ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абхазерчу мозгIарийн дов луьстуш ву Патриарх Кирилл


Керла-Афонерчу килсахь, Абхази
Керла-Афонерчу килсахь, Абхази
Гилоян Элеонора

19-чу бIешарахь йилличу Керла-Афонан килсахь хьехамаш бенберг ца къаставалуш, девне бевлла хьийза абхазойн мозгIарш. Президента Хаджимба Раула гIодехна Оьрсийчоьнан Патриархе Кирилле.

Шан хьажийначу кехатехь Хаджимбас Оьрсийн ортодокс-килсан куьйгалхочуьнга доьху мозгIаршна Дбара Дорофейна а, Ампар Адгурна а хьехамаш бар доьхкуш хьалхо бина сацам юхабаккхар. Дехарна буха куьг яздина Сухуми-Пицундин епархин куьйгалхочо иерей Аплиа Виссариона а.

Нагахь санна Оьрсийн Килсан хьалханчас къобалдахь, Виссариона а, Дорофейс а керстанашна хьалха хьехамаш бар долор ду Керла-Афонан килсахь.

Абхазехь байна бутт берриг а дIабахара мозгIарийн къовсамаша бахархошка сагатдойтуш. Къийсалург ю ши тоба – Сухуми-Пицундин епархи а (коьртехь ву Виссарион), Абхазин Езачу митрополин кхеташо а (хьалханча – Дорофей). Кхаа кIиранах Керла-Афонан килсахь хан яьхьира Сухумера баьхкинчу мозгIарша. Килса лелачу нахана хьехамаш бан а гIиртира уьш, амма бухарчу мозгIарша килса чу буьтуш бацарна, шайн агIончашца юкъарло арахь лелон дийзира церан.

Кху беттан юьххьехь гуттар а марсаделира дов – Пицундерчу килса гулбала буьйлабелира Сухумерчу а, Афонерчу а килсашка лела нах. Къовсам гена цабалийта, Дорофейс а, Виссариона а юкъахь хьехамаш бан барт бира килсахь. Амма Виссарионан бакъо яц, Оьрсийчоьнан ортодокс-килсан коьрто бина бехкам а бохош, Дорофейца цхьаьна наханна хьалха хIитта.

Цундела доьху Патриарх Кирилле мехкан президента Хаджимбас архимандритна Дорофейна а, иеро-мозгIарна Адгурна а 2011-чу шарахь бина бехкамаш тIерабахар.

Езачу митрополин хьалханчина Виссарионна хетарехь, Патриарха Кирилла Дорофейна а, Адгурна а тIехь лаьтта таIзар юхадаккхахь, Абхазин митрополин а, Сухуми-Пицундин епархин а юкъаметтигаш йохлур ю. Нагахь барт хилахь, цхьаьна хьехамаш бина ца Iаш, шина агIоно цхьаьна къуьйсур ю абхазойн килсан маршо.

Кху беттан хьалхарчу деношкахь хиина Керла-Афонан килсанна Хаджимбас Оьрсийчоьнан патриархе дехар дахьийтинийла. Оцу документан копи а карахь еара къовсамехь ехачу килсе депутат Смыр Наталья. Цо дийцира нахе Хаджимбас стенна дахьийтина патриархе Кирилле дехар.

"Хууш ду вай, килс а, пачхьалкх а вовшех йозуш йоцийла, делахь а президента элира: "Со кийча ву кху дехарна буха куьг яздан". Аьлча а, кийча ву иза Езачу митрополин а, Сухумин епархин а барт хилитархьама, шегара гIулч яккха", - хаамбира депутато.

Хаджимбас а, Виссариона а динчу дехарна дуьхьал жоп кхачаре са а туьйсуш, шайн-шайн килсашкахь белхаш бо Абхазин Езачу митрополино а, Сухуми-Пицундин епархино а.

Билгалдаккхар

1980-1990-чу шерашкахь шина декъе екъаелла Абхазера килсаш. Йозуш яцахь а, территорица Гуьржийн ортодокс-килсийн дакъа ларало уьш. Шина махканна юкъа конфликташ йоларца шина агIоне екъаелира уьш а – Оьрсийчоьнан а, Гуржийчоьнан а патриархаташкахьа. Оцу къовсамна юкъайоьлла желтойн килсехьа долу дакъош а.

1993-чу шарахь Абхазера дIадоьлхучу гуьржийн эскаршца цхьаьна мохк дIатесира гуьржийн мозгIарша а - церан коьртехь вара Гуьржийчоьнан Сухуми-Абхазин епархин митрополит Даниил. Арбзинба Владислава куьйгалла дечу Абхазин лаьттанаш тIехь коьрта мозгIар хIоьттира къомах абхаз волу мехкан боламийн жигархо Виссарион-мозгIар.

1993-чу шарахь Абхазерчу мозгIарийн гуламо махкара епархи дIалелор тешийра Виссарионна. 2011-гIа шо кхаччалц вовшашна тIеIаткъамаш ца беш болх бора Виссарионан епархино а, Гуьржийн килсехьа болчу мозгIарша а. Ткъа Дорофейс дIалелош йолу Керла-Афонера килс яцара я цуьнца а, я вукхунца а – Желтойчуьра хуьлура цунна гIо.

​Дорофей коьртехь волу Керла-Афонера килс тешна ю Абхазера мозгIарш цхьаннах а хила ца беза бозуш бохучух. Оцу агIонна лаьа Абхазера мозгIарш а, церан коьртехь лаьттанволу епископ а, Дуьненан патриархах бен возуш а воцуш, махкара хуьлийла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG