ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чакхе йоцу тезеташ.  Соьлжа-ГIалахь митинге стенна бевллера нохчийн наной


Нохчийчоьнан тIеман комиссариато эскаре гIулакхдан вахийта кечвийнарг
Нохчийчоьнан тIеман комиссариато эскаре гIулакхдан вахийта кечвийнарг

Оьрсийчохь мобилизаци кхайкхор бахьана долуш Къилбаседа Кавказан мехкашкахь протесташка буьйлу нах. Уггар бIаьрла митингаш хилира Дагестанехь, цигахь шина дийнахь 150 сов стаг лецира. Делахь а, уггар хьалха урамашка бевлира Нохчийчуьра зударий – меттигера Iедалш гIоьртира и къайладахьа.

Кавказ.Реалиин аьтто хилира къамел дан протестан цхьаболчу декъашхошца, шаьш лецначул тIаьхьа реза ца хилира уьш кхин совнах муьлххачу а хеттаршна жоьпаш дала. Эксперташна хетарехь, муьлхха а резадацар ницкъаца эшош хуьлучу Нохчийчохь а цхьаьна митинг хилар, сингаттаме сигнал ю федералан Iедалхошна.

Гезгамашин-беттан 18-чохь, Оьрсийчоьнан президенто цхьанадекъана мобилизаци кхайкхон кхо де диссинчу хенахь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, бахархоша шаьш шайна мобилизаци ян еза тIаме баха аьлла. Оццу дийнахь нохчийн мессенджерашкахь дуьххьара ийзалуш, тIаьхьо тIедожжийна дехарш даржийра, Украине божарий хьийсор сацаде бохуш.

Нагахь санна, гIуллакх иштта дIадодахь, шун бераш а дуьгур ду, царна бен-башха дац, тIемало велахь а, вацахь а

"Тхан лараме куьйгалхо, лараме воккхаха волу ваша, дог майра къонах, тхуна Iаламат хала ду хIокху сингаттамца даха, - Кадыровга дехар дира цхьахйолчу зудчо аудиохаамехь. - Дуккхаъ иштта а чевнашца бу, дуккхаъ байъина оцу тIамехь, тхан дегнаш доьлхуш ду".

Ши де даьлча, гезгамашин-беттан 20-чохь вотсапехула дIасакхоьхьуьйтучу хаамашлахь мила ю ца хуучу зудчо дехар дира нохчийн наношка, гезгамашин-беттан 21-чохь Соьлжа-ГIалин юккъехь итт сахьт даьлча гулло аьлла, кхайкхам беш. Зудчо дIахьедора, шен массо а кIант тIамтIе вахийтарх, царех шиъ кхалхарх а.

"Вай массара а ваьш цхьанахилар дIагойту, нохчийн зудчуьнга шен доьзалхо кIелхьараваккхалур вуйла дIахоуьйту де тIекхаьчна тахана. Шу санна, нана ю со а, ас дIахьедо шуьга, шун доьзалхо тIамтIе гIур велахь а, вацахь а. ХIара гIуллакх иштта дIадодахь, шун бераш а дуьгур ду, царна бен-башха дац, тIемало велахь а, вацахь а", - аьлла ду хаамехь.

"ХIокху доза доцчу тезеташка хьоьжийла дац"

Кавказ.Реалиин аьтто хилира, митинг хIотта а яле, цхьаболчу цуьнан декъашхошца зIе таса. Цара бахарехь, оцу тIе уьш баьхнера шайн божаршна тIех сагатдаро. Царех цхьахйолчу зудчо элира, Кадыровс а, цуьнан ницкъахоша а бекхам барна кхоьру ша, шех а, шен могушаллех а кхоьру, амма гIад дайна.

"Массо а наной аьлча санна, реза бац хуьлуш долчунна. ХIораннан а ваша, цIийнда, йа воI ву. Нохчийн а, оьрсийн а ву. Цигах бахийтинчех дуккхаъ байъина. Зударшца хьо къамеле йолий, кхин хезаш хIума дац, церан гергара хьенех-минех вийна оцу неIалте тIамехь доцург. Охьа а хиина, доза доцчу тезеташка а хьоьжуш, Iойла дац хIинца. Дайъийта тхо, хIун нислур ду церан? Делан карахь ду дерриг а", - элира цо.

ТIом бе бохуш, кхайкхамеш бийраш, шаьш баха а ца боьлху тамтIе

Цо дийцарехь, митинге баха арабовлуш бара кIентий байъина наной, кхинберш шайн доьзалш дозанал а арабаха хьийзара, Путин вистхилале а республикехь тIейожийначу мобилизацих уьш кIелхьарабаха.

"ТIамтIехь кIант ца вайта, нанна аргумент ца оьшу, - дийцира Кавказ.Реалиига, шен цIе къайлаяьхьначу протестан кхечу декъашхочо. – Тхуна стенна оьшу хIара тIом, тIехула тIе, Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь тхо дайъинчу оьрсашкахьа? Тхуна ца лаьа, тхайн кIентийн а, хIусамдайн а декъий цIа кхехьа, тхо цунна дуьхьал ду".

Цо бахарехь, Нохчийчуьра тIамтIе хьийсабо уггар гIийла бахархой: мах белла, иза юкъара ваккха ницкъ кхачахь, цара цунах пайдаоьцу.

" ТIом бе бохуш, кхайкхамаш бийраш, шаьш баха а ца боьлху тамтIе", – дерзийра цо.

Митинг хIотточу дийнахь Къилбаседа Кавказан федералан гонашкарчу Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин телеграм-канало бахархошка кхайкхамбира, Iедалшкара пурба доцуш хIитточу акцишкахь дакъа ма лаца аьлла, ткъа нохчийн Iедалхоша тIе а ца дуьтура, цхьа протест вовшахтухуш ю бохург. Къоман зIенийн, зорбанан, информацин министро Дудаев Ахьмада и хаамаш "Европехь хевшина Iачу хьагI йолчу нехан питана ду" элира.

Бакъду, оццу дийнахь Кадыровс ша тIечIагIдира, протест хилар. 20 гергга зуда яьллера тIамна дуьхьал акци социалан проблемаш бахьана долуш "Европерчу организациша кепекаш елла" (цунна тоьшалла ца далийра), дIахьедира цо ша дIаязйинчу видео тIехь. Цо дийцйарехь, кхаа зудчун кIентий Украинехь тIом беш хиллера, царех шиннан – цхьацца кIант бен вацара.

Нохчийчоьнан урхалхочо дIахьедира, дуьхьалончийн доьзалашкахь божаршка шайн зударий совцалуш бацахь, уьш тIамтIе хьийсон беза, ахча даьккхина мукъна а цаьргара пайда хилийтархьама аьлла. The Insider ресурсаца дечу къамелехь хIара информаци тIечIагIйира нохчийн бакъоларъярхочо, оппозиционеро Янгулбаев ИбрахIима а. Цо дийцира, митингехь лецна хиллачу нохчийн зударийн кIентий, хIусамдай, кхинболу гергарнаш, "лаамхой" санна тIамтIе дIахьийсийна аьлла.

Оппозицин 1ADAT боламан информацица, протестхой бертаза сецийнера Соьлжа-ГIаларчу мэрихь. Редакцин аьтто ца хилира и тIечIагIдан. Хьалхо Кавказ.Реалиин корреспонденто къамелдина протестан декъахо дуьхьал хилира митинг йоьдучу дийнахь хиллачух лаьцна дийца, доцца хадийра цо: "Дерриг дика ду".

"Массарна а таIзар далур дац Iедале"

Кавказ.Реалиин хаамашца, гезгамашин-беттан 21-чохь хилла митинг Кадыровс урхалла дечу юкъанна Iедалхоша лелочунна дуьхьал дуьххьара йина акци яра. Цо пайда ца беанехь а, дуьхьалояр доккха хIума ду аьлла хета бакъоларъяран нохчийн "Вайфонд" организацин векална.

"Ур-атталла божарий а ца хIутту иштаниг дан. Амма и зударий, диктаторан махкахь боллушехь, баьхьна и гIулч яккха. Царна хууш дара декъаза тIаьхье хир юйла, амма хIетте а уьш арабевлира, шайн бераш, шайн доьзал кIелхьарбаха. Оцу тайпа акцишка дуккха а нах ара а буьйлуш, дуьхьало яре терра, диктаторийн Iедал лахло. Массарна а таIзар дина дер дац Iедал", - тешна ю къамелдийриг.

Савва Михаил
Савва Михаил

Политикан Iилманийн докторна, бахархойн маршонийн Экспертан кхеташонан декъашхочунна (Украина) Савва Михаилна хета, Нохчийчохь протест ян гIортар чIогIа гайтаме ду аьлла. Цуьнан ойланца, бахархой Iаламат чIогIа реза цахилар гойту цо. Ламастин юкъараллин дуьхьалояр а, Iедалан системаш а эшорхьама, чIогIа ницкъе мотиваци хила еза.

Эксперт тешна ву, протесташ кхин дIа а хир ю аьлла.

"ТIеман контрактана оцу стага куьйг таIийча, иза кхеташ ву, ша дечух. Амма тIамтIе ваха мобилизаци юкъахь хилар, цигахь вала, - иза кхечу агIор тIелоцу гергарчара. Оцунна резабацар Iедалхойн агIор хьажадо. Нохчийчохь эзарза гайтина, иштачу меттигашкахь хIун дийр ду – божаршка-гергарчаьрга совцабойту резабоцу зударий, юхабоху протесташна. Бехктакхаман гIуллакхаш дохур ду йа оцу зударшна дуьхьал, йа церан гергара божарех йийсархой бийр бу", - боху Саввас.

Делахь а, эксперт тешна ву, даим ницкъ дуьхьал боккхий, сацош хилла протесташ республикехь хилар, - махкарчу Iедална сингаттаме сигнал хилла а ца Iа.

"Дукха хан яра уьш ца хIутту мобилизаци кхайкхон, кхин дан хIума а ца хилла йина гIулч ю иза, гIорасиз эшарна а, боьхна хиларна а къурд алар ду и. Оцу мобилизацино Украинана гергархь хIуммаъ а хуьйцур дац, амма дерриг а хийцадала там бу Оьрсийчоьнна", - дерзийра политолого.

"Вайн гIо ца оьшу царна"

Бакъоларъяран нохчийн "Вайфонд" организацин векало дийцира Кавказ.Реалиига, шайга дуккха а дехарш до тIекхайкха хан йолу нах дозанал дехьабохуш гIо дахьара бохуш. Цара бакъдо, бертаза мобилизаци официалехь кхайкхаяле хьалха дуьйна а Нохчийчохь дIахьош яра аьлла.

"Къайлах Нохчийчохь мобилизаци йолуш яра официалехь омрана куьйгъяздале хьалха а дуьйна. Тхоьга орца доьхура наха, Оьрсийчуьра арадовлуш накъосталла де бохуш, яздора наноша а, хIусамнаноша а. Хала хеташ делахь а, тхан ницкъ бацара царна гIо дан, хIунда аьлча, миграцин гIо латтош дац оха", - дийцира организацихь.

Уьш ца кхета, шаьш рогIера хир дуйла

Салтийн нанойн Комитетан векало Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь дIахьедира, болх дукха бу шайн хIинца, халла ларадо шаьш аьлла. Оцу юкъанна цо билгалдаьккхира, Нохчийчуьра Комитете гIо доьхуш, цхьа а вистхтлла вац аьлла.

"Цхьа зуда мукъна а яьллий тхан организацин декъашхо? ХIан-хIа. Хетарехь, тхоьгара гIо оьшуш бац уьш", - элира бакъонашларъярхочо.

Цунна хетарехь, нохчийн зударшна хилла а ца Iаш, нийса хир дара Оьрсийчоьнан массо а бахархошна цхьана а кхетта, вовшех дага а дуьйлуш, шайн бакъонаш Iалашйича, делахь а, шек ю иза, Оьрсийчоьнан бахархойн протесте бовла потенциал хиларх.

"Лаа ма дац хIинца цхьанадекъана мобилизаци кхайкхор, бераш дIадига буьйлалур бу, хIора а чохь Iийра ву, "иза вигахьара, со а ца вуьгуш" бохуш, ойланаш еш. Уьш ца кхета, рогIера шаьш хир дуйла",- дерзийра бакъоларъярхочо.

  • "Леррина тIеман операци" дIаяхьарца доьзначу хеттаршкахула гулйинчу оперативан штабан кхеташонехь гезгамашин-беттан 22-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, республикехь мобилизаци хир яц аьлла. Украинехь тIом боьдучу юкъанна республико "план тIехсов кхочушйина", аьлла кхетийра цо. Регионан куьйгалхо вистхуьлуш репортаж арахийцира ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан сарахь болчу хаамашкахь.
  • Пхи де даьллачу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретаро Вахидов Iильмана дIахьедира ЧГТРК "Грозный" телевизионна еллачу комментарихь, Нохчийчохь мобилизаци юхаяьккхина боху хаамаш баржийнарг "Оьрсийчоьнан а, йа махкара вайн зорбанан гIирсаш бацара", "оппозицигахьа бирзина гIирсаш а, телеграм- каналаш а яра" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG