ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремлан агенташа шайн тидамехь латтабо Малхбузера нохчий


Архивера сурт.
Архивера сурт.

ДIадаханчу кIиранах дара иза. Украинера журналисташа баханера Лондоне Закаев Ахьмадца интервью ян. Солсбера гIалахь Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна а дIаьвшан тIелатар динчу тIаьхьа и тема юха а хьалхарчу агIонашка яьлла дуьненерчу прессехь. Цуьнца доьзна дара украинера телевизионан тоба Британе яхар а.

Закаев реза хилира шайца къамел дан Лондонерчу Пикадилли урамехь йолчу цхьана кафехь бохуш, дуьйцу журналисто Цаплиенко Андрейс: "Тхо интервью дIаязйеш дара Ахьмадца, оха хаьржинарг яра цхьа жима кафе. Адамаш кIезиг дара цигахь. Дика меттиг яра иза парггIат къамел дан. ЦIеххьана кафе чувеара цхьа жима стаг. Иза вара, эр вай, Генарчу Малхбаречу баахархойх - иза хила тарлора китайхо, японхо я бурят. Иза тхуна юххе охьахиира. Мобилан телефонах тера гIирс кечбира цо, амма цу телефонан ши микрофон яра. Уьш Ахьмадана тIеерзийна яра.

Цкъа дуьххьара ша селфи йоккхуш волуш санна сурт хIоттийра цо. Соьца тхан видеооператор а, Украинин векалаллан белхахо Егорова Инна а яра. Иннин бIаьрг кхийтира цу жимачу стеган телефонан экранна тIехь озан индикаци хиларх. И индикаци цхьаьнайогIуш хиллера оха къамел деш тхан камерина тIехь йолчу индикацица. Тхо кхийтира иза тхан аз дIаяздеш хиларх".

Журналистана накъосталла деш хиллачу Егоровас дехар дина цу стаге ца оьшу шаьш дуьйцург дIаяздан аьлла. Дуьйцу Цаплиенкос: " Цо вуно эсала дехар дира цуьнга, интервью дIа ма язъяхьара аьлла. ТIаккха, сихха хьала а иккхина, сихонца цу чура ведира иза".

МогIарера турист хиллехь иштта лелар хир дацара цу стаган аьлла тешна ву Цаплиенко: "Нагахь со цхьа хIума хазделла стаг хиллехь Оьрсийчуьра веана, Кремло шен мостагI лоруш волу Закаев нохчий лидер хилар хууш, телефонца видео яккхар гIоле хин дара суна, я сурт даккхар, къайлаха иза дина а. Амма аз дIаяздар тамашийна хIума хета".

Малхбузерчу пачхьалкхашкахь бехаш дукха а вайнах бу, тIаьхьарчу 20 сов шарахь цигахь баха хевшина. Царах дукхах берш бац дIоггара цIахь кхерам болуш арабевлла. Амма цхьа дакъа ду царах тIемашкахь дакъалацна а, таханлерчу Оьрсийчуьрчу Iедалша шайн мостагI лоручу Нохчийчуьрчу Iедалехь болх бина а.

Церах цхьаболчаьрга хаьттира оха, шуна хетий шайна тIаьхьабевлла Оьрсийчоьнан кхерамазаллин сервисийн агенташ бу аьлла?

Адвокат Садаханов Заурбек дукха хан йоцуш дIавахана Оьрсийчуьра. Шена хаьа Малхбузехь бехачу политикан жигархошна тIаьхьахоьжуш Оьрсийчоьнан агенташ хилар, бохуш дуьйцу цо: "Оьрсийчуьра Iедал тIаьхьахьоьжуш ду аьлла хета суна, къаьсттина политикан оппоненташна тIаьхьа. Цу нахана леррина луш ахча а ду и болх бан. Муьлххачу а пачхьалкхехь и тайпа нах цера болуш бу. Сайх лаьцна аьлча, цкъачунна сайна тIаьхьабевлла лелаш нах хаабелла бац суна".

Арсаев Адам Ичкерин Iедал долуш ницкъаллийн структурашкахь болх бина ву. Нохчий Оьрсийчуьрчу къайлахчу сервисийн Iуналлехь буй хаьа шена, бохуш дуьйцу цо: "Церан леррина сервисаш вайна тIехь болх беш ю. Кху Европехь массо а Iуьргахь хир бу уьш. Арадевлла вай чIогIа кхераме ду царна, вайн маршо вай йиц ца ярна".

Делахь а шена тIаьхьаваьлла лелаш стаг ца хаавелла шена боху Арсаевс: "Бакъдерг дийца деза, суна, цхьа хьул а ца деш, тхо хIорш ду, вуьйсуш ду аьлла, лелийна хIума дац кхузахь. Суна сайна а хета сайна (Оьрсийчоьнан Iедал) тIаьхьадаьлла ду аьлла. Делахь, хIара стаг ву-кх (суна тIаьхьаваьлла) аьлла меттиг яц, хIунда аьлча, лерринчу сервисаша шаьш тIаьхьаевлла лелар адаманна хаа а хоуьтйуш деш яц, и нах гуш ца хуьлу".

Исханов Хьусайн шина тIамах чекхваьлла ву. Нохчийчоьнан президентан Масхадов Асланан гIоьнча а, цул тIаьхьа парламентан депутат а хилла ву иза.

Цу хаттарехь шена зеделлачух лаьцна иштта дуьйцу цо: "Австрехь ву со Iаш. Кхузехь дIасадовлар хьулу тхан. Мелла а зеделларг долуш хиларе терра, шина тIамо делла долу, цхьацца хIуманаш довзийтина. Ларлуш хила везаш зама ю хIара. Англехь хилларг вайна гуш ду. Иштта кхузахь, Венехь, юххе бахка а, контакте бовла а гIерташ меттигаш хилла. Шайца цхьа ловза буьйлуш ца хилча тIегIерташ ца хуьлу уьш.

Вайн менталитет дика евза гIазакхашна. Кзухаь цхьаболчу нехан уьйтIа баьхкина уьш, цхьацца вогIуш ша турист ву, хIара-важа гойтур дацара ахь бохуш дехаршца. Цул тIаьхьа, къамеле а ваьлла, цхьацца хIума хоьттуш хьал нисделла. Сайх лаьцна аьлча, эцца митингехь иштта юххе гIерташ цхьаъ-шиъ схьа а лаьцна оха цигахь. Човха а вина, дIа а вахийтина. Ишттаниг хуьлу. Юххе бахка гIерташ хуьлу. Иза долуш ду кхузахь".

Мухха делахь а, махкал арахьа беха нохчий ларбала беза аьлла, хета Исхановна: "ХIинца а и тIом дIабаьлла а бац. Вайн нах байар а, нохчашна тIехь йина геноцид а вай дIаюьйцуш хилча, иза царна новкъа ду. Кхеташ хIума ду иза. Кхузахь, аренца, Европа хIара ялахь а, Iалаш вар доцуш ду. Хьо ларвеш юххеваьлла лелаш стаг ца хилча ларвалар ца хуьлу иза. Дийнахь-бусий массо а меттигашкахула волавелла лелаш хилча, хIуъа а хила тарло. Цундела чIогIа сема хила дезаш ду-кх вай".

Закаев Ахьмад Лондонехь веха лаххара а 15 шо хир ду. Меттигерчу Iедалша ларвеш, цхьа шеко йолуш хIума хилча иза варе веш меттигаш яьхкина цу хена чохь.

Мелла а кIадвелла аьлла-м ца хийтира хьуна Закаев, цуьнан сема хилар артделла аьлла хетий хьуна, къаьсттина Британехь Оьрсийчоьнан дIаьвшаца Кремлан мостагIий бойуш хилар тидаме эца, аьлла шега хаьттича, Украинерчу журналисто Цаплиенко Андрейс элира, ша хIуттур вац цуьнан мах хадо аьлла:

Амма шен къамел дерзош ша бинчу тидамах лаьцна элира Цаплиенкос: "Суна хала ду ала, кхерам хилар хаадалар цуьнан дисина я арделла, хIунда аьлча Ахьмад собаре стаг ву, цуьнца цхьаьна майра стаг а ву. Ас кафехь кофе яийтира тхайна. Цунна хьалха а кофе хIоттийра оха. Амма Ахьмад цуьнах Iотта а ца велира. Цо хи мелира, шен накъосто шега кховдийна долу. Сан кхетамехь, ларвалар а, кхерам хиларх кхетар а цуьнца долуш ду".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG