Оьрсийчохь уггар дукха, хьагI-гамо йоцуш бертахь бен-бен къаьмнаш дехачех ю Къилбаеда Кавказ. Кегийчу а, даккхийчу а къаьмнашна юкъара барт-марзо, уьйраш чIагIьярехь, кхузахь тахана жигара къахьоьгуш Iедалан хьукхмат –урхаллаш ю ала хала ду. Мелхо а кIезиг масалш дац, цхьана кепара Iедалх бозабелла а боцчу наха, къаьмнашна юкъара цакхетар, хьагI-гамо дIаяккха,уьш вовшашна герга кхачо, уьш вовшех дашаран, кхетаран тIегIан лакхадаккха гIулчаш яьхна а, йоху а.
Цу декъехь, дестийна ала а доцуш, кIадо йоцуш, шовкъе къахьоьгуш, тайп-тайпанчу къаьмнийн уьйр-юькъаметтигаш шорьеш, барт-марзо дебош, схьайогIу «Кунаки» цIе йолу доттагIаллин клуб. ХIирийн мехкан Мазалк гIалахь и кхоьллинарг ву Теркйист кIоштера бизнесмен Успанов Юни. Цкъа хьалха и цIе а йолуш цо кхоьллина музей –кафе. Иттех къаьмнийн гIиллакх-Iадаташна, синлехамашна жоп луш, цу чохь кечйина ю иттех чоь-хIусам.
Массо кепара мерза кхачанаш кечбарал сов Iаламат боккха пайдаэца йиш ю цу кхерчах музейх санна. Стенна аьлчи дукха меттигаш хир яц «Кунаки» чохь санна къаьмнийн мацах цкъа дIаяхна шира хан карлайоккхуш. Хьалхарниг иза а йолуш Успанов Юнис «Кунаки» музей-ресторан схьайиллина Соьлжа-гIалахь а. ГIебартойн –Балкхарийн коьртачу шахьрахь а ю югIуш ишта гIишло.
Цхьа могIа Iилманчаша а, яздархоша а коьртачех коьрта лорург ду «Кунаки» бух тIехь, къаьмнаш юкъара доттагIаллин уьйраш чIагIьярна, карлаяхарна тIехьажийна керла болам кхоллар. Ала дашна Успанов Юни хьалханча-хIайттархо а волуш, Къилбаседа Кавказехь дехачу массо къаьмнийн бохург санна векалш а болуш, 13-за цхьаьнакхетар дIадехьна Соьлжа гIалахь «Кунаки» музей-ресторанехь, цу боламан декъашхоша.
ДIадехьна, интернет машанах Фейсбук олучу социалан сайтехула лаам мел берг дIа а воьхуш, лаххаре а бIе, цхьа бIе сов хьешашна, Успанов Юнис шен чоьтах даа-мала а хIиттош. Цу тайпа гулам цхьаьнакхетаршкахь вонна а, диканна а хьехош яц политика а, Iедалдай а. Вовшийн бала а кхочуш цигахь дийриг цхьаъ ду- юххера довзар, марзо эцар, вовшех цакхетаран а, херонан а зил-дозанаш эша а деш, дегнашна тIе керла безаман, йовхонан тIеш тахкар.
Цу хьокъехь,Соьлжа-гIала ша теш волуш,тIаьххьара дIадехьначу цхьаьнакхетарх дуьйцуш ву байтанча, нохчийн меттан говзанча Яралиев Юсуп. Ала дашна цигахь дукха бара, мила ву а хууш, Юсуп юьхь тIера цавевзарш, амма банне а бацара цуьнан иллеш хазаза а, царех марзо эцанза берш-м.
Масала: "Даймахкахь каш доцуш, дайх ала дош доцуш, дала ма лайла вайн, кIентий, дала ма лайла вайн, кIентий». Шена хиллачу беркатечу тIеIаткъамех дуьйцуш ву Яралиев Юсуп.
Юсуп: «Деллахь хIара чIогIа дика гIуллакх ду. Кху тайпанчу цхьаьнакхетарша адамаш вовшашна герга далош, зIенаш туьйсуш, марзо деньеш, къобальеш. Къоман са меттахь латтар ду-кх хIара цхьана агIор, кIадделла синош метта далош. Вай, Дала мукъалахь, сийсаздолу хIуманаш лелош а дац, вовши йн хьал-де хууш, кийрара йовхо дIасалуш гулделла ду-кх вай. Вайн Кавказехь долу къаьмнаш вовшашна юххе дуьгу,вовшех кхето некъ бу-кх хIара».
Тхойшиннан къамелана юкъа а воьлла, «Кунаки» цIе йолчу доттагIаллин клубо беш болчу гуламех, къаьмнаш вовшийн кхин а дика, кхин а шуьйра довзарехь кхин а боккха, шуьйра пайдаэца тарлуш дара,аьлла вистхилира байтанча –гочдархо Хатаев Хьусайн а.
Хьусайн: «Iедало орца а даьккхина, ишта адамаш цхьаьнакхетар дIахьуш хилча, и вовшахъкхетар цхьа дегайовхо йоцуш, кеп хуьлу. ХIара тайпа цхьаьнакхетар мехала ду .амма кхунна а оьшу керла некъ…Цхьана кепара кечамаш бан беза.
Деккъа къамелех а, хелхарех а доьзна хила ца деза. Со схьа тIевеъний суьлий болчу. масала, цара шаьш суна дойзийта деза, яхье а буьйлуш. Шайн дика мел дерг гайта деза. Шайн ву бохург байтанча а валавойла цара, илланча валавойла цара. Шаьш схьагайта деза. Уьш вайна тIе баьхканий, вай вай дIагайта деза, гIиллакх а, оьздангалла а, лакхе а,дика мел дерг…»
Юсуп: "Мазалкера гIалгIазкхин кIант, цу тIе даун цамгарца хилла а волуш, мА доккха хIума ду иза оццул хаза хелха вийлар. Нохчийн ву моьттур ду-кх иза хьал ца хуучунна. ЙоI хелха яла а юьтуш, паргIат,йоI яккха а хууш..»
Сан къамел хилла яздархой а, могIарера бахархой а тешна бу тахана, кху кегаелла еъначу за... Сан къамел хилла яздархой а, могIарера бахархой а тешна бу тахана, кху кегаелла еъначу заманахь, ишта гулам цхьаьнакхетарш дIадахьар вуно маьIне ду аьлла.