ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIаттамхошна ГIо Дина аьлла, Ши Зуда ДIалаьцна Нохчийчохь


Нохчийчоь - Юкъараллин жигархо Садулаева Зарема Шалажахь дIаюллуш кадам бан баьхкина болу зударий бу боьлхуш,11Марс2009
Нохчийчоь - Юкъараллин жигархо Садулаева Зарема Шалажахь дIаюллуш кадам бан баьхкина болу зударий бу боьлхуш,11Марс2009

Кху тIаьхьарчу масех дийнахь мел-лаххара а 3 стаг дIалаьцна Нохчийчурча низмашлардон структурийн белхахоша гIаттамхошца уьйраш лелийна аьлла. Церах шиъ зуда ю. Цаьрна бехке дуьллуш дерг ду тIемалошна гIо дар


Полицин урхалло гIардаккхарца, кху деношкахь Веданан кIоштахь лаьцначу кхаъа стаганна юкъахь шиъ зуда ю. Цхьаъ МахкатIера ю, важа ю Соьлжа-гIалара. Хьалхарчуьнан 27 шо ду. Важа 33 шаре яьлла ю. Цаьршинна бехке диллинарг ду 2006-2008 шерашкахь кхача а латтош, гIаттамхойн аьтто бар.

ЦIарца буьйцуш боцучу зударийн хьокъехь кхин совдаьккхина дуьйцуш хIумма а дац. Масала, хIун бахьана долуш гIо деш хилла цаьршимма тIемалошна бохург хууш дац. Иштта хууш дац могIарера доглазархой хилла уьш, я цхьа гергарло долуш лелаш хилла и ши зуда тIемалошна гIо деш. Цаьрца цхьана лаьцна ву 31 шо долу Веданан кIоштан Элистанжара вахархо а.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана Iорадаккхарца, кху деношкахь Соьлжа-гIалахь сацийна леррина Москохара дуьйна, масех эзар чакхарма некъ а беш, гIаттамхошна тIекхача а, цаьрца уьйр таса а дагахь Нохчийчу кхаьчна хилла Дарья цIе йолу 20 шо долу оьрсийн къомах йолу йоI.

Министро чIагIдарехь, цуьнан Iалашо хилла тIеман говзалла кара а ерзийна, Москох,ша а леш, эккхийтар дан. Цунна хьехамаш бинарг, Iехийна-тилийна иза зуламечу новкъа яьккхинарг шайна мила ю хиъна бах Алхановс. Цо дийцарехь, галяьлла Нохчийчу кхаьчна йолу оьрсийн йоI Москохарчу низамхошка дIаелла.

Цхьаболчу бозуш боцучу тергамхоша билгалдаккхарца, меттигерчу Iедална хIетал-метал хиллачех цхьаъ ду, мел дакъа лоцу вайнехан зударша итт шарал сов бах а белла, махкахь сийсаш лаьттачу кху шолгIачу тIамехь бохург. Цаьрна хетарехь, нохчийн зударша тIемалойн агIончийн кхераме дукъ тIелацаран коьрта бахьана хила тарлуш ду гергарлонаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG