ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн оппозиционере Хазбиевга ларло аьлла


Хазбиев Мохьмад
Хазбиев Мохьмад

Еарин дийнахь ГIалгIайчуьрчу экстремизмна дуьхьало латточу Центре (ЦПЭ) кхайкхинчу гIалгIайн "Гражданская инициатива" партин лидеран Хазбиев Мохьмадан караделла, кхаа дийнахь хинболу харжамаш герга кхочуш Iедалшца дагаваланза нах гулбеш барамаш хIиттор доьхкуш.

"Хазбиевга дIахоуьйту, Оьрсийчоьнан Конституцица цхьаьна ца догIуш, "Экстремизмна дуьхьалояран" Федералан низаман а, "Гуламех, митингех, демонстрацех, пикетех" а долу ГIалгIайчоьнан Республикан низам а дохорца жоьпалла тIедожош хилар, и барамаш вовшахтоьхначарна а, спонсоршна а", - аьлла ду документа тIехь.

Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Хазбиев Мохьмада билгалдаьккхина, харжамаш хилале хьалха оцу кепара шега ЦПЭ-ра кхаьчна дIахьедар ялхолгIа йа ворхIолгIа ду, оцу юкъанна, цхьана а кепара низамаш дохош митинг йа акци хIотто ша дагахь а вацара аьлла.

"Ас элира ЦПЭ-н белхахошка, махкарчу харжамийн комиссино 20-х шарахь кхаьжнашца фальсификаци лелор - и ю провокаци аьлла. Оха масийттазза вовшахтуьйхира бозуш боцу тергамчаш, баккъал а харжамашка оьху нах 4-5% бен цахилар дIа а яздеш. Ткъа харжамийн комиссино "97" яздора. Цаьрга кхехьийта оьшура, низам дохон мегарг цахиларх дIахьедарш, царна дехка деза фальсификацеш лелор", - аьлла, дийцина Хазбиевс шен полисхошца хиллачу къамелех.

Хьалха гIалгIайн оппозиционеро Хазбиев Мохьмада дIахьедира, Нохчийчуьрчу парламентан спикеро а, Пачхьалкхан думан депутато Делимханов Адама а дов хьедина шега аьлла. Хазбаиевс дийцарехь, бахьана дара, "гIалгIайн къам сийсаздечу нахера" ца бехкбаккхар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG