Омонхойх леттачу нохчин набахтера хьелаш чIагIдар, Къилбаседа-Кавказера волайнхоша бакъоларйархошка гIо дехар, шен накъостана урс диттинчу нохчийн эскархочунна кхо шо тохар – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 54-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Джумаевн хьелаш чIагIдар
Москвахь йоьдучу митингехь ОМОН-н ницкъахошца тийсавелла хилла Нохчийчуьра вахархо Джумаев Сайд-Мухьаммад кхин а тIе шогачу хьелашкахь латтон дехьаваьккхина. Цунах лаьцна Джумаевн гергарчара дийцина RusNews гIирсан корреспонденте.
Журналистийн хаамашца, Джумаев дехьаваьккхина камерин кепехь йолчу йукъарчу Iойле - уггар а шога таIзар ду и Оьрсийчуьра набахтешкахь деш долу. Цу чуьра тутмакхаш дIакъестабо массо а хIуманах, церан бакъонашна а цхьаьна дозанаш детта. ХIун даьлла хилла Джумаевгара оццул таIзар даллал - хууш дац.
Кхел токхучу Нохчийчуьра вахархочун хьолах лаьцна хаам бацара стохка чиллан-баттера схьа дуьйна - цхьана баттахь шозза гIуданан изолятор чу кхачийра Джумаев, иштта шога хьелаш хIиттийра цунна. Оцу хенахь таIзар даран формалехь бахьана хила тарлора, Джумаевн ненайишас дийцарехь, чохь цIанйан иза дуьхьал валар, амма и хаам тIечIагIбина бац.
Журналистийн керлачу публикацихь йаздина ду, Тамбовн кIоштара номер 1 йолчу колонира дарба ден хьукмат олучу меттигехь таIзархо латтош хиларх. Маца вигина иза цига, хоуьйтуш дац. Кхул а хьалха дуьйцура, Джумаев оццу регионера номер 3 йолчу колонихь ву бохуш.
Москвара университетан хилла студент ву Джумаев Сайд-Мухьаммад. 2021-чу шеран дечкен-баттахь ОМОН-н ницкъахойх леттера, оппозиционер волчу Навальный Алексейн гIо лоцуш хIоттийначу митингехь.
ХIетахь акциш хIиттийра Оьрсийчоьнан иттаннашкахь гIаланашкахь, эзарнаш протестхой лийцира, полисхоша ницкъ бинера царна тIехь, делахь а, царех цхьа а жоьпалле озийна вацара. Митинг йоьдучу хенахь Джумаев масех ницкъахочунна дуьхьал тийсалуш йаьккхина видео социалан машанашкахь йаьржира.
Цул тIаьхьа дукха хан йалале, Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан думехь волчу депутато Делимханов Адама хабар туьйхира Джумаевх, ша "низамашкахь" гIо дийр ду хьуна, нагахь санна, Навальныйна гIо латточуьра иза сацахь а, шен оппозицин хьежамаш цо хийцахь а. Цуьнан дешнаш тергамза дитира Джумаевс, эххар а лецира иза, Оьрсийчуьра вада хьийзачу хенахь. ТIаьхьо кхело набахтехь даккха пхи шо кхайкхийра студентана. Бакъонашларйаран "Мемориал" центро политикан тутмакх лаьрра Джумаев.
Мусаева Зарема лоьрех чекх ца йолуьйту
Ши бутт сов хан йу Устрада-ГIаларчу колонин куьйгалло низам ца ларден, кхел токхуш йолу вежарийн-оппозиционерийн нана Мусаева Зарема лоьрийн комиссех чекх ца йоккхуш. "Iазапашна дуьхьал Командин" бакъоларйархоша дIахьедарехь, цо дахдо иза хенал а хьалха арайаккхийта аьлла дина дехар листар.
Мусаеван адвокато, Савин Александра бахарехь, гIуран-баттахь Шела гIалин кхеле дехар дахьийтинера цо, зудчун могушалла ледарчу хьолехь хиларна иза лаьцначуьра маьршайаккха аьлла. ТаIзар токхуш йерг инсулинах йоьзна шолгIачу кепера диабет а, кхин а цхьа могIа дIа ца йуьйлу цамгарш а токхуш йу. ХIетте а, кхелан кхеташонашкахь дакъалоцуьйту цуьнга, амма лоьрийн комиссех чекх ца йолуьйту, шаьш и дан декхар доллушехь. Адвокато Савин Александра ишта билгалдаьккхина, Мусаеван медкарти тIехь цуьнгарчу цамгарх йаздина цахилар, ишта цо тидам бина, цуьнгарчу хьоло могуьйтуш цахиларан колонихь хан йоккхуш таIзар дан.
2022-чу шеран дечкен-баттахь Лаха Новгородера петар чу а лилхина, лачкъийра Мусаева Зарема. Соьлжа-ГIала дIийигинул т1аьхьа полисхо сийсазварна чохь даккха 15 де-буьйсий туьйхира цунна кхело, тIаккха бехкзуламан гIуллакх долийра: протокол хIотточу ницкъахочунна тIелетта бохура иза. Цунах тоам ца беш, эххар а курхалаш лелорна а бехк кховдийра Мусаева Зареме. Бакъонашларйархой тешна бу, цунна тIаьхьабовлар политикан буха тIехь ду аьлла, адвокаташа йалхийра цуьнан гIуллакхца лелийна харцонаш.
Товбеца-баттахь Соьлжа-ГIалара кхело колонихь даккха пхи шой, ахшой хан туьйхира Мусаевана. ТаIзар кхайкхочу дийнахь кхелехь дакъалаца доьдучу "Новая газетин" журналистана Милашина Еленина а, адвокатна Немов Александрна а тIелетар дира Соьлжа-ГIалахь.
ТIаьхьо пхеа шаре охьайаьккхира Мусаевана тоьхна хан. Ткъа дахначу кIиранах Пятигорскера Кассацин кхело кхин а кхаа баттана йацйира и хан.
Мусаева хенал а хьалха арайаккха дуьхьало йира хьалхо, ткъа чиллан-баттахь Нохчийчуьра Лакхарчу кхело и сацам йухалиста хьажийра. Цуьнца цхьаьна таIзархочун адвокат хьийза, цуьнан могушалла бахьана долуш иза маьршайаккхийта.
Кавказера дехарех СК SOS тобанан чот+зударийн, божарийн бакъонашца нийсо йацар
Шо хьалхалерачул а шозза алсамох гIо доьхуш дехарш кхаьчна Къилбаседа Кавказера бахархошкара кризисан "СК SOS" тобане 2023-чу шарахь. Цунах лаьцна дIахьедина бакъонашларйархоша шаьш йинчу чоьтехь. Церан хаамашца, къаьсттина дукха нах зIене бевлла цаьрца Дагестанера а, Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а, дукха хьолахь гIо доьхурш хуьлу 19 шераш долу нах.
Дийцарехь, 90 процент дехарш дина цаьрга, "кхечу ориентацихь" болчу наха.
"СК SOS" тобанан векалша бахарехь, гIо дехар алсамдалар доьзна хила тарло репрессийн низамаш чIагIдарца – Оьрсийчохь дихкина трансдехьавалар, экстремистийн лерина бан а боцу "дуьненайукъара ЛГБТ болам".
Оцу тIехула чолхе даьлла Къилбаседа Кавказера гIо оьшу нах арабахар. ХIетте а, бакъонашларйархоша стохка гIо дира иттаннашкахь кхаьргара гIо оьшучарна, царех цхьаберш шаьш дехачу регионера дIабахна, цхьаболчийн аьтто хилла дозанал арабовла.
Оцу йукъанна "Ма-дарра аьлча" проекто рейтинг хIоттийна Оьрсийчоьнан регионашкахь гендеран нийсаллехула. Цу тIехь Нохчийчоь а, Дагестан а аутсайдерийн могIарехь нисйелла. Регионаш зийнера пхеа гайтамехула: дахаран дохалла, белхан алапийн башхалла, политикехь а, бизнесехь а дакъалацар, берашна хан йайъар.
Нохчийн парламентехь цхьа а зуда йац, дайшна 12 процент бен хан ца карайо шайн доьзалшна йайъа, алапийн башхалла йу 18 процент, иза а божаршкахьа.
Дагестанехь тIаьххьара гайтам 13% бу, иштта берашца а жимма алсам хан йоккху божарша.
Оцу йукъанна Къилбаседа Кавказехь дахаран дохалле хьаьжча, лаххара башхалла йу зударшна а, божаршна а йукъахь – тоьлла гайтам бу ГIалгIайчохь. Алапашца а башхалла лахара йу цигахь – 6 процент.
Бакъду, "Ма-дарра аьлча" проекто билгалдаккхарехь, и доьзна ду республикехь тIебогIучу пайданан тIегIа лахара хиларца – нийсалле кхочу, массарна а лахара дакъа кхочуш делахь.
Ма-дарра аьлча, зударийн, божарийн бакъонашца долу хьал уггар а эвсара хааделла Москвахь, Тюменан, Тулан, Волгоградан а кIошташкахь.
Сулейманова: лацар, прокуратурин жоьпаш
Кху кIиранах йуха а меттахдаьккхира Нохчийчуьра йахархочуьнца Сулейманова Седица долу хьал. ЦIера йедда дIайахна, Санкт-Петербургехь йехаш йара иза, амма стохка аьхка полисхой тIаьхьа а баьхна, гергарчара бертаза цIа йигира. Ахшо а ду йоIах лаьцна кост ца хеза, оцу тIехула бакъоларйархоша дагадаийтина, хIинцале а ши эзар гергга стага дIахьедина Коьрта прокуратуре, Талламан комитете, Оьрсийчохь адамийн бакъонаш Iалашйан векал йинчуьнга а – йоI йийна хила тарло боху хаамаш таллар тIедожош.
Дийца даккхарца, зазадокху-беттан 13-чохь цхьаболчу дIахьединчу нахе жоьпаш дахка дуьйлира, амма Москвара а доцуш, Соьлжа-ГIалара. Нохчийн прокуратура дуьхьал йу царна Сулеймановах лаьцна информаци йала, хьалхо таллам барх хаамаш нахала баха бакъо йац, хIунда аьлча, дIахьединарш йоьIан гергара нах а, йа процессан декъашхой а бац аьлла цара.
Кризисан "СК SOS тобана хетарехь, низамехь дац оцу кепара жоп. Бакъоларйархойн дешнашца, бакъоларйаран органаш декхарийлахь йу адам дийна хила тарло аьлла бинчу хааман талламбан а, цунах лаьцна кхачам боллуш жоп дала а. Цул совнах, хууш дац, хIун хьалхо талламбар ду дуьйцург, прокуратура хIинца а Сулейманова Седа лохуш ца хилча.
Зазадокху-беттан 8-чохь йуха а лецира Санкт-Петербургехь лачкъийначу нохчийн йоьIан доттагI Патяева Лена. Шина дийнахь, бусий полицин декъехь латтийра иза, цунна тIаьхьайеана йовха бедарш цуьнга камери чу дIайелла а ца хиллера полисхоша.
"ОВД-Инфо" проектан хаамашца, Патяева бехкейина йукъараллин къепе йохорна административан артиклехула. Сулейманован доттагI шолгIа лаьцна, хIетахь а, чиллан-беттан йуьххьехь лаьцча а полици дIайигинера иза.
Нохчийчуьра эскархочунна кхо шо хан тоьхна урс деттарна
Нохчийчуьра эскархочунна Меджидов Шахьбанна бехкбуьллуш таIзар тIечIагIдина Къилбан тIеман гонашкара кхело – шеца летачу хенахь урс хьакха гIоьртина иза шен накъостана. Йукъарчу рожан хьелашкара колонихь даккха контрактхочунна кхо шо тоьхна, могушаллина доккха зен дарна.
ТIеман декъан спортзал чохь спарринг дIахьош хиллера эскархой, аьлла ду зорбане баьккхинчу кхелан сацама тIехь. Дуьхьал тийсалучо садукъочу хенахь Меджидовс урс даьккхина, йалхозза тоьхна цунна. Важа ведда, бедарш хуьйцучу чохь къайлавала дагахь, амма цига а тIаьхьаваханера тIелеттарг цунна. Ша лелийнарг цунах ларвалар дара, шен дахарна кхерам латтарна аьлла, кхетийна цо кхелехь.
Шина а инстанцешкара кхелана оцу кепара бахьана шеггара кхоьллина хетта – волайнарг боксхойн каранаш доьхкина леташ хиллера, цуьнан могушаллина кхерам цо лахбора, ткъа Меджидов дуьхьал вала тарлора спортзале ваха, йа куза тIе буй тоьхна, латар сацон дезара, хьесап дина кхело.
Меджидов Шахьбана Украинерчу тIамехь дакъалацар а, тIеман ветеран иза хилар а, цхьана декъана бехкехиларна иза къера хилар а чоьте эцна, кхело колонихь даккха кхо шо хан тоьхна цунна, тIеман чинах воккхуш. Вуьшта хиллехь, набахтехь даккха итт шо гергга хан йогIура цунна.
Danone йиссина Кадыровн йишин кIантана
Францхойн Danone компанин дакъа Росимуществон урхалле далар йухадаьккхина Путин Владимира. Цунах хаамбина Оьрсийчоьнан президентан омрана тIехь, амма стенна тIетоьвжина сацам бина, документехь билгалдаьккхина дац. Аьтто болчу эцархочунна бизнес йухкуш бартбаран барамца а, компанино дуьненайукъарчу инвестицин арбитраже иск кховдорна кхерарца а дузу и юристаша, йаздо "Коммерсанто".
Оьрсийчоьнан структурера компанин арахьара дакъа стохка товбеца- баттахь Росимущество урхаллига ханна дIаделлера. Цул а хьалха Danone компанино дIакхайкхийра Оьрсийчуьра арадовлу шаьш, инвестицин проекташ а йерзош аьлла.
Росимущество урхалле дIайеллера "Данон Россия" компанин 83 миллиард акцеш а, "Данон Трейдан" 85 эзар акци а. Цул тIаьхьа Оьрсийчуьра заводийн куьйгалла дан хIоттийра Нохчийчоьнан вице-премьер Закриев
Якъуб – Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йишин Кадырова Зулайн кIант.
Financial Times ресурсан хаамашца, компани дагахь хиллера Оьрсийчуьра шен бизнес ГIезалойчуьра "Вамин" компанина йохка. 29 шо долчу Мингазов Минтимиран долахь йу и.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: