ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евробертан пачхьалкхашка виза ца оьшу гуьржашна


Гуьржийчоьнан бахархойн бакъо ю Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхашкахь 90 де даккха эха шера чохь.

Гуьржийчоьнан бахархой бакъо ю виза а йоцуш Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхашка баха. И раж болх бан йолаелла шинарин дийнахь Зазадоккху-беттан 28-чу дийнахь дуьйна. Гуьржийн хIинца аьтто бу биометрикан паспортца Шенгенан зонана юкъайогIучу пачхьалкхашка баха.

Вуьшта аьлча, гуьржийн паспорташ долу нах маьршша баха йиш йолуш бу муьлхха а Европерчу пачхьалкхе, Британи а, Ирланди а йоцург.

Мел хан яккха бакъо ю гуьржийн виза йоцуш Евробертан пачхьалкхашкахь?

Гуьржийчоьнан бахархойн аьтто хир бу Евробертан пачхьалкхашкахь 90 де даккха эха шера чохь. Амма цу пачхьалкхашкахь болх бан бакъо яц церан. И низам дохийна нах цIаберзор бу Гуьржийчу, 3 000 евро гIуда а тоьхна. Цул сов, царна 5 шаранна доьхкур ду Евробертан территоририна тIе бовлар.

ХIун оьшу гуьржашна виза йоцуш Евробертан пачхьалкхашка баха?

Гуьржийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло билгалдаккхарехь, доза хадо луучуьнан дезар ду цхьамогIа дозанхойн хаттаршна жоьпаш дала. Цул сов, церан гайта дезар ду Iедалан белхахошна Гуьржийчу юхаверза эцна билеташ а, медицинан кхерамазаллин кехат а, хIора денна дайа 50 евро барамехь дагардина ахча а, ткъа иштта хьешан хIусамехь чоь кечйина хиларан, я хьошалгIа кхайкхина хиларан тоьшалла а.

Гуьржийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Джанелидзе Михаила, РИА Новости агенталлана интервью луш ма аллара, коьртаниг ду, нагахь оьшуш меттиг нислахь, Евробертан территори тIе волучу стаге тешалур хилар дозанхой, ша цига цхьана ханна воьдуш хилар.

Муха тIеэцна гуьржаша Евробертаца виза йоцу раж юкъаяккхар?

Кху шеран Зазадоккху-беттан 26-чу дийнахь Гуьржийчохь даздира виза йоцу раж юкъаяккхар. Тбилисехь Европан майданехь концерт хилира. Цул сов, Евробертан бос лоручу сийначу басахь серладаьккхира телевизионан чардакх а, Машаран цIе лело тIай а.

Муха кхечира Гуьржийчоь Евробертаца виза йоцучу роже?

Чиллан-беттан 27-чу дийнахь Евробертан кхеташоно тIеийцира Гуьржийчоьнца визан раж кIадьярх лаьцна кеп. Зазадоккху-бутт болалуш гуьржий маьршша Евробертан пачхьалкхашка бахкийта кхаж тесира Европан парламентан депутаташа.

2016-чу шарахь Лахьан-баттахь Европарламенто къобулйира, виза йоцу раж юхаяккха оьшур йолу кепаш. Иза хила мегаш ду, масала, нагахь Евробертан территори тIехь дуккха а цIаберза ца луу гуьржий хилахь. Оццу шарахь Мангал-баттахь Гуьржийчоьнан президенто Маргвелашвили Георгис дIахьедар дира, шаьш декъашхо хила лууш ду Европерчу доьзалан аьлла.

XS
SM
MD
LG