ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДАIИШ-ахь дIакхета воьду оьрсийн неонацист кхеле озийна Нохчийчохь


Оьрсийчоь -- Неонацистийн марш, Петарбух, 2015
Оьрсийчоь -- Неонацистийн марш, Петарбух, 2015

Кху деношкахь Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхелехь луьстуш ша-тайпа дов дара. Петарбухера вахархо Присяжнюк Кирилл вара ДАIИШ-ан могIаршка баха нах иркархIиттина аьлла бехке веш.

Цо Нохчийчура яхархо Абубакарова Лариса Шема дехьа яьккхина хиларо а, базбинера цунна буьллу бехк. Диъ шо набахтехь яьккха хан тоьхна Присяжнюкана кхело.


Тамашийна дерг дац и кхел яр. Хууш ма хиллара, Нохчийчохь буьрса хьошу иштта дог-ойла йолу нах. Цецвоккхург ду, ша Присяжнюк Кирилл, дукха хан йоцуш скинхед-неонацист хилла хилар. Петарбхехь, шайн кхоьллина тоба а йолуш, кавказхой а, гастарбайтерш а бойуш зуламаш лелийна цо а, цуьнан накъосташа а. Схьа а лаьцна, дуккха а шераш а тоьхна чубоьхкира уьш цигахь а.

Набахтехь бусулба дин тIе а эцна, араваьлча, ДАIИШ-ца уьйраш тесна хилла 29 шо долчу Присяжнюка. Нохчийчурча кхело, цунна коьрта бехке дуьллург ду хIинца, меттигера яхархо Шема дехьаяьккхина хилар.


Къечу къоман нах ца безаш, уьш бойуш лелла керста а бусулба дине верзалуш хилча, нохчийн кегий нах а, шайн некъ царна марзбан хала хIума доцийла го, кIира сов хьалха Нохчийчохь хилларг тидаме эцча. 7 жима стаг вийра Iедалхоша хиллачу тасадаларехь.

Официалан версица а догIуш, уьш ДАIИШ-ан тобанца зIе йолуш хилла. Иштта бохамаш нохчийн къоман хьалхахь лаьттачу халонаша кхуллуш бу аьлла хета гуманитаран талламийн юккъараллан куьйгалхочунна Эльсункаев Надирсолтан.


Эльсункаев: «Кху деношкахь хилла и зулам боккха бала а, бохам а бу. Оцу тIехь соцур ду аьлла а ца хета суна иза. Вайн чура доьзал бу иза, шинна а агIора. Кху дуьненахь дIабоьлхуш геополитикан хиламаш бу. Хьалха хилла тIом а боцуш, иинформацин тIом а бу. Коьрта билгало ю, вай еш йолу пропаганда кхачо йолуш ца хилар. Ойла ян езаш ю цу тIехь».

Тахана Оьрсийчохь тIеэцна низамаш ду, бахархой терроран лоручу тобанех ца беттабалийта. Нохчийчохь-м ур-аттала царах цхьаъ тусавелча а, цуьнан гергара нах махках а бохуш, цIенош а дагош хIума до. ХIетте а, оццул луьра тIаьхьалонаш йоллушехь, муха аьтто хуьлу, масала, оцу ДАIИШ-ан, уьш шайна тIекIабан, аьлла деллачу хаттарна, иштта жоп делира политолого Эльсункаев Надирсолтас.

Эльсункаев: «Шалхе йолу хIума дац иза. ТIом чекхбаьлча, адамаш депрессин хьолехь хуьлу. Телевизионехула кхайкхамаш бича а, хьехамаш бича а тоьаш дац иза. Онда болх бан беза системан амалехь. Маса кино гайтина федералан телехьожийлашкахь нохчий а, гIезалой а, дагестанхой а, гIебартахой а дика гойтуш? Кегийрхошна гуш ма ду иза. -Вай-м царна хIумма а ма ца хета, - олу цара».


Кегийрхой цхьана хIуманах Iеха а белла, цара низамца догIуш доцург дича, берриге а бехк церан дайн-нанойн тIехь бац. Баккхийнаш тIамо дIабаьккхина шайн дуьненан аьтто лоьхуш лела. Шаьш яьккхинчуьнах Iедална ял а луш, цара латтош ю школаш а, полици а, кхийолу хьукматаш а. Церан а бу кегийрхошна кхетам ца баларна бехк, аьлла кхин дIа а дийцира гуманитаран талламийн юккъараллан куьйгалхочо Эльсункаев Надирсолтас.

Эльсункаев: «Къамел деш наха дукха хьолехь далхош дерг ду, зуламан новкъа ма довлахьара, вониг ма дахьара шайн бераш бохург. Болх-некъ бечу церан аьтто ма бац бераш 24 сохьтехь шайна уллехь латто. Школаш а, полици а болх бан безаш ю кхачам боллуш. Иза хьакхалуш ду Пачхьалкхан думах а».

Политолог Эльсункаев Надирсолта тешна ву дуьненахь хуьлучунна духе а кхиина, нехан кхетам лакхабалахь кегийрхой, ле а бина а, харц новкъа бахалур бац бохучух. Амма и кхетам генахь хиларна чолхалла кхин а ехха лаьттар ю аьлла хета цунна.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG