Страсбурге арздира Зураба. Деношкахь хаийтина цунна гIуллакх листа тIеэцнийла.

ГIалгIайчохь адамийн бакъонаш талхор ламаст хилла леларе хьажча, вуно кIезиг девнаш кхочу цигарчу бахархошкара Европан кхеле. Ткъа кхаьчча, Страсбурго бехкталла декхарейо Оьрсийчоь, амма дац хуьлуш жамI.

Деношкахь даржах мукъаваьллачу куйгалхочунна, Евкуров Юнус-Бекна, иза олаллехь волуш, бехкбуьллура цо лечкъийна нах лохуьйтуш къа ца хьегарна. ХIинца сатийса дуьсу и болх керлачу куьйгалхочо жигарабаккхаре.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Вайнехан доьзалш кест-кеста нахала бовлу шайн берашна тIехь Iазап латторца. ХIун дан деза иштаниг ца нисдалийта?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG