ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СадаIа Iемаш бу нохчий


Нохчийчоь - Къоьзан Iам, уггаре боккха ишал Кавказехь. 15Чил2012
Нохчийчоь - Къоьзан Iам, уггаре боккха ишал Кавказехь. 15Чил2012

Нохчийчохь шо шаре мел долу алсам долуш ду, хIурдан йисте садаIа оьхуш болчу нехан терахь. ХIокху шарахь а дукха а вайнах дагахь бу, цу тайпа садоIуш шайн мукъа денош дIадахьа. Аьтто а, мукъа хан а хилча, иза дан таро ю луучуьнан. Делахь а, дукха а нах бу Нохчийчохь иза а, я важа а доцуш бехаш.

ТIаьххьарчу 40 шарахь, цкъа а ца хилчу тайпа, шийла деана хилла долу Iа чекхадаьлча, гIелделлачу дегIо лоьху малх а, йовхо а. БIаьсте йовха еана, арахь къеггина кхетта малх а болуш.

Цуьнах ца Iебаш, лела адамаш. Ткъа кхин цхьа бутт баьлча, даиман санна махкахь тов дIахоьттича, дегIо кIел дагIа IиндагI а, цо луш йолу шело а лохур ю. Жимма хан яьлча, садаIа махкал арабовлуш дукха нохчий хир бу.

Дукхаберш гена гIур бац. Цара хоржур бу луллерачу Дагестанера Таркхойн хIорд. Тоьллачех садаIар дезаш болчара 700-800 чакхарма гена некъ бо. Iаьржа хIордан йисте юлблху уьш. Арахь хIинца а лийча мегар долуш йовхо дIа ца хоьттинехь а, хIинцале дукха автобусаш а ю тIехь хIордан тIе буьгу шаьш, бохуш, йоза а долуш лаьтташ.

Муха кхетадо нохчаша садаIаран маьIна, аьлла, хаттар делира аса Ислам цIе йолчу Соьлж-гIаларчу вахархочуьнга. Цо иза дузу дукхачухьолахь, махкахь нехан самукъа долучу цхьанакхетаршца. Амма ша садаIа дозанал ара волу иза.

Ислам: СадаIа бохург, Нохчийчохь кхечанахь санна, цхьа терра догIуш а хуьлу, ца догIуш а хуьлу. Вайн къоман оьздангаллийца догIуш дерг бен дац вай. Вина де даздеш а хуьлу, зуда ялийначохь садоIуш а хуьлу. ТIакха вайн къоман, деза де даздеш а хуьлу садаIар.

Нагахь санна шен аьтто балахь, я доьзал оьций, я накъосташца а хIордан тIе боьлху. Кхечу пачхьалкхе а боьлху садаIа. Сай аьтто болуш балахь, цига воьду со. Аьтто бацахь хин йисте воьду, чIара лаца. Иштта хуьлу-кх сан садаIар.

Билал цIе йолу гIеметта хоьттина волу стаг хIордан тIехь цкъа а хилла вац. Цундела, башха цо сагат деш дац оцу хIоманна. СадаIаран меттана болх беш ву ша, ша вуйла хиинчхьана дуьйна боху цо.

Билал: ХIоррда-м суна цкъа а гина а бац. Азов олуш болу хIорд бу бохург гина суна. ТIаьххьарчу 20 шарахь суна садаIар гина а дац. Веддий-хьаьддий лелар, сом ца даькхича, иза хира доцуш, и бахьана ду, со садаIа ца лелар. ХIорда-м буьйцийла а дац, эцца охьдоьдуш долу хи чохь чIара лоцуш Iа а йиш яц сан.

Зайнап цIе йолу зуда, дуккхазза а хилла хIордан йистехь шен доьзалца. Цундела, цо, говзанчо санна, дуьйцу дуьрчу хино а, гIамаро а, могшаллана бечу пайданах лаьцна.

Зайнап: Цхьа 5-6 шо хьалха бен нохчий эха буьйлабелла ма баций хIордан йисте. ХIинца кхетта цуьнах болуш болчу пайдех. ГIум а, дуьра хи а, малх а мел пайденна ду хIинца хаа нахана. Вайна уллера Таркхойн хIорд а дика бу олу, Iаьржа хIорд а дика а, цIена а бу олуш ду. Берашца а яхана со цига.

Цаьрца хала далахь а, церан могашаллана дика ду иза. Кегий долчу хенахь, тхо ца ихна хIордан тIе. ХIинца хийцаделла и хIума. Марсхошца а, кхиношца а боьлху хIинца. ХIара дуьне цкъа бен дууш а ма дац вай.

Бизнесхо волчу Абуна ца хета, нохчашна садаIа хаа, аьлла. Дукхачухьолахь, иза царах доьзна доцуш долу бахьанаш ду элира цо.

Абу: Массара а еш цхьа забар ю-кх: велча садоIура ду бохуш. Нохчашна садаIа хууш а ма дац. Хууш берш, аьтто хилча, гена кхечу пачхьалкхашка дIабоьлху садаIа. ЦIахь садаIа меттиг янне а яц.

Нохчийчохь Черноречье олучу меттехь цхьа Iам бара берашна хи чу кхета, амма иза а хIинца дIа а баькхкина шозлогIа шо доладелла цхьаъ до шаьш, аьлла. Совета Iедал долчу хенахь Серноводскехь яра курорт. Цига дукха нах боьлхура. ХIинца иза а йоцуш ю.Тойина бохуш ду, амма, хилчулла бIе дакъа а ца тадина цигахь.

СадаIарах чам кхетча, цхьаберш, цуьнах болх а бой, лелаш а меттигаш а хуьлу. Соьлжа юьртахь корта узуш йолу цхьа зуда йолчу хIокху деношкахь веана хилла цхьа жима стаг, йоьжна йолу шен яьIне меттахIоттаяйта.

Вокха а веш, дийцира цо, рагIехь лаьттачаьрга ша Турци садаIа а вахана, цигахь бассейн чу дукха кхиссавелла, боьжна шена корта, бохуш. Цхьана шина дийнахь корта метта а балийна, цига юха ваха дагахь ву ша, бохура, цо, ладугIуш мел верг шех вела а веш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG