ТIекхочийла долу линкаш

Нохчашна юкъахь наггахь а бен стаг хир вац вайл чIогIа леташ нах хир бу бохучух тешаш. Цуьнан бахьана ду Нохчийчуьра спортхой тIаьхьарчу хенахь массанхьа а хьехош хилар.

Интернетехь дуккха а видеош ю уьш тоьлуш гойтуш яхна йолу. Оьрсийчуьра, Къилбаседа Кавказера, Нохчийчуьра, Дагестанера ММА-н латархой багарбеш, царах лаьцна дуьйцуш дуккха хьасташ ду интернетехь.

Цара хьехочу спортхошна юкъахь ву, масала, Тухугов Зубайра, Халиев Адам, Эдилов Iабдулкерим, Тайсумов Майрбек. Уьш бу UFC дIаэцна вайнах.

Иза бакъду, буй-тIарий дан, охьатохарх лата, мийра тоьхна дуьхьалонча эшор ву аьлла шех бIобулуш волчун, иза дан аьтто болу тоьлла меттиг ю UFC (Ultimate Fighting Championship), вуьшта аьлча, латархошна а юкъахь латархойн чемпионат.

UFC ю карарчу хенахь дуьнентIехь уггаре коьрта а, ницкъ болу а вовшахтохаралла.

Ткъа ММА хIун ю? Иза дера ю (Mixed Martial Arts) "Ийна ТIеман Исбаьхьалла" цIе йолу латархойн спорт. Вуьштта аьлча, юха а ца узуш, буй а, мийра а тухуш, тасавелла охьатоха а хьожуш ерриг а говзалла гойтуш дуьхьалонча эшо гIортар.

Кхин цхьа хIума ду. UFC Iамеркан юкъаралла ю спортхошна латарш вовшахтухуш йолу. Цигахь шайн хьуьнарш гойтуш хуьлу тоьлла латархой.

UFC сайто MMA-н ​рейтинг хIоттайо хIора баттахь. Цу юкъахь дуккха а нохчий карор бу олий сурт кхоллало вайн ойланца.

Ткъа буй царна юкъахь нохчий? Ерриг 8 категори теллича цхьа спортхо караво ММА-н рейтингана юкъахь. Иза ву уггаре яйн (56.7 киланал лахара йозалла йолчу (Flyweight 125-pound limit) категорехь леташ волу Бибулатов Мохьмад.

Цу категорехь тоьллачу спортхошна юкъахь иза тахана 15-чу меттехь ву. Бибулатовн гайтамаш битаме бу. 14-за летта иза. 14-ззе а толам а баьккхина цо. Цкъа ца эшна 28 шо долу Бибулатов.

Цу кепара, ТIехьа-МартантIехь 1988-чу шарахь вина Францин чемпион а, цхьацца латаран кепашкахула масийттоза дуьнен а, Европан а чемпион Бибулатов ву нохчех уггаре а лакхара гайтам болу UFC ММА-н латархо.

Цхьана хенахь Парижерчу «Гладиатор» клубан декъашхо хилла Бибулатов карарчу хенахь «Ахмат» клубехь ву, тиллина цIе "Чаборз" а йолуш. Францехь вехаш тренерша цунах олуш хилла "Гладиатор".

UFC-хь Бибулатовн рогIера тасадалар хир ду ГIадужу-бетан 7-чу дийнахь Iамеркерчу Невада штатерчу Лас-Вегасехь (Nevada, Las Vegas, T-Mobile Arena) Мексикан а, Iамеркан а латархочуьнца 33-гIа шо долчу Морага Джонца (John Moraga).

UFC-н уггаре а яйн категорерчу спортхойн рейтингехь 8-гIа меттиг дIалоцуш вара иза хIара шо долалуш.

Къиласеда Кавказера схьаваьлла кхин а ши спортхо ву UFC ММА-н рейтингана юкъахь. 70,3 кила йозаллал лахарчу яйн категорехь леташ волу рейтингехь 1-ра меттиг дIалоцуш волу Нурмагомедов Хьабиб а, уггаре езачул лахарчу категорехь рейтинган 15-чу меттигехь волу Антигулов Гаджимурад а (93 кила).

70,3 кила йозаллал лахарчу яйн категорехь UFC MMA-н чемпион ву шен леларца вуно гIарваьлла волу Ирландера латархо МакГрегор Конор.

Товбеца-баттахь МакГрегора дIахьедар дира, Оьрсийчохь Нурмагомедовца тасавала лууш ву ша аьлла.

Амма алар цхьаъ ду, дар кхин ду. Массо а кхеташ ву UFC-но вовшахтуху цу тайпа латарш уггаре хьалха бизнес хиларх. Цундела хууш дац МакГрегор а, Нурмагомедов а билггала маца летар ву.

XS
SM
MD
LG