ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра вахархо бехкевеш ву Къилбаседа ХIирийчуьра вахархо лачкъо гIортарна


Оьрсийчоьнан талламан комитетан Къилбаседа-ХIирийчоьнан урхалло бехк кховдийна 53 шо долчу вахархочунна "Хьалххе барт а бина, са яккха, герз а лелош, тобанца цхьаьна адам лачкъо гIортарна а, "Низамца догIуш а доцуш герз а, хIоъ-молха дохкарна" а.

Талламо дийцарехь, бехкевечо кхушара Гезгмашин-баттахь сацам бина хилла Къилбаседа-ХIирийчуьра вахархо лачкъо, церан гергарчаьрга ахча даккхархьамма. Шина баттахь полицин оперативан шина белхахочо зуламдийраш санна цхьаьнабеттабелла оцу стагаца. Ткъо цоцуьршинага йийцина шен план а, лур ду аьлла I0 эзар доллар стаг лачкъорна.

Цо оцу стеган сурт а, герз а делла цу шинга, тIелатар деш лело. Цул тIаьхьа полисхоша дийцина шаьш лачкъо везачу стаге дерриг а, цара сурт даьккхина цуьнан дIадихкина куьйгаш а долуш.

"Стаг лачкъийна аьлла тешначу стага 703 эзар смо дIаделла низамаш лардон органийн белхахошка, цул тIаьхаь иза лаьцна", - хаам бо талламан комитетан урхалло.

Бехке веш врег лаьцна ву.

  • ГIалгIайчуьрчу Наьсаран кIоштара ТIой-Юьртахь лаьцна, 23 шо хьалха стаг лачкъийна аьлла кхоллаеллачу шеконашца, 48 шо долу меттигера вахархо Телигов. Оцу шерашкахь бакъонашларъяран органех лечкъаш лелла иза делахь а,Кавказ.Реалиига Талламан комитетан векало дийцарехь, иза лехар сацийна а дацара.
  • Телигов декъах волуш хилла инцидент 1998-чу шарахь нисъелла, ГIалгIайчоьнца дозанехь йолчу Къилбаседа ХIирийчуьрчу Пригородный кIоштан Майский олучу эвлахь. Кхо стаг, царлахь хила тарло Телигов а, машен эца дагахь хиллера. Юхкучу стеган машенчохь нисбеллачу цара, герзаца кхерамаш а туьйсуш, тIелетар динера цунна. Царна дуьхьал тасавеллачу машенлелорхочун ка яьллера ведда вала. Иштта къайлабевллера тIелеттарш а. Дукха ца Iаш царех цхьаъ лецира, йоккха хан а туьйхира цунна. Цуьнца хилларш федералан лехамашка беллера.
  • "Телигов лецира иза вехачу ТIой-Юьртахь. Къайлах лелаш хилла иза, йа маьрша ваьхна ала хала ду, амма шерашкахь само мел а лахъеллера цуьнан", - дийцина Кавказ.Реалиига талламийн органийн векало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG