ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра дIавахна блогер бехкевина терроризм къобалъярна


Белокиев Ислам
Белокиев Ислам

Нохчийн Iедалхошна оппозицехь лаьттачу "Мысли Ислама" ютюб-каналан авторна Белокиев Исламна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх диллина, терроризм къобалъярна. Цунах лаьцна хааме даьккхина цхьа могIа Къилбаседа Кавказан телеграм-каналаша. ГIалгIайчуьру Талламан комитетан урхаллин сайта тIехь оцу бехктакхаман гIуллакхах информаци яц.

"Блогер ву и жимстаг, ша администратор волчу YouTube видеохостингерчу каналашкахула а, Telegram мессенджерехула а Интернетехь яржайо цо террорхойн гIуллакх къобалдеш, цунна пропаганла ен материалаш", - аьлла ду "Розыск Ингушетия" телеграм-каналехь яздина.

Иштта хаамехь билгалдаьккхина, Белокиевс "жигара дакъалацар дозанал арахьа Оьрсийчоьнна дуьхьал хIитточу акцешкахь (Польша, Франци, Бельги, Норвеги, иштта кхин дIа а), цигахь Нохчийчоьнан куьйгалхойх лаьцна вочу агIор къамелаш дина цо" аьлла.

Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь Белокиевс дIахьедина, керла бехкзуламан гIуллакхах лаьцна шена хууш хIума дацарх а, бакъоларъяран органаша шега хаийтина цахиларх а.

"Иза баккъал а дац, Нохчийчоьнан Iедалхошна бекхам бан луур дацара бохург, бегаш санна хIума хир дара. Со тешна ву, дерриг а Кадыровгара схьа ду, амма Нохчийчохь гIуллакх дуьхьал айдар цхьа демонстративе хир дара, цо сан роликашна тIеозор бара тидам, цундела ГIалгIайчуьрчу шайн коллегашкахула деш ду цара", - хаамбина блогеро.

Белокиев Ислама дакъалаьцна оппозицин жигархойн гергарнаш Нохчийчохь лецарна дуьхьал Страсбургехь а, Ослохь а хIиттийначу митингашкахь.

Хьалхо Оьрсийчоьнан ГIалгIайчуьрчу Талламан комитетан урхалло Белокиевна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даьккхира, "Нацизмна реабилитаци яр" аьллачу артиклехь.

Бахьана дара, вайнахана а, кхиндолу къаьмнашна а депортаци ярх а, Сталинан режимо даймехкан тIом боьдучу шерашкахь лелийначу зуламех а дуьйцуш, "Эхьан де" аьлла, ролик арахецар. Иза хеттаршка вуьйлу видео тIехь, тIеман шерашкахь зуламе репрессеш лайначийн векалша даздан догIий Толаман де, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG