ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германин регуляторан шеко кхоллаелла, RT лицензи йоцуш болх беш хила мега аьлла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Германин медиарегулятора таллам болийна Оьрсийчоьнан Russia Today (Оьрсийчоь тахана) пачхьалкхан телеканалан немцойн маттахь болх бечу RT каналца боьзна. Цунах лаьцна яздо dpa агенталло. Хьукматана хета телеканала программа йолийна аьлла немцойн маттахь, Германин Федеративан Республико болх бан елла лицензи а йоцуш.

Dpa агенталло яздарехь, Russia Today лицензи яккха гIоьртира Люксембургехь, амма иза дан аьтто цабелира. Оьрсийчоьнан телеканалан лицензи ю, Сербехь елла йолу. Цо бакъо ло телепрограммаш гайта Европерчу 33 пачхьалкхехь, амма Германехь болх бан лицензи хила еза цуьнан меттигерчу регуляторера.

RT телекомпанино билгалдоккху, трансдозанан телевизионах лаьцначу Европан конвенцица о догIуш, шен бакъо хилар, ФРГ-хь программаш гайта, Сербино еллачу бакъонах пайда а оьцуш.

Талламан жамIашца немцойн медиарегуляторо дехка мега RT телекомпанина Германехь программаш гайтар я гIуда тоха мега.

RT-хь кхетийра Москвара болх бечу немцойн маттахь телеканалана таллам беш ца хилар а, юьйцург RT DE Productions компани хиларх а. Цо еш ерг контент ю, программаш гойтуш яц цо.

  • Гезгмашин баттахь Russia Today-н немцойн маттахь йолчу RT – RT DE а, Der Fehlende Part а ши проектдIакъевлира YouTube видеохостинго. Оцу хенахь дийцира кналаш дIадаьхаран бахьана COVD-19 лаьцна харц хаамаш баржор ду аьлла.
  • ГIура-беттан 16-хь YouTube-ан платформехь керла– RT auf Sendung – ьканалан гучуделира, немцойн маттахь Russia Today компанин программашна трансляци ян кхоьллина долу.
  • Оццу дийнахь видеохостинга дIадаьккхира иза, Гезгмашин-баттахь юкъадаьхна дехкарш цо дохорна. YouTube компанино кхетийра, нагахь канал дIадаьккхинехь, долахочуьнан бакъо яц иза лело а, муьлхха а YouTube-хь кхин канал кхолла а аьлла.
  • Роскомнадзора тIедожийра Google-на блок дIаяккхар Оьрсийчоьнан пачхьалкхан RT (Russia today) телеканалан немцойн маттахь йолчу редакцин YouTube -каналашна. Шен кехатехь Роскомнадзора чIагIдора, Google-о динчо "йохайо маьршша хаамаш дIасабаржо йолчу бакъонан коьрта принципаш", иза цензуран акт ю, Оьрсийчьурчу зорбан гIирсашна йина йолу, бохуш. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло кхерам тесира YouTube-на а, немцойн ззорбан-гIирсашанна дуьхьал гIуллчаш яха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG