Доьзалехь Iазап лайначу ГIалгIайчуьрчу йоьIан кхалхар, Украинехьа тIом бина нохчийн тIемало Соьлжа-ГIала йухаверзар, Кадыров Рамзанан Чехера говр лачкъийна, цIайалор, ХIирийчохь къизаллийца адам дийна полисхо набахтера арахецар - цу дерригенах а, кхиндолчух а Маршо Радион 11-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
ГIалгIайчуьрчу Iазап лайначу йоьIан кхалхар
4 шо долу Самира кхелхина тезет хIоьттира ГIалгIайн Малгобекехь. 2023-чу шарахь, охан-беттан 27-хь кхетамчохь йоцу йоI лазартне кхечира - шен доьзалехь Iазапехь латтош хиллера бер. Лоьраша цуьнан пневмони йу, дуккхачу таIзарийн лараш йу элира. Цул совнах йоI эвхьазаллица хьийзийна хиларан билгалонаш гучуйевлира, боху мед-зерашна тIетевжаш, Кавказ. Реалии сайтаца къамеле бевллачара. Лоьрийн сацамна тIетовжарца, изза дийцира гIалгIайн блогерша, жигархоша, Iеламнаха, адвокато. Талламан комитетан урхалло кхо кIира даьлча, дIахьедира, эвхьазаллийца бер хьийзор хьокъехь шаьш зераш дарах.
ЙоI кхалхарах стигалкъекъа-беттан 16-хь шен телеграм-каналехь хаамбира мехкан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас. "ЦIийн луьрачу цамгарца къийса ницкъ ца тоьуш, биси лоьраш",- йаздира цо. Хьалхо беран и тайпа цамгар хиларах дуьйцуш дацара. Машанашкахь наха дийцаре динарш Калиматовс комментарий ца йеш, дитира. Стигалкъекъа-беттан 5-хь Талламийн комитето дIахьедира, хаамийн гIирсаша кху гIуллакхах харц хаамаш баржийна аьлла- билггал муьлха хаамаш буьйцу - ца кхетийра. Стигалкъекъа-беттан 17-хь урхаллехь керла агIонаш ца йуьйцуш, гIуллакх кхечу тIегIанна тIедаккха лерина хилар дIахьедира.
ЙоьIан нанна бехкзуламан гIуллакх долийна. Шен лаамца могушаллина даккхий зенаш дарна, дикка декхарш кхочушдеш, кхиазхочуьнга цахьажарна, аьлла йолчу артиклаца. Кавказ.Реалии редакцино ГIалгIайчохь йолчу Оьрсийчоьнан талламийн комитете а, гIалгIайн омбудсмене Чахкиева Заремига а хеттарш дира. Амма цара уьш жоьпаза дитира. Чахкиевна цо шен белхан декхарш кхочушдар шеконе лаьцна, деш зераш ду. И хаам бира стигалкъекъа-беттан 17-хь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун хьехамчас Чернышева Юлияс.
Стигалкъекъа-беттан 17-хь сарахьо йоIана эвхьазаллийца гIело йина хила тарлочу стеган цIенна чу цабевзачара граната кхоьссира, хаамбо Кавказ.Реалии сайтан махкарчу ницкъийн урхаллийн хьостано. Цу хааман официалан бух бац аьлла ду. Берана ницкъ барна долийначу гIуллакхца дIалаьцна ву республикин Малгобек кIоштара 60 кхузткъе шо долу вахархо, хьалхо чохь ваьллина волу, боккхачу доьзалан да, шен хьосташна тIетевжаш, йаздо "Фортанга" гIирсо. Цуьнан цIенна тIелатам бечу хенахь иза СИЗО кертахь хилла. Цхьа а лаза ца вина, бохуш дуьйцу Mash Gor телеграм-канало.
Нохчийчу веана Украинехьа тIом бина Джамбетов
Украинехьа тIом бечу (ОБОН) нохчийн леринчу Iалашонийн къаьсттинчу тобанан хилла декъахо Джамбетов Хьусайн Соьлжа-ГIала йухавирзина. Иза Соьлжа-ГIала ма кхеччинехь, машанашкахь гучуйевлира и декъехь волуш йаьхна видеош. Цу видеошлахь Кадыров Рамзанан рожана ша резахилар дIахьедан а кхиира иза. Ша цига шен ламмца кхаьчна а элира цо "бакъболчу къонахашна цIаберза неIарш схьайелла" дагахь хилар а хаьийтира. Цунна долийна терроризман артиклаца бехктакхаман гIуллакх ду, иза ша лехаршка дIавелла ву - амма цу дерригено цунна новкъарло ца йира Нохчийчу верза.
Даймахкахь Джамбетов Хьусейнан аьтто белира шен хиллачу мостагIашца къамел дан - стигалкъекъа-беттан 15-хь хьалхалерччу каналехь гучуйелира кхин цхьа ролик. Цу видеочохь леринчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу Iалашонийн полицин полкан куьйгалхочуьнца Чaлаев Замидаца цу полкан декъахошка вистхуьлуш го иза. Йамартхочун куча тIехь - хьалха маьршачу Ичкерин байракхца билгало хиллачохь, - хIинца воккхаволчу Кадыровн суьртаца билгало йу. Шен вистхилар Джамбетовс "Ахмат-сила" олуш, дерзийра. Цул тIаьхьа цо хьалайаьккхина тапча кхоьссира.
Украинехь тIом бечу нохчийн батальонехь болучара Джамбетовс динарг йамарт хIума ду, элира - иза шайн цIе йожийна ца Iаш, кхераме а ду. ОБОН-ан буьйранчин гIоьнчас Амаев Зумсос дийцарехь, тIемалошна хIинца хиъна, вадархо даимна а шайн тобанна эшаме дерг лелош хиллийла. Хетарехь, тIаме валале хьалха, кадыровхоша шайн балхана лаьцна, лелош хилла иза. 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь дуьйна батальонехь хаамийн-зерийн декъан куьйгалхо лаьттина ву иза.
Къобалйанза йолчу Ичкерия республикин хьалханчас Закаев Ахьмада гIарадаьккхира Джамбетов даржах паргIатвоккхуш, ша дина омра. 2022-чу шарахь, гIуран-беттан йалххолгIачохь 6-хь куьг йаздинчу кехатехь билгалдаьккхина ду "могушаллин хьелаш бахьанехь" аьлла. ОБОН батальон Закаевс вовшахтоьхна йу.
ДIадаханчу шеран лахьан-баттахь Кавказ.Реалии редакцино йинчу интервьюхь Джамбетовс дийцира, 13 шо кхаьчначу ша Нохчийчуьрчу хьалхарчу тIамехь дакъалацарх. Ткъа шолгIачу тIамехь шена диверсеш йан а хаьара элира цо. 2003-чу шарахь иза федерал-лехаршка веллера, цул тIаьхьа и Европе дIавахара. Цигахь цунна дуьненайукъара гIо а кхечира.
Чехехь лачкъийна Кадыровн говр Нохчийчу кхаьчна
Кху шеран заздоккху-баттахь Чехерчу божал чохь латтош хилла Зазу цIе йолу шен говр украинхойн лерринчу сервисийн гIоьнца лачкъийна, цIайалийна ша, аьлла дIахьедина Кадыров Рамзана. Цо дийцарехь, говр, лачкъоран кеп хIоттийна, схьайалийна ю. Шен дешнашна цхьа а тоьшалла цо ца далийра. Цул тIаьхьа Кадыровс видео хIоттийра, Зазу цIакхачарах Соьлжа-ГIалахь йаьккхина. Говран билгало – "седа" – видео тIерачу говран хьаж тIехь гушйолчу билгалонах тера йу. Хьалхо зорбане даьхначу Зазун суьрта тIехь хиллачарех.
Амма Нохчийчоьнан куьйгалхочо боху "шен наха" говр лачкъийначу Украинин лерринчу урхаллийн векалшна догIу ахча дIа ца делира, иза "иштнехьа дIайигира". "Цара а, вукхара шайн йукъаметтиг къастошшехь". Стигалкъекъа-беттан 15-хь цо чIагIонца дийцира, говр цIакхачорна ша 18 эзар доллар делла бохуш.
Кадыровс тIаьххьара бинчу хаамна Чехин полицехь болучара хIумма ца элира. Амма хаийтира, къоланан гIуллакхехь шаьш талламаш беш хилар. Кавказ.Реалии редакцино Украинин кхерамзаллин урхаллехь болучаьрга Кадыровн дIахьедаршна комментареш йар дийхира. Амма цара жоп ца делира.
Зазу Кадыровн бахаман цхьа дакъа ду. ГIирмина аннекси йинчул тIаьхьа, иза а йара санкцеш тоьхна, сацийна латтош. Ма-дарра аьлча, бекъа Евробертахь йиса йезаш йара, идаршкахь цунах бôлу пайда Кадыровна дIабалар дихкина дара.
Иракъерчу набахтера зударий Оьрсийчоьне дIалур бу аьлла
Багдадерчу "Русафа" зударийн набахтин куьйгалло Оьрсийчуьра махкахошна уьш оьрсийн набахтешка шайн хенаш такха дIалур бу аьлла, дош делла. И хаам Кавказ.Реалии сайте дуьхьало йинчу тутмакхех цхьамма бира. Бехктакхаман гIуллакхаш йухалистар доьхуш, кхайкхийна мацалла шина кIирнахь латтийра зударша. Набахтийн администрацеша и тайпа тутмакхаш дехьабахаран сацамаш дукхахьолахь беш бац. Цундела иза стенна тIетевжаш аьлла ду, хууш дац.
Оьрсийчу дIайала тарло 21 зуда. Царлахь бу нохчий а, дагестанхой а, дуьйцу тутмакхо. Цо бахарехь, иза цара боккъал дийр ду аьлла тоьшалла дац. "Русафа" набахтера дукхахболу тутмакхаш 15-20 шераш тоьхна латтош бу. Цхьаберш - гуттаренна дIалийцина. Уьш бехке лоруш бу террорхойн "Исламан пачхьалкх" цхьаьнакхетараллица уьйраш латторна.
Кавказ.Реалии сайто дийцира, Иракъерчу "Русафа" зударийн набахтерчу тутмакхех. Царлахь 30 зуда йу: нохчий, дагестанхой, гIалгIай, гIебартой, балкхархой. Корреспондентан аьтто белира цаьрца а, церан гергарчаьрца а зIенейала. Зударех дукхахберш "Русафа" набахтехь болу йалхалгIа шо ду. Царна луург шайн гIуллакхаш йухалистар, шаьш Оьрсийчу йухаберзор ду. Тутмакхаша дIахьедарш дира, шайна дехкина бехкаш харц хиларах, шайн гIуллакхаш кхоччуш дика ца талларах, шайна говза гочдархой а, адвокаташ а цабаларх.
Нохчийчохь ницкъахойн берашна герз Iамор ду
ДIакхелхинчу низамхойн бераш герз лелон Iамон лерина бу Нохчийчохь. Цу Iалашонца уьш Гуьмсерчу "Оьрсийчоьнан спецназан университете" хьовсон дагахь бу Iедалхой. Цу дешаран центрехь кечбеш бу Украинерчу тIаме бохуьйту йолахой а.
Керлачу гIуллакхах дерг Соьлжа-ГIаларчу белхан гуламехь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллийн куьйгалхошка дIахьедира ницкъаллийн блокан куьйгалхочун хьехамчас Кадыров Хьамзата. Иза ву республикин куьйгалхочун вешин кIант a. Хьаькамо элира "хIора доьзалца болх бан беза", "цхьа а тидаме ца лоцуш, ма вита". Хууш дац, Iамийначул тIаьхьа уьш Украине хьовсор бу, бац.
Ницкъахойн бераш Iамон билгалйаьккхина "Оьрсийчоьнан спецназан университет". Украинерчу тIамана йоллучу пачхьалкхера схьагулбеш, кечбечу йолахойн плацдарм хилла дIахIоьттина йу иза. Кадыров Рамзана дийцарехь, цигахь хIора кIирнахь кечво 200 гергга "лаамхо". Карарачу хенахь Кавказ. Реалии редакцина йевза Украинехь кхелхинчу 200 сов нохчийн цIерш.
ХIирийчуьра шен зуда йийнарг набахтера дIахецна
Къилбаседа ХIирийчуьра хилла полисхо Техов Вадим набахтера дIа а хецна, Буьри-ГIала шен цIа а вахна. Техов шен хилла хIусамнана къиза йерна луьрачу рожехь йаккха 16 шо хан тоьхна, чохь воллуш вара. Цунах дуьйцу меттигерчу телеграм-каналаша а, йийначу Гагиева Регинин гергарчара а. Набахтехь волуш Техов ЧВК "Вагнере" дIа а йазвелла, Украинерчу тIаме вахара - 2022-чу шеран лахьан-баттахь и оккупаци йинчу латтанаш тIехь наркотикаш гучуйевлла, дIалецира.
Иза Буьри-ГIала кхачарх кхелхинчун йишин Гагиева Роксанин къамелна тIетевжаш, йаздо "Сапа 15"телеграм-канало. Изза хаамбо Къилбаседа Кавказерчу журналисто Фарниев Заура а. Йоккхачу ханна чувоьллина волу, тIаьхьо йолахо санна тIаме вахийтина Техов Къилбаседа ХIирийчу муха кхаьчна - дуьйцуш дац. Цуьнан цIерачара цу хаамах хIумма ца элира. Гагиева Регинин гергарчара дIахьедар дина (ФСИН) федералан таIзараш кхочушдечу урхалле. Техов паргIатваккхаран бахьана довза лаьа царна.
Гагиева Регина къиза йийра Теховс 2019-чу шарахь, гезгмашин-беттан 18-хь. И хилам Iуналла дечу камераша лаьцна. Техов Вадима шен хиллачу хIусамнанна уьрсаца тIелатар дира. Хилла полисхо 2035-шаре кхаччалц набахтехь латто везаш вара.
ТIаьхьарчу беттанашкахь ЧВК "Вагнеро" набахтешкара тIаме бигначара дуьххьара ца до и тайпа зулам. Царех цхьаболчарна даккхий бехктакхаман гIуллакхаш долийна. Масала, Кубанерчу ЧВК "Вагнеран" хилла йолахочо ша цIаверзарца ши адам дийна. Волгоград махкара виъ Украинерчу тIеман дакъалацархо дIалаьцна кхелахочунна веран кхерамаш тийсарна, тIелатам барна, нуьцкъах ахчанаш даха гIортарна. Царех цхьаъ ву риелтор верна 16 шо хан тоьхна волу Мелконян Арсен. Иза а тIаьхьо ЧВК "Вагнеран" могIаршлахь нисвелира. Амнисти йиначул тIаьхьа цунна дуьхьала даьккхира шолгIа бехктакхаман гIуллакх. Шен хиллачу зудчунна а, кхиаза йолчу йоIана а, шена хан тоьхначу кхелахочунна а кхерамаш тийсарна.
Оьрсийчоьнан бахархошна гушйерш рецидивийн дуьххьарлера тулгIенаш бен йац. Хан мел йела а, пачхьалкхера зуламашца доьзна хьал кхин а эрчадер ду, боху редакцица къамеле бевллачу эксперташа.
Йазло Маршо Радион подкасте: