ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чехаш реза бац шайн Iедална


Прагерчу протестан гуламехь, Мангал-беттан 5-гIа де, 2019
Прагерчу протестан гуламехь, Мангал-беттан 5-гIа де, 2019

Чехин шахьарарчу шинарийдийнан протестан акце веанера 120 000 вахархо. Оццул дукха адам дацара гулделла Чехословакехь коммунистийн Iедал карчийна Nežná revolúcia хиллачул тIаьхьа цкъа а, чIагIдо Прагерчу хаамийн гIирсаша.

ГIалин юккъерчу Вацлаван майдана бевллачу наха дарж дита бохура премьер-министре Бабиш Андрейга а, цо хIоттийначу юстицин министре Бенешова Марияга а. Кхелан система караерзорна бехкедора гуламхоша Iедал.

Чехехь Бенешна дуьхьал протесташ лаьтта бу ши бутт – иза бозбуанчалла лелорна кхеле озор ву аьлла, полицино хаам баржийчхьана. Гуламхой кхоьру, керла юстицин министр, Бенешна доггIу таIзар ца дойтуш, цуьнгахьа валарна.

ЕвроБертан ахча хьалха шен долахь хиллачу Agrofert бизнес-компанина хьежадо Чехин премьер-министро, ша иза дIайоьхкина бахахь а, аьлла, дIахьедар даржо йоллу Европан Комисси бохура хьалха прессо. Амма иза дацаредира Бабиша.

Прагехь митинг вовшахтоьхнарг яра "Демократина миллион аьттонаш" цIе шена тиллина тоба. Шаьш оцу боламца дуйла дIахаийтира оппозицехь волчу массех парламентан депутато а.

Мила ву популистийн "Ано!" партин лидер Бабиш?

Чехерчу совдегаршлахь уггаре вехаш волу словак (хьал – 4,5 млрд доллар) Бабиш Андрей премьер-министран дарже валийра президенто Земан Милоша лурчаха.

64 шо ду политикан. Коммунистийн заманахь йохк-эцаран арахьарчу министраллехь воккха хаькам лаьттина цуьнан да. Бералла дIадаьхьна Парижехь, дешна Швейцарехь. Институт яьккхича, экономист а хилла, балха вахана шен дас къахьегначу хьукмате – пачхьалкхан арахьарчу йохк-эцаран урхалле.

Словакерчу Къоман Иэсан институто чIагIдарехь, зIенаш латтийна Чехословакин къайлахчу сервисца (Бабиша иза бакъ дац боху). Чехословаки йоьхча, сецна иза ваха Чехехь – цигахь яра цуьнан дукхахйолу бизнес-активаш.

Ша Iедале вахча, шен долара Agrofert холдинг (химин, юьртбахаман, кхачанан бизнес), кхиболу бахам Бабиша тергалбан дIабелира ша къастийначу тIехьажархойн тобане.

2011-чу шарахь кхоьллира Бабиш Андрейс ANO ("Резабоцчу бахархойн болам"). 2013-чу шеран парламентан харжамашкахь 2-гIа меттиг баьккхира оцу боламо, ткъа 2017-чохь – хьалхарниг. Коррупцина дуьхьало латтор ю, "пачхьакхах фирманах санна жоп лур ду" бехира цо. 2014-2017-чу шерашкахь вице-премьер, финансийн министр Iийра Бабиш. 2017-гIа шо доьрзуш хIоьттина премьер-министр.

Шозза зуда ялийна, деа беран да ву Бабиш. Стохка скандал иккхира цуьнан воккхахволчу кIантанна гонах – иза Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирме вахарна бехкевира чехийн жигархоша. Дас шен воI коьртаца дика вац, бехира прессе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG