ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даггара къамел божаршца


Кавказера божарий муха беха? Муьлхачу гIайгIанашца? Стенах самукъадолу церан? Оцу хеттаршна жоьпаш лехира Iилманчаша.

Еа республикехь талламаш дIабаьхьира Бёлл ХIенрихан Фондерчу эксперташа: Дагестанехь, ГIебарта-Балкхаройчохь, Нохчийчохь, ГIалгIайчохь. Регионерчу хьолах, тIехIуьттучу халонех, адаман мехаллех, доьзалийн хьаштех лаьцна хIbттийначу хеттарийн анкета юьзира божарша (800 стаг).

"Даггара дара оха боршачу нахаца дина къамелаш. Тхуна уьш къийлабелла буьсур бу, парггIат бистхир а бац моьттура. Амма тхо бакъ ца хиллера, тхоьца маьршша дира божарша къамелаш, царна тайра тхо шайн дахаран бала кхаьчна хилар. Кавказехь борша нах кура бу, базбелла лела, хала ду церан дегнаш довза, олу – иза ширбелла кхетам бу. Таханлера кавказхой-борша нах кху заманца догIуш адамаш ду, тера бу Европерчу божарех", дуьйцу талламан программин куьйгалхочо Костерина Иринас.

Цо бахарехь, шайга "доьзалшна тоъал напха" ца латтадало аьлла хета Кавказерчу божаршна. Белхаш бацарна леткъа 70%, алапаш лахара ду боху 50%. Хьал гулдалар тоаме дац, синлаамаш, хаарш дахьа меттиг ца карайо шайна боху 25%. Меттигерчу Iедална хьалха гIорасиз бу могIара нах, хьаькамаша эшойо адамийн бакъонаш, аьлла хета дукхаболчарна.

Нохчийчуьрчу божаршна шаьш махкарчу ницкъахойл, хьаькамел гIийла хета, и категореш шайна кхераме ю боху цара. Царех 40% лайна ницкъхошкара харцонаш. Ишта жоп делла нохчийн кегийнахах (30 шо кхачаза болучех) 40%. Оцу тIехь мелла а гIолехьа ду ГIебарта-Балкхаройчохь – цигахь 16% кегийрхоша бен ца боху шаьш харцо лайна ницкъхошкара.

Дахарх шайн сакъадолу, "дерриг а дика хир ду" аьлларш алсамбевлла Дагестанехь. Ткъа Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а сингаттам лаьтта божарийн дегнашкахь, сатуьйсу махкара хьал дикачу агIор дерзаре.

Карара хан хала ю, шайна гIортораш ца тоьа тахана, сатуьйсу дикачу замане, аьлла массо а (4) республикашкарчу 46% божарша.

Беллан Фондан таллам жамIашка баьккхинчу Иванова Екатеринас а, Костеринас а тергалдо республикашкахь жоьпаш кеп-кепара делла хилар. Масала, боршачу нехан могашаллах сагатдо Нохчийчохь 34% жоьпаш деллачара, ткъа Дагестанехь сагатдийриг алкоголизм ю – 32% божарша билгалдаьккхина иза.

Уггаре дукха "молушъерг" Дагестан ю. Божарша шайн могашалла массарел дукха ялхориг Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а ю – 30%, божарийн могашалла гIолехьа ю Дагестанехь – 12% бен ца леткъа цунах лаьцна.

Шайн махкарчу зударийн амалш массарел а кIезиг емалйо гIебартоша а, балкхароша а – 8% божаршна бен ца хета шайн махкара зударий оьздангаллах бухуш лаьтта аьлла. Амма Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а, Дагестанера а 20% божарий реза бац "зударийн хотIанна".

Доьзале кхочу ахча тоъал шен долахь дац, шега и дохкар дуьззина тергал ца дало, аьлла: гIалгIаша - 92%, гIебартоша, балкхароша – 75%, нохчаша - 86%, дагестанхоша – 85%.

Боршачу стеган коьрта декхар " доьзал кхиор ду" аьлла хета дукхаболчу божаршна –ГIалгIайчуьрчу 50%-на тIера Дагестанерчу 74% кхаччалц.

ГIалгIайн а, нохчийн а божаршлахь массарел а дукха бу "шен доьзалан нанна тешаме хила веза стаг, кхечу зударшца гхуллакх дац" аьлларш.

"Къур'ано магорна" а, "зуда бер хуьлуш яцарна" а шиъ я массех зуда ялийнарш бу кавказхойн божаршлахь 7-15%. Шиъ-кхоъ зуда йолу божарий массанхьачул а алссам бу Дагестанехь.

Костерина Иринина хетарехь, Кавказера божарий кхета зудчунна я берашна дас еттар нийса доцийла: "Цара харцо ца лору шаьш "наггахь тухуш" хилар. Зуда муьтIахь ца хилча, масала. Божарех цхьаболучара боху, зудчо аьлларг ца дича, "куьг шашах хьалаайъало тоха". Аьлча а, шаьш зударшна еттар бехке ца лору божарша".

Таллам жамIе берзош, авторша билгалдоккху Кавказерчу борша стагна дуьхьал яккхий экономикан проблемаш лаьтташ хилар а, Iадаташа доьзалх жоп дала иза вуьззина декхаревеш хиларе терра, напха латто цунна хала хилар а. Цуьнгара хьал эшначу тIегIане доккху Iедалан ницкъхоша латточу харцонаша, чIагIдо талламо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG