ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемалойн бераш «тептара даьхна»


Джалилов Камал

Кегийрхой тIемалойн могIаршка ца хIиттийта хIун дан деза? Ишта дара Дагестанан Iедалерчу антитерроран кхеташоно деношкахь дийцаредина хаттар. Билгалдаьккхина цигахь дандезарг. …Амма кхаьрда цунах эксперташ.

«Иракъехь а, Шемахь а болчу махкахойн бераш цIадерзор, уьш даймахках долийтар» бу Дагестанан коьрталазам», дIахьедира чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовсан декхарш кхочушдечу Гутыря Дмитрийс.

Амма хьаькамо ца дийцира, хIун дина оцу новкъахь. Даймахка схьакхоччушехь, набахтешка хьйисош болу наной-дагестанхой буй-те цо хьехораш? Уьш белахь, царна Iедало набахтехь яха хенаш тоьхна, бакъду, цкъачунна, шайн бераш хьалакхиъалц собар а деш. Ткъа юьхьанца-м бехира, уьш чубухкур а бац.

Полицин хьаькамал тIаьхьа къамел дешаран министра Омарова Уммупазила дира. 53 кхо бер ду Дагестанехь Шемарчу а, Иракъерчу а тIеман кIуьрлара даьккхина, цIадалийна, элира цо.

Ца лачкъийра Омаровас кхин цхьа бакъдерг а – «экстремистех дIакхета тарлуш долу бераш» билгалдоху цуьнан хьукмато. Иштачарна, дешаран сахьташ даларал сов, кхетош-кхиоран сахьташ а ло. Кхушара, масала, низамехь йоцчу тIемалойн тобанашкахь болчу нехан 35 бер дигира ГIизлара, садаIа, ткъа цигахь царна экстремизм, терроризм мел кхераме ю дийцира.

Хьалхо дов иккхира Дагестанехь оццу могIарара: дай-наношна гучудаьллера, школехь доьшучу берийн мах хIоттош, хьиджаб лелош болу мехкарий «социалан паспорташка» язбинийла. И могIа шайга «паспорташка» кегийрхошна тIехьожучу полицин инспекцино язбайтина, чIагIдора хьехархоша.

Амма дешаран а, чоьхьарчу гIуллакхийн а министраллаша пусар а ца дира нехан протестийн – «социалан паспорташка» хьиджабех дерг шаьш ца даьккхина, иза хьехархойн лаам бара, элира цара.

Омарова Уммупазилин къамел дирзича кхийтира кхеташоне баьхкинарш, Дагестан цхьа салафийаш язбина ца Iайла тептаршка, царна санна хIиттийна, къайлах лелош дуйла берашна хIиттийна тептарш а.

Адвокате Магомедова Санияте, цо ша дийцарехь, рогIерчу наха дехна шайна Малхбалерчу тIамера гергарчийн бераш цIадерзош гIодар.

"Йиъ зуда ю уьш. ХIораннан а ду 3-4 бер. Сайна тIебогIучу церан гергарчаьрга ас хIун дош лур ду? Ма-дарра дIаолу ас: мегар дац Дагестано уьш комаьрша тIеоьцур бу бохучух теша. Бехктакхаман девнаш гIиттор ду – иза ду-кх царна кхузахь карондерг. Кхечу пачхьалкхашка кхочу некъаш леха беза цара шайна, олу-кх ас цаьрга.

ХIинжа-ГIалахь антитерроран кхеташо йирзича, йира Магомедовас комментари. Социалан хьелаш тодар – иза ю уггаре дика профилактика, аьлла хета цунна.

«Студенташкара ахчанаш а ца дохуш, дешийта цаьрга. Дешна бевлча, балха баха меттиг нисъе, ма бита тасий, дан хIума цахиларна, декъазчу шайн машенех таксеш а йина, напха леха. Дера ду хьакамашна, и хьелаш хIитточул, школашка а лелаш, «терроризм – зулам ду» баха атта.

Дагестанера бакъоларъярхо Исаева Светлана а ю шек кхеташонехь хьакамаша дийцинчух. «Ах миллионал сов берашца болхбина, террор зулам дуйла хоуьйтуш, боху. И хIун «болх» бу? Стенгара даьлла «ах-миллион» терахь? Муха дагардина бераш? Полицино боху, 10 эзар беранна хьехна, уьш терроризмах къахкош. Ткъа хIун дийцина царна, муха? ТIехула дIа «бечу балхо» шекйоху со. Амма дац жоьпаш ас цаьрга динчу хеттаршна дуьхьал», - элира Исаевас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG