ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс дIахьедар динчул тIаьхьа, «Газпромо» ца хьехадо кавказхойн декхарш


«Газпромо» ша арахецначу рогIерчу пресс-релизехь ца хьахийна хIинццалц дуьйцуш хилла кавказхойн газах IаьIна декхарш. Кадыров Рамзана рогIехь дIахьедар дича «дайна» уьш.

Иштта, стохка арахецначу пресс-релизо боху, «Оьрсийчоьнан бахархошкарчу декхаршлахь 80 процент кавкахоша охьадиллаза дуьсу ахча ду (48,6 млрд сом).

Бахначу баттахь Кадыровс элира, «Газпроман» а, энергетикан а компанеша Нохчийчохь бен болх эвсара бац, церан «яккхий проблемаш хир ю», нагахь санна бахархой кхелашка бовлахь.

«Шайга болх ларттIа ца балахь, дIаэцийша и шайн серло а, газ а» - бохура Кадыровс.

Кавказ.Реалино хьалхо яздина ма-хиллара, Кадыровн къамел хиллачул тIаьхьа «Россетин» урхалло 2017-чу шарна совдаьккхира махкахь ремонташ ян арахоьцу ахча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG