ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хеназчу маренаша тойийр юй демографи?


Нохчийчуьра барельеф
Нохчийчуьра барельеф

Оьрсийчоьнан юстицин министралла зуьйш ю, маца маго деза кегийрхошна доьзал кхолла, 18 шарал лахаяккха еза я ца еза доьзал кхолла мега хан. Пачхьалкхан Дума 2021-чу шарахь листа дагахь ю цунах долу низам. «Къилбаседа Кавказехь чIагIделла лела ламасташ тидаме а оьцуш», Доьзалан кодексехь хийцамбан там бу цо.

Йовзуьйтучу Iедалан Iалашоно гайтарехь, кхушара хийца мега Доьзалан кодексан 13-гIа дакъа а, Федералан «Бахархойн хьал-де гойтучу актех» долчу низаман 26-гIа дакъа а.

Тахана низамаша зуда ялон а, йоIана маре яха а магош йолу хан ю 18 шо. Юкъарадаккхар а ду оцу хьолан – 16 шо кхаьчча магадо маредан я зуда ялон, нагахь санна вовшахкхетачу шиннан дехар меттигерчу Iедало къобалдинехь. Масала, 2016-чу шарахь Iедало магийра 17 шо долчу Гойлабиева Хедина а, 57 шо кхаьчначу Нажи-Юртан кIоштарчу полицин буьйранчина Гучигов Нажудна а доьзал кхолла.

Стенца доьзна айдина Оьрсийчоьно зуда ялор-яхар, доьзал кхуллучийн хенаш охьаяхар? Гарехь, Iедалхойн сагатдо демографин хьоло: бахархойн тIекхиарал а сов ду пачхьалкхехь баларш. Яхначу аьхка вице-премьера Голикова Татьянас дIахьедира, 2019-чу шеран беа баттахь белларш 149 эзар дукха бу тIебинчу бахархойл а, аьлла.

Оьрсийчуьрчу регионашлахь уггаре тоьлла хьал ду демографица Нохчийчоххьий, ГIалгIайчоххьий, боху официало – и ши мохк массарел а хьалха бу бахархой тIекхиарца. Лакхахь ю оцу рейтингехь Дагестан а. Цундела оьцучух тера ду Iедало Кавказерчу хьолах масал.

Делахь а, хала ду къасто, мел хан йолуш боьлху Къилбаседа Кавказехь зударий маре, маца даладо нускалш кегийнаха. Дукхахболу доьзалш вовшахкхета бусалба гIиллакхехь, Iедалан хьуматах чекх ца бовлуш. Амма тергамчаша бахарехь, хаало нускалийн шераш хьалхачул лахделла.

Дагестанерчу «Нана а, бер а» юкъараллин куьйгалхо ю Джабирова Маликат. Бер халчу хьолехь дечу наношна орца латточу дарбан цIийнан лор а ю иза. Хеназа мареяхначу зудчунна хала ду дуьххьара доьзалхо дуьненчу ваккха, боху цо.

"Кхиина даланза долчу дегIана хала хиларал совнах, хала ду тIех жимчу зудчунна шен кхетам шегарчу хьолана тIаьхьакхион а. Дукха хьолехь, цаьрга лоьро дечу «зударийн хеттаршна» жоп ло уьш дарбан цIийне балош богIучу марнаноша. Кхин цхьа хIума а ду ас тергалдина, оцу тIех къоначу зударийн марош царел 10-15 шераш баккхий хуьлу».

Хьалха заманахь могIара хилам бара жима йоI мареяхар, амма Советан Iедало иштаниг дихкинера, хIинца юха а дIабуьйлабелла божарий кегий зудабераш маре кхийла, дуьйцу Джабировас.

"Дукха хьолехь, мароша школа чекхъяккха я институте баха ца буьту шайн кегий зударий, цундела цхьа а говзалла а йоцуш буьсу уьш. Амма олу дагестанхоша, кIант дика велахь, къахьоьгуш велахь, хIума а дац цуьнга къона йоI яхарх. Дена-нанна а хуьлу синтеме: хила тарлучу юьхьIаьржонах кхера ца оьшу царна, шаьш йоI маре дIахьажийна бевлча», - боху юкъаралхочо, ламастийн дика агIо йовзуьйтуш.

Башкирера юрист ю Меркурьева Мария. Бусалбанаш цхьаьнакхетар тIечIагIдеш йолчу никIях-кепах чекхбуьйлу кегийнаш дукха хьолехь, оцо бух ло Iедална церан доьзал къобалбан, боху цо.

"Со ца кхета, хIун дика карадо 14 шо кхаьчча маре боьлхучарна. Алименташ ненан шерашка хьожий луш дац беранна. Пайде хила тарло цунна низамо доьзалхочунна беш болу аьтто – амма дукха гина суна, божарша шайн бахам а, шаьш доккхучу ахчан барам, ца бовзуьйтуш, къайлахьош. Муха къийсалур ю оцу хьолаца къона зуда? Бер бац аьтто», - боху Меркурьевас.

Мехкарий дукха хьалхе маре бахарца кхин цхьа минус а го Башкирерчу юристна. Цо бахарехь, низамо массо а кепехь шех жоп луш адам лору зуда ялориг а, маре йоьдург а. «Ткъа муха лара деза 14 шо бен доцу адам кхиина даьлла?» - ду цунна жоп карош доцу хаттар.

Москвара юрист Селезнева Екатерина тешна ю йоI хеназа маре яха магийтаро «Беран бакъонийн деклараци» талхош хиларх. Масала, сов къоначу зудчуьнгара дIайоккху школа чекхъяккха йолу бакъо а, декхар а, боху цо.

Хохлатова Евгения Москвара психолог ю. «Синбахамалла халкъехь дебаре терра тIехьататтало зударша шайна маребаха магош йолу хан а. Дешна зударий тIаьхьа боьлху маре, юккъера барам схьаэцча, 35 шо кхаьчча до зударша шайн хьалхара бер, изза Европехь а», - элира цо.

Социалан машанашкахь шуьйра йийцарейо урхаллаша кечйина низаман проект. Блогершна хетарехь, педофили маго доллу Оьрсийчоьнан Iедал. Кхиаза йоI хьийзийначу стагна таIзарх хьалхавала аьтто луш хир ду и низам, яздо цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG