ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чехехь набахтехь ша латторна суьде ваьлла Австрера нохчо


Даханчу Iай Чехехь лаьцна ши бутт набахтехь баьккхинчу Венин вахархочо кхелехула юхаметтахIиттор ю шен Брно гIаларчу Iедалша хьаьшна бакъонаш.

Даханчу Iай Чехехь лаьцн ши бутт набахтехь баккхийтинчу Венин вахархочо хIинца кхелехула юхаметтахIоттор ю шен Брно гIаларчу Iедалша хьаьшна бакъонаш.

Хьалхо Маршо Радионо дийцина ма хиллара, шен гIулкхана луларчу Чехе ваха новкъаваьллачохь лаьцнера дуккхаъ шерашкахь Австрехь вехаш волу Мукушев Руслан.

Ша альпийн махкахь йоккхучу хенахь цкъа а цхьанна а кепара низам дохийна Iедалца Iотта-баккхам ца хуьлуш схьавеана а волу и доьзалан да могIарера контрол ян цуьнан машен сацийначу чехахойн полисхоша бехке винера, Оьрсийчоьно дуьненаюкъарчу лехамашка велла хиларна. Цундела цунах дерг шаьш оьрсийн агIонца къастийна даллалц цара иза кхин дIа ца хоьцуш, шайца а дIа а вигина, набахте воьллинера.

ХIетахь Маршо радионо бинчу талламашца, Мукушев лаца цхьа а бух болуш бахьана дацара Чехин полисхойн, цуьнан Австрин Iедалша схьаделла долу паспортан хан чекх а яьлла, иза юхадаккха чуделла хиларна цу стеган карахь и паспорт ца хилар бен.

Ткъа иза а лаца бахьана дацара, хIунда аьлча Мукушевгахь Iедалера кехат дара, цуьнан паспорт юхадоккхуш хиларна тоьшалла деш а, цунна паспортана метта идентицикаци еш а долу.

Ткъа нагахь санна оьрсийн къайлахчу сервисаша иза лохуш велахь, уггаре а хьалха Австрин Iедало къастон дезаш дара цу стагана бехкедуьллург бакъ ду я харц ду. Делахь а, цкъа хьалха 40 денна-бусий аьлла лаьцна волчу Руслане ши бутт хан яккхийтира Брно гIалин набахтехь, хIинций-хIинций ша оьрсийн Iедалшна дIаваларан кхерамехь. Мукушев Руслана дуьйцу хIетахь шена тIеIоттаделлачух лаьцна.

Мукушев Руслан: „Со оьрсийн лахаршкахь ву бохура цара соьга. Ас боху, со-м вац цхьанна лахаршкахь, суна хезна хIума-м дац иза, Европехула маьрша лелаш ма ву со. ХIан-хIа, хьо дIавахийта йиш яц аьлла, куьйгаш буржалш тоьхна дIавигира цара со.

Юха кхелехь соьга бохура цара, Чехиний, Оьрсийчоьнний юккъехь цхьа лерина барт бу, стаг дIавала бакъо луш болу. 40 де хан яккхийта бакъо ю шайн элира набахтехь. Амма цу 40 денна кхин а 40 де тIекхийтира. Иза дерриге а цхьа психологикан тIеIаткъам бан гIертар дар-кх, со шайга кагло я ца кагло хьовсархьама“.

ХIетахь Мукушев Русланехь гIодаккха а, иза Чехин Iедалшка Оьрсийчоьнна дIа ца валийта а арабевлла дуккхаъ юкъараллин жигархой а, адамийн бакъонашларъярхой а бара, Австрехь а, Чехехь а. Маршо радионо лецира цу жигараллехь дакъа, Чехерчу Австрин консулца зIе а латтош.

Ша Руслан тешна ву, юкъаралло ша бахьана долуш иштта йоккха гIовгIа яьккхина ца хиллехь, Чехин Iедало шена Оьрсийчу депортаци йина хила а сахьт дацара, аьлла.

Мукушев Руслан: „Суна белшашгIортош нах дукха бар арахь, журналисташ а, адамийн бакъонашларъярхой а, жигархой. Иштта дукха нах орцах а бевлла, сан гIуллакх айдина хиларо тIеIаткъам бинера царна, иза цаьрга ла ца делира тIаккха“.

Шина баттахь хьашт доцуш Чехерчу Iедалша набахтехь хан яккхийтина волу Венин вахархо Мукушев Руслан и хIума дижийта дагахь вац. Шен хьаьшна йолу бакъонаш юхаметахIотторхьама иза Брно гIаларчу Iедалшна кхеле латкъам бан дагахь ву.

Карарчу хенахь цуьнан Чехера адвокат а, цунна белшашгIортош хилла болу юкъараллин жигархой а кхеле арз кечдеш бу, Русланна дуьхьал йина харцо цIаерзорхьама.

Мукушев Руслан: „Со зазадоккху беттан 29-чохь маьрша ваьккхира. ХIинца со Чехехь суна гIо деш хиллачу адамийн бакъонашларъярхойн цхьаьнакхетараллица болх беш йолчу зудчуьнца оха цхьадолу латкъаман кехаташ хIинцале а кхеле делла. ТIеоьшурш кхин кечдан дезаш а ду тхо“.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG