ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчура дагийна ши бер орцанхоша дIакхачийна Лахарчу Новгородерчу дарбанан хIусаме


Нохчийчура дагийна ши бер Лахарчу Новгороде дарбанан хIусаме дIакхачийна Орцаллан министраллан лерринчу кемано. Цу шина берах цхьаъ хIусамах цIеяьлла меженаш ягийна ю, шолгIачо ларамаза кхехкаш болу яй шена тIеIанийна.

Оьрсийчоьнан Орцаллан министраллан Лахарчу Новгородехула йолчу коьртачу урхалло дийцарехь, кеман тIехь хилла оьшуш болу лоьрийн гIирс, ткъа берашна Iуналла деш хилла "Центроспас" тобанера лоьраш.

Лахарчу Новгородехь ши бер дарба дан охьадиллина Проволжскан федералан медицинан талламан центре.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG