ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БIеннаш кегийрхой лецна Нохчийчохь



Кху карахь болчу беттан 20-21 –чу деношкахь, бIеннашкахь аьлча а тIех хир доцуш, кегийрхой сецийна махкахь. Девзиг хьаькхча санна, ницкъаллин структураша кегий нах дIагулбарх хьалха ца йитина цхьа гIала а, я кIошт а.

Адамаш лецаран бахьанаш ма-дарра хууш дац. Дукха хьолехь низамхоша гергарчаьрга баьхнарг цхьаъ ду, "зен-зуламна дигна дац бераш дIа, вочух лардан, кхетош-кхио (профлактикана) дигна."

МогIарерчу бахархойн доьзалхой мел диканна бигнехь а, белхар хьалха даьллий бен дош а ца алалуш, цу хиламо вуно чIогIа садиъна дай-нанойн а, гергарчийн а. Меллаша, цхьа шабар-шибар дечух тера, аз лахдиний бен цу хьокъехь дийца хIуьттуш бац нах шайлахь. Ницкъаллин структураша бечу тIеIаткъамца доьзна, оццул кхерамехь хан токхуш бу кхузахь махкахой.

Билггал хаа а хууш, аренца Iохкучу Новр ,Теркйист, Шелковск кIошташкара сецийна, мажош лелон кегийрхой цхьана-шина дийнахь мукъабаьхна. Гергарчара чIагIдарехь, царна ницкъ бина бац, барта лебар доцург. Бакъду ши кIира дузуш долу ломанца йолчу кIошташкара кегийрхой дIа а бигна чохь бахкош болу. Хуучара дийцарехь къаьсттина дукха бу царлахь Ножай-юьрта кIоштернаш. Бена а, Бена –Веданан а ярташкарчу бахархоша бакъ ца дира лецначарна юкъахь бено тайпана кегийрхой бац бохург, уьш лоьцуш цхьаболчаьрга озабезамаш бина бохург.

Делахь а, дукхахболчарна хууш дац шайн бераш стенна, мича бехкенна дигна а, уьш маьрша маца дохур ду а. Нахана хьаам бийриг ду уьш дийна буй хаар. Лецначу кегийрхошкарчу хьолах шена хуург зIенехула дуьйцуш ву Ножай юьрта кIоштера вахархо, тутмакх вина латточу цхьана кIентан деваша.

МогIарерчу нехан къамелашкахь хьаам бийриг дара, лецна кхобучу кIентийн гергарнаш шайн доьзалхой могуш-маьрша, гIело ца яллош юхаберзор бу аьлла чIогIа тешна хилар.

ДIабигна латточаьрца а, церан цIерачаьрца а дозаделла кхин хIума а ду тергамза дита амал доцуш – рогIера бераш лецаро дуккха а дай-наной сацаме балийна, дагахь а доцуш эккха тарлучу бохамах ларбан, шайн-шайн кIентий Iан а, баха а кхечу пачхьалкхе дIабахийтарехь сихо ян еза аьлла.

XS
SM
MD
LG