ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Паьнгазхойн гIаттам


Шаьш шайн махкахь гидроэлектростанци юьллуьйтур яц боху паьнгазхоша

Биркиани юьртана гергахь, Алазани хи тIехь, йилла йолош яра гидроэлетростанци. Дуьхьалбевллачу наханий, полициний юкъа дов доьлла болийна белхаш бахьанехь.

ГIожмаш, тIулгаш дара бахархойн "герз". Царна дуьхьал резаьнкин даьндаргаш, бIаьргех хидоккху газ йиттира полицино. Иттаннаш лазийна шина а агIор.

Паьнгазхой Iедалан проектна – хи тIехь юьллучу жимачу гидроэелектростанцина – дуьхьал буйла хьалхе дуьйна а хаьара Тбилисехь. Алазани тIехь белхаш бан боло беза хан тIехъиккхинера тоххара – 2018-чу шеран Iай болор бу аьлла дара, амма ханна тIехьатеттинера халкъ реза доцийла хиича.

Стохка гурахь Паьнгазерчу зударийн юкъаралло, масала, дIахаийтира шайн ярташкара бахархой дуьхьал буйла хи а, Iалам а "хIаллакдайта". Амма ца сацабелира протестхошка станци еш болийна болх.

Лаьмнийн ирхенех, пурхенех лаьттачу пачхьалкхехь ца хилча ца йовлу алссам гидростанцеш. Хадори хи тIехь станци йиллира 2004 шарахь. 30 миллион китайхойн долларш, аьлча а, Малхбаленан-Сынчуанан электрокомпанин ахча дара цуьнан декъадиллина. Ишта станцеш Гуьржийчохь дуккха а яхка Iалашо шена тIеийцира китайхойн компанино.

Ши бутт хьалха паьнгазхойн Биркиани юьртахь "Ходори-3" станци юьллу аьлла долийра Iедало. Гуламашка бевлира дуьхьалончаш. Уьш богу станцино шайн Iаламна зен дарх, боху, хи доцуш юьсур ю Дуиси, Биркиани. Iедал гIерта нах кхето: 5 мВт бен ток луш йоцу станци хуьлийла дац кхераме.

Протестхошка собаре хилар доьхуш, паьнгазхошка вистхилла Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Гахария Георгий. "90% бахархой резахилча бен йийр яц гидростанци - ишта бу тхан сацам", дIакхайкхийна цо протестхошца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа. Барамехь дакъалецира мехкан Iаламан министро Давиташвили Левана а, регонаш кхиоран министра Цкитишвили Майяс а.

Полици, бахархой вовшахтийсабеллачу Паьнгазахь хадеш лела ницкъхой. Царех доккхахдолу дакъа дIадигина Ахмете – кIоштан центре. Iедалан белхахойх леттачарна таIзар дийр ду, аьлла Iедало.

Паьнгазах лаьцна язйинчу книгин авторна, блогерна Дишнийн Тумина хетарехь, таIзар тIех шога хилахь, Iедало бехкбоцурш хьабахь, "гIовттур бу Гуьржийчуьра массо а нохчий". Iедална дуьхьал бац паьгазхой, дуьхьал бу Iалам шайн талхадарна, элира Тумис.

Гуьржийн политолог Васадзе Гела тешна ву "Iедалан меттигерчу векалша тоъал болх ца бина бахархошца, ца кхетийна нах хьолах" бохучух.

Инвесторша хьалххе барт бан безаш хиллера юьртан администрацица, кхин ду нагахь санна Iедална цуьнца къамелдан ца лиинехь, ца даьшнехь, боху политолого. "ХIинца полици шен ницкъ гайта гIерта, ткъа Паьнгазан проблема яц гучуяьлларг, халкъаца Iедало шен хенна къамел дина дацарна ду дерриг ", аьлла хета Васадзена.

Социалан машанашкахула хьал тергалдо вуно дукха наха, паьнказхошка а, царна орца эцна баха тарлучу Нохчийчуьрчу бахархошка а собаре хилар доьхурш а бу дукха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG