ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан къайлаха сервисаш зулам дина хилар Iорадаьккхина Европехь


Олег Орлов

Оьрсийчоьнан къайлаха сервисаш, 2007-чу шарахь Назранехь “Мемориал” вовшахтохараллин куьйгалхо хиллачу Орлов Олегна а, РЕН-ан журналисташна тIелатар дарна бехке ю, аьлла сацам тIеэцна адамийн бакъонашхула йолчу Европан кхело. И сацам зорбане баьккхина Зазадоккху-беттан 14-чу дийнахь. Европан кхело зуламах зен хиллачарна 84 эзар сом компенсацина далар Оьрсийчоьнна тIедожош сацам а тIеэцна. Кхело дIахьедарехь, церан маршонна а, доларчу бахамна а йолу бакъо йохийна Оьрсийчоьнан къайлаха сервисаш. Цул сов суьдо бакъдина, царна Оьрсийчоьнан сервисийн белхахоша ницкъаца гIело йина хилар а. И хаам баржийна "current time".

XS
SM
MD
LG