ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIишан байракхна тIехула гIуда тоьхна дагестанхочунна


Дагестанерчу Табасаран кIоштан кхело бехк тIехь битина меттигерчу вахархочунна Маллалиев Русланна экстремистийн символика социалан машанашкахь яржорна. "Исламан пачхьалкх" шех олучу дуьненаюкъарчу террорхойн организацин Iаьржа байракх зорбане яьккхинера цо инстаграмехь, яздо Кавказ.Реалиино.

Кхелехь бехкевечо кхетийра, байракх тIехь долчу Iаьрбойн йозанан чулацамах а, флаган террорхошца уьйр хиларх а хууш вацара ша, дош делла тIейогIучу заманчохь оцу тайпа низам ца дохон.

"Нацистийн йа экстремистийн атрибутикана, символикана пропаганда ярна" артиклаца гIуда кхачадо цхьа эзар соьма тIера шина эзаре, йа чохь даккха 15 дей-буьйсий.

Федералан кхелахочо Шихгиреев Гюлялис лаххара таIзар кхайкхийна Маллалиевна - эзар сом гIуда.

2015-чу шарахь Шемахь йолчу террорхойн организацех дIакхета гIоьртинчу Дагестанерчу вахархочунна Ибрагимов Зурабана тIехь битина бехк Ростов-ГIаларчу тIеман кхело. Шогачу рожехь йолчу колонехь даккха ворхI шо хан тоьхна цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG