ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Футбол ловзучу майданара шен сурт зорбане даьккхина UFC-н экс-чемпионо Нурмагомедовс


Футболан майданахь даьккхина сурт шен инстаграме хIоттийна UFC-н хиллачу чемпионо Нурмагомедов Хьабиба. "Исбаьхьа футболан Iуьйре", - аьлла, яздина латархочо кевнашна хьалха лаьттачу шен суьртана бухахь.

Мангал-беттахь ХIинжа-ГIаларчу "Легион Динамо" футболан клубо дехар динера Нурмагомедовга, шайца ловза контрактна куьйгъяздахьара аьлла. Клубан президенто Лахиялов Шемала хаам бира цунах лаьцна шен инстаграмерчу аккаунтехь.

Спортхочуьнца хIоттийначу бертан боллу чулацам бовзийтинера цо, амма хоуьйтуш дацара гонораран барамах, дацара латархочо таIийна куьйг а.

Нурмагомедовс жоп деллера, за кийча ву "Легион Динамо" клубехьа майдана вала, нагахь санна, команда ловзур елахь Премьер-лигерчу футболхошца.

  • UFC-н массо а рейтингашкара дIаваьккхира ийначу кепехь латаран чемпион волу дагестанхо Нурмагомедов Хьабиб, цо шен спортан карьера ерзош хиларх дIахьединчул тIаьхьа. Стохка ГIадужу-баттахь Нурмагомедовс дегIан лахарчу йозаллехь кхозлагIа яьккхира чемпионан титул, эшийра америкахо Гейджи Джастин. И латар дирзича кхайкхийра цо ша профессионалан спорт юьтуш хилар. 32 шо долчу Нурмагомедовс ша эйинчу кепийн летаршкахь волуш дIадаьхьина 29 цхьаьнакхетар, ца эшна цкъа а. Форбсан зерашца, цуьнан бахам бу 12 миллион долларшкахь, хаааме даьккхина "Медузо" (Оьрсийчоьнан Iедалша арахьарчу агентийн тептаре язйина, "Медузан" редакци цуьнца реза яц.-Редакцин билгалдакхар.).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG