ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Несарахь толам баьккхина латархой бохуьйтур бу Париже


ПаргIат кепара охьатохарх латарехула Оьрсийчоьнан чемпионат ю ГIалгIайчохь дIайоьдуш.

Пачхаьлкхера уггаре а тоьлла спортхой бу цу къийсаме гулбелла. Тоьлларш кху шарахь дIахьон йолчу дуьненаюкъарчу чемпионате гIур бу, цундела латархой ма хуьллу шайн хьуьнарш гойтуш бу.

Нохчийчура спортхой а бу цигахь дакъалоцуш. Хьалха санна жигара бацахь а, хIинцале 3 мидал яьккхина вайчара: 2 борзан а, 1 детин а. Чемпионатехь болх беш ву Нохчийчохь арадолучу «Латархойн го» цIе йолчу журналан коьрта редактор Гапуев Муслим. Мархийн баттахь яцахьара, хIинца долу жамIаш кхечу агIора хила а мегара аьлла дийцира цо.

Гапуев: «ХIокху мархийн баттахь иза яцахьарий гIоле хира дара. Амма ца моьттучу кепехь дика дIайоьдуш ю иза. Вайчарах кхаамо мидалш ехи. Вайчеран Касумован а, Исаеван а, Чакаеван а аьтто ца белира. Амма Пригороднера латархочо Дудаевс а, кхин цхьаммо а кхозлогIа меттиг яьккхи, ткъа вайн ветерана 2013 шарахь чемпион хиллачу Гойгереев Бекхана детийн мидал яьккхи».

Чемпионат йолаеллачу дуьххьарчу дийнахь, дагестанхо а хIири ши спортхо летачу хенахь, хьовсархошна юккъера цхьамо питан дина, нах вовшах леттера. Шина-кхаа минотехь хиллачу оцу тасадаларх хаам сиха гIарабелира.

Оьрсийчоьнан латарехула федерацин президента Мамиашвили Михаила кхерам а тесира гулбеллачарна, иштта дIадоьдахь, ша и чемпионат Къилбаседанан полюсе дIахьура ю аьлла. Гапуев Муслима бахарехь, иштта чолхаллаш наггахь хуьлу оцу къийсадаларшкахь, ткъа, дуьненаюкъерачу чемпионате вахар къастош хилча-м хIетте а.

Гапуев: «Со трибуне тIехь вара. Иштта хIума хуьлуш ду цу тайпа турнирашкахь. Ша верриг иравелла хуьлу. Дагестанан а, хIирийн а ши школа ю. Цхьа а вукхулла тоьлаш а вац. Фанатийн паспорт хила деза, цхьа динехь, ша верриг араваккха веза бохург а нийса ду аьлла ца хета суна.

Шина минотехь хилла и дар-дацара дукха сиха дIадирзира. Сидаков-хIирийн тобанна коьртехь ву. Иза Оьрсийчоьнан чемпион а ву. Оцу латарехь тоьлларг Масрхьокху-баттахь Парижехь дIахьон йолчу чемпионате хьажо мега. Цундела дара иза».

Халахетарца билгалдоккху Гапуев Муслима нохчийн латархойх дукхачара лакхара меттигаш йохуш ца хиларна. Ткъа, оцу чемпионатехь ца моьттучу агIора толамаш баьхна кхечу спортхоша, аьлла кхин дIа а дийцира цо.

Гапуев: «Цкъачунна вайчеран кхоазлагIа меттигаш яьхначеран аьтто бу аьлла ца хета суна кхин а лакха бовла. Тахана вайниш а бу лата безаш. Дадаев Муслим а, ХизриевгIеран вежарий а. Бу-кх вай кхиъ. Отарсултанов Джамал а ву кхана лата везаш. Дуьххьара турнир ю хIара цхьа тамашийна.

Ца моьттучу агIора спортхой тоьлла меттигаш бу. Дуьненан чемпион Курбаналиев 20 шо кхаьчначу хIирийн спортхочунна Бааевна ийши. Дукха сенсацеш яара. Вайниш шаьш гойтуш ца хиларна са а гаттадеш тхо ду-кх кхузахь Iаш».

Латарехула Оьрсийчоьнан чемпионат чекхъера ю еарийндийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG