ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шо ду Мачаликашвили Малхаза къуьйсу


Орагвелидзе Ираклий "Эхо Кавказа"

"ХIоттор вац со Iедало гора", - дIахьедина Мачаликашвили Малхаза кху оршоьтадийнахь. Шо кхаьчна цо Гуьржийчоьнан парламентна хьалха четар хIоттийна – таIзардар доьху Паьнгазахь операци дIахьош шен 19 шо долу воI Темирлан вийначарна.

Ша къовсам болийна шо кхочуш Мачаликашвили Малхаза хаам баржийна, протестан акцеш Тбилисехь хIиттийна а Iийр вац ша, яржор ю ерриг а Гуьржийчухула, аьлла. Руставин майданахь цо дийцира журналисташна шарахь ша лайначу халонех лаьцна. Пачхьалкхо шена Iаткъамаш бахь а, юхавер вац ша а, шен накъостий а, бохура цо.

«Сан воI вийна цхьа шо ах шо даьлла, оцу хена чохь Iедалхоша суна дуьхьал шантаж, провокацеш латтийна, сан цIе бехъян гIиртина. Царна шаьш со кагвийр ву моьтту, сатуьйсу со горавоьжна гаре. Иза эрна ду – къийсам латтор бу ас, Темирлан вер дуьтур дац царна. Керла провокацеш кечъеш ду Iедал, со декъахь хилла воцу аудиош яржайо. Тахана пачхьалкхца тIом беш ву со, Иванишвилина тIера волавелла, лахарчу хьаькамашна тIекхаччалц," – элира Мачаликашвилис.

Мачаликашвили Темирлан верца дерг уггаре йоккха проблема ю, аьлла ша шарахь цкъа адамийн бакъонаш жамIашка йохкуш парламентехь дечу къамелехь Халкъан ГIортор шех олучу мехкан коьрта бакъоларъярхочо Ломджария Нинос кху деношкахь. Омбудсмено бахарехь, хIинца а жоп ца делла Iедало, мел хьашто яра ницкъхошна жимастаг вен.

«Шараххьий ялх баттаххьий бинчу талламо билгал ца даьккхина Мачаликашвили Темирлан кхалхаран бахьана, хьелаш. Кхеташ ду, оцо дестадо резадацарш, протесташ. Тхуна хетарехь, чекхъялла талламо жоп дала деза хан. Иштаниг дуьххьара нислуш а дац – дукха хьолехь тIех сов бахбо талламаш, царех дерг ца довзуьйтуш Iа прокуратура. Изза леладо гIарабевллачу массо а девнашца", - бохура Гуьржийчоьнан омбудсмено.

Мехкан оппозицино къобалдо и къамел. "Европера Гуьржийчоь" партин векална Тугуши Георгийна хетарехь, адамийн бакъонаш хан мел йолу а алсам талхош схьадогIу Iедал.

«Вайна ма-гарра, 2017-чу шарахь а дира омбудсмено изза къамел, цо гойту Iедало адамийн бакъонаш хьешар дуьтуш доцийла. Тергоне даккха деза нехан тидаме доьжна девнаш таллар прокуратуро даима а дахдеш хилар, оцу могIарара ду Халкъан ГIорторо шен къамелехь хьехийна девнаш а", - боху Тугушис.

Шатайпа позици гайтина парламентан адамийн бакъонашкахула йолчу комитетан куьйгалхочо Киладзе Софос омбудсмено динчу дIахьедарна дуьхьал.

"Оха тхаьшлахь динчу къамелехь пачхьалкхан кхерамзаллин урхаллин куьйгалхочуьнга Гомелаури Вахтанге хаьттира Мачаликашвили Темирлан верах дерг. Цигахь тоъал жоп делла оппозицина. Керла хаамаш шен бойла хилча, цуьнан таро ю парламентан комисси кхолла", - аьлла Киладзес.

Кхузахь билгалдаккха догIу, Iедал реза ца хилла, вийначу кIентан дас Мачаликашвили Малхаза мел дехча а, бохам зен йозушйоцу тоба кхолла. Боху, Iедалан талламхой бу шайн болх дIахьош, цо къастам бича, ойлайийр ю ша. Жимастаг вийна 1,5 шо даьлехь а сиха яц прокуратура шен дош ала. Юьхьанца прокурораша бохура, ницкъхой декхаре хилла кIант вен, цо граната яьккхина ша лаца баьхкинчарна дуьхьал. Амма доьзало иза харцдо, цо дийцарехь, Темирлан ца кхиина самавала, шен меттахь наб еш хилла, вийна бахьана доцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG