ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Терекан» керла цIе марзъян гIерта Нохчийчуьра Iедалхой


Массо тIегIан хьаькамаш декхарийла бина федералан маьIна долчу некъашца а, адам дукха лестачу меттигашкахь а даккхийчу элпашца яздина «Ахмат-ницкъ» тIехь долу транспоранташ хьалаохка.

Кеста дIаболалуш бу Оьрсийчоьнан футболан чемпионатан керла мур. Цуьнца доьзна, хIинца а дуьйна, хьасартне кечамаш бу Нохчийчохь дIахьуш. Массо тIегIан хьаькамаш декхарийла бина федералан маьIна долчу некъашца а, адам дукха лестачу меттигашкахь а даккхийчу элпашца яздина «Ахмат-ницкъ» язораш тIехь долу коьчаллаш-транспоранташ хьалаохка. Новр кIоштан цхьана юьртахь тергалделла хIара сурт.

Жима ши стаг ву бахархойн дог-ойла айархьама,керла цIе тиллинчу «Ахмат» буьрканан тобанна махкахой орцахбовлийта «Ахмат-ницкъ» йоза тIехь долу кIади вогIу-воьдучунна гучче хьалауллуш.

- И стенна тухуш ю пенах? ХIун хир долуш ду?

ХIайттархо: «Хьалхара матч хила езаш ю «Ахмат» командин юха тIедогIучу кIирандийнахь. ХIорш дIаухкуш болх бе аьлла арадаьхна ду-кх тхо.»

Долчу хьолах ма-дарра аьлча, «Терек» цIе дIа а яьккхина кхин цIе тиллар къобалдийраш дукха бац.

Нахана цхьа челакха, кIорге йоцуш дина хIума хета, шен истори а,ламасташ а долуш, геннара дуьйна схьаеъначу тобанан цIе хийцар. И цIе хийцарца доьзна Iедалан балхахь болчу бахархошна беш болу тIеIаткъам марсабер бу, кхин хир долуш кIадда а дац боху могIарерчу наха.

Хьалхара вахархо: «Безнаш игрокаш бу боху оьцуш. Уьш эцнера аьлла хIумма а хийцалур ду ала-м ца хаьа».

ШолагIа вахархо: «ЦIаро хIун нисдийр ду. Iовдал хIумнаш стенна леладо а хаац. Толур долуш хIума делара. Дан ма дац!».

КхоалгIа вахархо: «И цIе а хийцина,стадион юзаеза бохуш нах хьийзо бохку. Хьалха ишколашкара а,дарбанан цIийнашкара а. Кхечу урхаллашкара а итт-итт стаг вуьгура футболе, ткъа хIинца кхин а дукха буьгур бу. Стадион юьззина адам хила деза боху…»

«Терек» тобанна «Ахмат» цIе тилларо, Оьрсийчоьнан чемпионат йолаяла герга мел кхочу а,ажиотаж бохучу маьIнехь,хабарш а, хетарш а дебош, йоккха гIовгIа гIаттийна футболан «лазар» долчу махкахошлахь.

Хьалха «Терек» «гIикъ» ала а ца юьтуш эшийча, «Терек» кхоьссина, батт дурйина яийти, я «Терекна» цхьа тIам а лаьцна мийра биттина олура,ткъа хIинца хIун ала деза?

Цу могIарера хаттар,мух-мухха а доцуш,чолхечех цхьаъ ду футбол езархойн гонехь. Цундела дукхахболчийн сакIамделла керла йолалучу чемпионатехь «Ахмат» тобано дендерг хаа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG