ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цхьа а пайда ца бохьу Нохчийчуьрчу низамхоша"


Садовская Алена

Дешнашкахь бен стенна яц Соьлж-ГIала "уггаре маьрша гIала"?

Нохчийчохь 18-гIа юхатоллуш ду Соьлж-ГIаларчу полицина дуьхьал Амриев Мурада чуделла арз. Стохка аьхка ницкъхоша ах-Оьрсийчоь а яьккхина, тIаьхьа машен хихкича, хорцоно йина хьу кийрахь а йоллуш, дIавахара махкара и спортхо. Ткъа нийсо яц хуьлуш янне а.

2013-чу шеран аьхка Соьлжа-ГIалин юккъехь Iаьржачу "Приорано" некъ хадийра Амриевн машенан. Араиккхинчу кхаамма, лаьцна, шайн машен чу а кхоьссина, вигира иза полице. Мурада дийцарехь, куьйгех гIоьмаш а йоьхкина, тхевнах ирх а кхазош кхебира иза, ницкъ бира, ток йиттира.

Германехь вехачу цуьнан воккхахволчу вашас шена зулам дина аьлла, цхьана хьаькамо, "бекхамбеш", вигина хиллера иза – "куьгбехкениг" кара ца веъча, Мурадера жоп доьхуш.

Нохчийчоь - Амриев Мурад полицера арахецначу дийнахь, 2013
Нохчийчоь - Амриев Мурад полицера арахецначу дийнахь, 2013

Спортхочо дагалоьцу ша ши де даьлча полисхоша дена-нанна тIевигар. Элира хIетахь Iедалхоша АмриевгIаьрга: нагахь санна шун воккхахниг цIа ца вагIахь, шаьш шайна бинчу тешнабехках чIир Мурадера оьцур ю.

Ведира Мурад юьхьанца Нохчийчуьра, тIаьхьо – Оьрсийчуьра. Дозанал арахьа дIакхоьхьура цо шен тIамарх йоьлла спорт. ММА-рчу World Mixed Martial Arts Federation версехь дуьненан чемпион велира иза.

2013-чу шарахь, аьхка, ша Нохчийчоь йиттале, Соьлж-ГIаларчу лоьрашна тIе а вахана, шена полисхоша йина гIело официалехь тоьшалле яккхийтира Мурада: бохийна корта, Iарждина куьйгаш, когаш, дегIа тIера дерташ. И тоьшаллаш карахь а долуш, Оьрсийчоьнан Талламан комитете арз яздира цо.

17-за дов айдина талламчаша, амма хIоразза а дов адеш, тIаккха юхадоккхуш схьадалийна кху дийне.

ХIинца, берхIиттазлагIа, арз айдаро а бохьур бац хийцам, делахь а жоьпалле оза тарло дов шен лорах ца кхоьтуьйтуш хьийза хьаькамаш, элира "Кавказ.Реалиига" Кузнецов Альберта, "Iазапна духьалояран комитетан" координаторо.

"Иза, ма-дарра аьлча, цкьа а хедаш доцу харц сацамийн кочар ду, оцу сацамаша йинчу, я ечу гIелонаша санна, бала ца бохьу, делахь а зен до стаг шена нийсо леха еллачу бакъонех ваккхарца а, юхаян тарлучу харцонна кIел иза кхабарца а. Иза бу кхеле вала а, бакъо къовса а стагна буьсу бух", элира Кузнецовс.

Амриевн цIарх рогIехь арз чудала кечлуш ю "Iазапна духьалояран комитет". Нагахь санна Мурад тоьлла меттиг ягIахь а, ала дац полисхошна, талламчашна кхелан сацамах цхьа цатам хир бу – Оьрсийчохь жима ду арз нийса цаталларна талламчина туху гIуда.

Цу тIе, рогIехь Амриевн арз теллина а ду ах-шо. Хан юкъайоларна, бехках хьалхавер ву талламча. Арз чуделлачийн аьтто балахь, жоьпе озон тарло арз листинчу талламчин хьаькамаш, Талламан комитетан Нохчийчуьрчу №1 йолчу талламан урхаллин буьйранча а, цуьнан гIовс а.

Ткъа Соьлж-ГIаларчу полицино нахана тIех гIело йо аьлла, "Iазапна духьалояран комитето" талламчашка дина арз дисина чуделлачохь. "Бутт бу оха жоп ларден, Нохчийчуьрчу талламчех цхьа а ца ваьлла тхоьца зIене. Гарехь, долор дац арз талла, оцу балханна кхачош йолу хан чекхтилла, аьлла. Тарло цара 19-лагIа а арз юхадаккха сацийна хила. Бехктакхам айбина хилча, тхоьца зIене бевр бара цигарнаш", - боху Кузнецовс.

Бакъоларъярхо цец ца вуьйлу Нохчийчохь Амриевна еттар Iедало тесна дитарх, арз юхадохуш латторах. Вуно дукха даккхий зуламаш ду, боху цо, тоъал тоьшаллаш а долуш, таллаза дитина. Дагадоуьйту 2014-чу шеран Iай Соьлжа-ГIалахь "Iазапна дуьхьалояран комитетан" хIусам ягор.

Нохчийчоь -- арахь лаьтта "Iазапна дуьхьалояран комитетан" машен йохийра "бевзашбоцчара" Соьлжа-ГIалахь, 2015
Нохчийчоь -- арахь лаьтта "Iазапна дуьхьалояран комитетан" машен йохийра "бевзашбоцчара" Соьлжа-ГIалахь, 2015

"Латийна камераш а йолуш, ган а гуш, чугIиртира тхан хIусамна зуламхой. Дукха тоьшаллаш дIаделира оха талламчашка, амма дина дац хIумма а, схьалехна вац цхьа а", дагахьбалламца дагалоьцу Кузнецовс.

2016-чу шеран бIаьста "Iазапна духьалояран комитетан" гIоьнца Къилбаседа Кавказе баьхкинчу журналисташна тIелетира, цул тIаьхьа "Комитетан" лидерна Каляпин Игорна Соьлжа-ГIалина юккъехь тIе хIоьаш а, баьццара басар а диттира "бевзашбоцчара".

Журналисташна дуьхьал зулам дар толлуш ду я дац ала яц цхьа а информаци. Ткъа Каляпине зуламхойх лаьцна Iедалхоша аьлларг дара ишта: "Комитетан" болх цатайна хьуна тIелетта стагга а вац, "Грозный-Сити" меттехь хулиганашна тIеIоттавелла хьо, хийлачунна а до цара ларамза кег-мерса зулам, дов гIаттол хьуна хилла хIумма дац.

"Ши шой ялх буттий хан ю Нохчийчуьрчу талламчаша арз чуэцна, амма ца кхаьчийна цхьана а жамIе, шайгахь видеош а, кхидолу тоьшаллаш а доллушехь, ца лехна, билгал ца баьхна тIелеттарш (лаам бацарна, я корматалла цатоарна). Зулам шаьш ларъечу гIалин центрехь диннашехь, ", боху Кузнецовс.

Нохчийчоь -- Соьлжа-ГIалахь баьццара басар тIедоьттира "бевзашбоцчара" Каляпин Игорна
Нохчийчоь -- Соьлжа-ГIалахь баьццара басар тIедоьттира "бевзашбоцчара" Каляпин Игорна

"Нохчийчу хьо кхаьчнехь, хьайх бен ма теша, бухарчу Iедало гойту ша доцийла хьуна эшначохь гIодан: цхьаъ хилча, хеннахь ца кхочу полици хьуна тIе, еъча, ца лоцу стагга а, ахь тоьшаллаш охьадехкича а ца до хIума. Хилларг дуьненна а дIахезннашехь. Хевшина Iа цхьаьнхьа парггIат, кхеташ дац, хIун динчунна ло царна алапа.

"Нохчийчохь уггаре лакхара кхерамззалла ю" олу. Беламе ду иза. Гуш ду, Соьлжа-ГIалахь хьанна а етта тарлойла, хьанна а юьхь тIе басар Iано тарлойла, цхьаммо а хьуна цигахь кхерамзалла латтош йоцийла", цецвуьйлу бакъоларъярхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG