Нохчийчохь 60 генетикан паспорт делла доьза байначу Нохчийчуьрчу бахархойн гергарчарна. Ала догIу, байначу нехан декъий я дегIан чарх карийнчул тIаьхьа, церан генетикан билгалонашна бух тIехьа генетикан паспорт вовшахтуху. Иштта вовшахтоьхначу паспортийн барам 500-ал совбаьлла. ТIаьхьара генетикан паспорташ делла Зазадоккху-беттан 14-чу дийнахь.Цунах хаамбо kasparov.ru агIоно.