ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пандемин кхоалгIа тулгIе йолаелла дуьненчохь


Дуьненаюкъарчу могушалла Iалашъяран юкъараллан куьйгалхочо Гебрейесус Тедрос Адана дIахьедина, COVID-19 вирусан пандемин кхоалгIа тулгIенан юьхь йолаелла дуьнеанахь аьлла.

Цо билгалдаьккхина, тIеккIел диъ кIира ду доллу дуьненахь коронавирусан ун даьржаш, иштта леш бу нах аьлла. Коронавирусах нах цомгаш хиларан коьртачу бахьанех лору организацино, 111 пачхьалкхехь хааелла "дельта" штамм. Кеста COVID-19 вирусан коьртехь хир ю и штамм аьлла, шеконаш ю экспертийн.

Иштта Гебрейесуса тидам бина, пачхьалкхашлахь вакцина цхьатерра дIасайоькъуш цахиларан проблемин а, вакцинех пайдаэца аьтто боцучу бахархойн доккхахдолу дакъа экаме ду уьнна, аьлла цо.

Вакцинаци ян аьтто хиллачу мехкаша жим-жима юкъарадохуш ду диттина дозанаш, прививкаш цаяйтинчарна боккха кхерам лаьтташехь.

Дуьненаюкъарчу могушалла Iалашъяран организацин хьалханчас кхайкхам бина, карарчу шеран Гезгамашин-бутт карабале бахархошлахь итт процент нах мукъане а вакцинацех чекхбаха аьлла. 40% шо чекхдалале, 70 процент 2022-ра шо юккъе далале. И Iалашо кхочушъян 11 миллиард вакцинан компонент оьшур ю.

Коронавирусан пандеми яьржичхьана доллу дуьненахь ун даьлла 187 миллион вахархочунна. Цамгарх кхелхина виъ миллион сов дархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG