ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Массо а мехкашкара вайнах, цхьаьнакхета!


Муртазалиева Зараъ

Итт шо кхаьчна Европехь вайнехан студентийн Wey-Du юкъаралла кхоьллина

Йохк-эцарарца а, политикаца а йоьзна йоцчу нохчийн а, гIалгIайн а студентийн Waynah European Youth Development Union - Wey-Du -юкъаралло болхбо 2009-чу шарара схьа.

Цунна "Одноклассники" машанехула бух биллинарш бара вовшашца зIе лоьху Бельгера кегийрхой. Итт шерачохь юкъарлоно шен декъа а оьзна, цуьнан цIарах къахьоьгуш бу Европерчу дуккха а мехкашкара вайнехан студенташ. Шайн низам а, шайн белхахой а бу Wey-Du боламан.

Шаьш кест-кеста хIитточу барамашка кхойкху кегийрхоша нохчийн а, гIалгIайн а Iилманчаш – историкаш, вайнехан синбахам бевза говзанчаш. Шайна чIоггIа дагах а кхетташ, къамелаш хилира шайца филологан, философин Iилманчин докторан, нохчийн фразеологизмийн дошамийн авторан Байсултанов Даудан, историкан Яшуркаев Султанан (стохка кхелхина иза), опера лакхархочуьнца Хасанов Зайндица, дагалоьцу студенташа. Цара дийцарехь, кхушара уггаре бIаьрла цхьанакхетар дара вайнехан дуьненаюкъарчу сагIадечу "Салсабиль"хьукматца хилларг.

"Кавказ.Реалиин" корреспондентан Wey-Du боламо бинчу а, бечу а балхах лаьцна къамел хилира цуьнан куьйгалхочуьнца Исаев Артурца.

Артур, юхьанца муха яра шун Iалашонаш, уьш кхочушъялой шуьга?

– МогIара ю тхан Iалашо – кегийрхошка информаци дIакхачор, дикачу гIуллакхашна уьш гIиттор, царна хьекъалца кхиа аьттобар. Бизнесехь, кхоллараллехь тоьлла гIулчаш яьхначу вайнахе шайн хаарш къоначу чкъуре дIадалийта лаьа тхуна, лаьа тхайн нийсархоша цаьргара масал оьцийла. Сессеш, мастер-классаш вовшахтуху оха оцу Iалашонца.

Дуккха а ду данделларг. Урхалла деш 16 стаг ву тхох, волонтераш а бу. Европерчу нохчийн, гIалгIайн кегийрхошна юкъа уьйр тосу оха, вовшахъетта Европехь болу вайн кегийрхойн боламаш. Дуккха а ю тхан, кхочушъян атта яцахь а, тхуна мехала хета проекташ.

Пхи барам дIабаьхьина оха 2018-гIачу шарахь. Iилманаш хьехарца, медиа-гIуллакхаш Iаморца боьзна бара уьш. Кегийрхойн шерашка хьаьжжина вовшахъетта оха сессийн тобанаш.

Кхушара дIабахьа дагахь ду бархI барам. Йолор ю еххачу ханна лерина ши проект. Аьхке ерзале уггаре жима тхайн декъашхой Европан лаьмнашкарчу садоIийлашка а буьгур бу оха. Цигахь ненан меттанаш хьоьхур бу, Нохчийчоьнан а, ГIаогIайчоьнан а истори, синбахам бовзуьйтур бу, Iамор ду вайнехан хелхар.

- Уггаре боккха барам муьлханиг бу шун Iалашонехь?

- Белгехь нохчийн, гIалгIайн меттанаш, синбахам, истори, кхидолу вайн къаьмнийн хазанаш хьоьху школа схьайоьллур ю оха кестта. Мукъаденошкахь болхбеш хир ю иза. Лаьа вайн къаьмнийн берашна шайн дайн-нанойн хьесапаш, хатI тIеэца аьтто бан. Вайн кегийрхошна гIоден юкъараллаш кхоллаяларе догдоху оха Европерчу массо а мехкашкахь.

Карара бутт болалуш Белгерчу Антверпенехь студентийн рогIера гулам вовшахтуьйхира оха. Европера веанера вайнехан 250 студент. Цаьрца цхьаьнакхийтира Эйндховенерчу Техникан Университетера физикан доктор, Белгерчу Johnson & Johnson фирмин коьрта Iилманча-белхахо Саидов Тамерлан а, Швецерчу энергетикан, индустрин компанин векал Бислиева Iайшат а, "Салсабилан" векалш а, вайнехан диаспорийн хьалханчаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG