ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь дешархой чохь болчу автобусна тIелеттачу бевзаш боцчу наха йиттина машенлелорхочунна


Йохийна автобус

ГIалгIайчохь дешархой дIасалелочу микроавтобусна тIелеттачу масех стага йиттина машеннна урхалла дечунна. ГIуран-беттан 7-чохь ГIалгIайчуьрчу Экажево эвларчу цхьахболчу урамехь бевзаш боцчу наха шина машенахь баькхина некъ дIа а къевлина, травматикан герз диттинера, бераш дуьгучу микроавтобусна тIе. 32 шо долу меттигера вахархо хилла автобус лелориг, иза машенчуьра охьа а ваьккхина, гIожмаш йиттина цунна, яздо Новости агенталло. Автобусчуьрчу пассажирашна зенаш ца дина.

ГIалгIайчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллан хаамашца, тIелатаран бахьана хила тарло латтана тIехула царна юкъахь лаьттина дов.

  • Хьалхо яздора, гIалгIайн Экажево эвлахь Lada Granta машенна герз диттина, меттигера вахархо вийна аьлла. Бакъоларъяран органашна хетарехь, чIир йоькхуш вийна хила тарлора иза.
  • Марсхьокху-беттан юккъехь Несаран кIоштарчу СурхохитIехь бевзашбоцчара герзаш диттира "Нива" машенна, хIетахь вийра меттигера вахархо Аушев Мухарбек.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG