ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карахь, "Хинкал – сан безам" плакат а долуш, гIур ву со кхеле


Гайтаман сурт. Новосибирскера монстраци, 2018 шо.
Филиппович Екатерина

Гулам болабойла ца хилла дагестанхойн – ида дезна тIаьхьаяьллачу полицех

"Хьалхарчу Майн демонстрацеш" дага а лоцуш, политиках хьакхалуш йоцу лозунгаш а карахь , самукъанечу духаршца, "Монстраци" олу барамаш дIабаьхьира Оьрсийчуьрчу гIаланашкахь кегийрхоша Стигалкъекъа-беттан" 1-чу дийнахь.

Оцу боламах дIакхета гIоьртира Дагестанера жигархой а. Амма аьтто ца белира. 8 декъашхо лаьцна ХIинжа-ГIаларчу Монстрацехь. Царех ялханна кхело бехкедина бакъойоцчу гуламехь дакъалацар. Ткъа бараме баханчара дийцарехь, жигархой ца кхиина ур-атталла шайгара плакаташ хьаладаха а – полисхоша дIадаьхна, этIийна декъашхой йиллинчу метте, гIалин юккъе, дIа а кхачале.

Монстраци – иза театран кепехь, карнавалан битамашца, карахь политикаца бозуш боцу кхайкхамаш а болуш, нах дIасабуьйлало барам бу. Дуьххьара йоьллера ХIинжа-ГIала Оьрсийчохь кест-кеста хуьлучу Монстрацех дIакхета.

Даймехкан хьокъанна, иза тоьлла регион хиларе сатуьйсуш, "Make Dagestan Great Again" ("Ейша Дагестан юха а сийлахь") плакат карахь дерг а тIехь лелийра полисхоша эккхийна, дуьйцу акцин декъашхоша "Кавказ.Реалиига".

Стенна ца магийра?

Монстраци ХIинжа-ГIалахь яйта аьлла, Iедале чуделла дехар дисира кхочушданза, гIали чохь кхерамзалла хIоттол полисхой бац арабаха, дара жоп. Мэри кхеле елира жигархоша, цигахь аьлларг хIара дара: кхо де далале бовзийта безара мэрино шуна шен сацам, амма цо иза ца дина оцу кхаа дийна чохь!

ЖамI – 15 эзар соьманна гIуда тоьхна Монстрацин хьалханчина Сираждинова Райсатна, кхечу пхеаммо токхур ду итт-итт эзар сом гIуданаш.

"Акци хIоьттина а яц. ГIуданаш деттар – полисхойн фантази ю. Суна тIеяздина ас дина а доцу плакат, кхин стаг ву иза кечдинарг. Цхъаьнгахь дара, масала, деккъа цIена кехат, ткъа полицино хIоттийначу документо бахарехь, тIехь йоза а долуш хилла иза", дуьйцу юриста Исмаилов Марата.

Йолаялале йоьхначу Монстрацехь кхиазхой а бара, уьш плакаташ схьаделла а кхиале лаьхкира, дуьйцу кхечу жигархочо.

"Вайн ГIала" проектан жигархо ю Анохина Светлана. "Со барам болалуш, 11 сахьт даьлча, кхечира гIалин юккъе. Соьга сан йоIа дехнера плакаташ шена тIекхачор. Такси а лаьцна, яхара со, амма гуш дара, плакаташ хьаладаха йиш хир йоцийла – гобаьккхина, хIайт-аьлла хьийзара полици", элира цо "Кавказ.Реалиига".

Анохинас дийцарехь, гIенташ тIехь хевшина Iачу берашна тIе а оьхуш, хьерчийна, церан карахь гуш долу кехаташ схьа а дохуш, этIадора ницкъхоша, кегийрхой кхиина а бац шайгара йозанаш дIасагайта.

"Iедало магийна йоцу акци яра иза. Жигархоша дехар динера, амма ца магийнера дIаяхьа. Полисхоша низамехь бина шайн болх, и ду-кха сан шуьга ала", жоп делира бохийначу бараман хьокъехь "Кавказ.Реалиис" динчу хаттарна Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан информацин а, юкъараллица зIе латточу а декъан куьйгалхочо Гариева Гаянас.

Барамера дIа а вигина, гIуда такха тIедоьжначех ву юрист Исмаилов Марат. Полисхоша шайн болх низам а ца талхош бойла хьажа вахара ша Монстраце, чIагIдо цо. Иза а, таIзар лайнчех волу кхин пхи стаг а дагахь ву шайна гIуданаш тохар кхеле даккха.

"Йист яккха еза Iедалхоша лелочух"

Стохка гурахь скандал яьржира ХIинжа-ГIалахь AniDag аниме-фестивал хIоттор бахьана долуш. Дуккха а кхиазхой бара оцу бараман декъахь, Монстрацехьчул а башха, цигахь а яцара гуш политикан лозунгаш. Деккъа дIа, гулам беш шайна цатарна, дуьхьалбевлира хьакамаш.

"ХIинжа-ГIаларчу аниме-фестивалехь а бара кхиазхой, цунна а дуьхьалхилира полици. Полицин амалехь ду дуьхьалхилар", - боху Анохинас.

Исмаиловна хетарехь, хIун хир ду цахааро кхерам латтабо хьаькашкахь.

"Уьш боьлла, гуламхошкахь социалан я политикан протест ган. "Суна дукха деза цицигаш" аьлла дара цхьаьнгара плакат, мичахь ю кхузахь политика? Карахь, "Хинкал – сан безам" плакат а долуш, гIур ву со сайна ечу кхеле. Со пикет я митинг еш верг хуьлий? Йист яккха еза Iедалхоша лелочух", - дуьйцу Исмаиловс.

"Кавказ.Реалиица" къамел динчу "Конфликташ тидар а, уьш юхаяхар а" Центран куьйгалхочунна Сокирянская Екатеринина гарехь, плакаташ схьадиллина хилла а доццушехь, ХIинжа-ГIалахь гIуданаш деттар Оьрсийчуьрчу ницкъхошна а, кхелашна а магийна ду.

"ГIалин дайша акци дIаяхьа дихкина хилахь, цига боьлхурш лоьцу, гIуданаш детта. Юьхьанца цхьа ГIалгIайчоь яра и таIзар цадийриг, хIинца олийла дац оцу махках а ишта. Монстраци йохийначу меттигерчу Iедална ца буьсу кхин некъ – лакхара охьадоуьйту цаьрга омра, ма магаде, олий, -чIагIдо эксперто.

"Беламе а, белхаме а ду хилларг. Берех къахета. Уьш дуьххьара нислуш бу Iедалан шогаллина кIел, полицин къизаллина кIел, …ишта ю-кх хIара пачхьалкх. Суна хетарехь, мэрино а, полицино а шайн монстраци дIаяьхьина. Берашка иза цадайтина, иза-х бацарий беккъа дIа самукъаненна гулбеллачу нехан барам бен", даггахьбалламца мах хадийра ХIинжа-ГIалахь хиллачун Анохинас.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Шуна муха хета Нохчийчохь "Ахмат" цIе тохку меттигаш дебар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG