ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гомофобица тIамна тIера тидам дIаберзор: Къилбаседа Кавказехь гейшна тIаьхьбевлла хьийза


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а Берлинерчу ЛГБТ-боламерчу плаката тIехь, 2019 шо. Гайтаман сурт
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а Берлинерчу ЛГБТ-боламерчу плаката тIехь, 2019 шо. Гайтаман сурт

Оьрсийн бакъоларйархойн кризисан "СК SOS" тобано шаьш 2022-чу шарахь бинчу белхан жамIаш довзийтина. Нийсса 12 баттахь цара Къилбаседа Кавказера ЛГБТ-наханна тIаьхьабевлла леларца доьзна 130 арз тIеэцна. Дукхачарна кIелхьарабовла аьтоо белира. Гендеран шатайпалла бахьана долуш хьийзиначийн терахь кхузза совдаьлла, аьлла дийцина тобанан декъахоша.

Бакъоларйархоша а, жигархоша а 2021-чу шеран гIадужу-баттахь вовшахтохна йу "СК SOS" тоба. Тобанца болх бан буьйлабалале хьалха а бара и декъашхой цу тайпачу нахана гIо деш. Къилбаседа Кавказехь оцу кепарчу наха чуделлачу кехатех ур-атталла цхьана а арзанна тIехула Iедалан белхалоша таллам бина бац, элира тобанан декъашхоша.

Деккъа цхьана 2022-чу шарахь 48 стагана гIо дина "СК SOS" белхалоша, 45 - дозанал дехьа бовлийтина, цигахь кхерамазалла а йоьхуш, 26 – шаьш Iачу регионера, шайна кхерам болчуьра дIабахана.

Адам бехкедина, дIалаца хIумма хала дац Iедалхошна. Хьо ЛГБТК+ нахаца цхьа уьйр йолуш вацахь а

Кхин дIа а довзуьйту цара хьал: 23 стаг Iедалхоша вала-вола ца вуьтуш, хьийзош вара. 28 – шайн гергарчара ницкъбеш. Цхьаберш - цара а, цара а таIзарш диначарех лору тобано. Царах цхьаъ ву Нохчийчуьра Селимханов ИбрахIим. "СК SOS" тобане 2020-чу шеран лахьан-баттахь гIо дийхира цо. Шен наха Iен ца вуьтуш Москва дIавахара иза.

Москвахь и жимстаг нохчийн ницкъаллин белхалоша лачкъийна, нуьцкъаха йуха Нохчийчу дIавигира. Царна цуьнгара хаа луург - Къилбаседа Кавказерчу ЛГБТК+ нахана накъосталла дечу нехан цIераш. Дерриге хаьттина бевлачул тIаьхьа, иза Соьлжа-ГIаларчу цкъа а цуьнан гIуллакх деана боцчу ненахой болчу дIахьажийра. Амма цигара а вада аьтто белира кIентан. "СК SOS" тобанан гIьнца, йуха а вада аьтто хилира цуьнан.

"ИбрахIима ша дIалацар дуьйцуш дина дIахьедар цхьамма тергал ца дира. Цуьнан гIуллакх Iедалехь болучара схьа а ца ийцира. Полисхоша шен дIахьедараш тергал цадарах Талламан комитете йаздича а, хийцалуш хIума дацара. Эххар а 2022-шеран гезгмашин-баттахь прокуратуро йухабаьккхира хьалхо Талламан комитето бина сацам. ИбрахIиман гIуллакх йуха а талла хьажийра", - аьлла ду докладехь.

Конвесионан барамаш лелош хьийзина кхин а кхо стаг, боху докладехь. "Конверсионан барамаш" адаман сексуалан шатайпалла, гендеран шатайпалла дохош, дIахьочу белхех олу. И белхаш ницкъбарца, адаман цхьацца таIзарш лелорца доьзна ду. ЛГБТ-декъахойн лелараш, амалаш хийца Iалашонца.

ООН-н ницкъ цабайтарца, адамийн бакъонашца воьзна волчу эксперто Виктор Мадригал-Борлоса шен докладехь дийцира цу конверсионан барамех лацьна – цара адамна ницкъбеш, адам охьатаIош, лазош и хиларах. Адаман психологина а, дегIана а цо бечу тIекъаткъамах а дийцира цо.

"Адамна гIо-м мухле ца до цу терапино, адам хIаллакдо до элира цо. Адаман синна а дегIанна тIехь моьнаш дуьту цо. И тайпа болх стагана тIехь бинчул тIаьхьа и стаг метта ца вогIу аьлла", - билгалдокху ООН-н эксперта.

"СК SOS"-тобано гIо дечарех кхин цхьаъ - Дагестанера Асхабов Мохьмад - нуьцкъаха дарба лелон дIавеллера. Хасав-Йуьртарчу "Старт" олучу реабилитацин центре. Цуьнан гергарчу наха "гомосексуалах" тавеш, дарба дахьара аьлла. Цигахь цара 7 баттахь "дарба" деш хьийзийра иза.

Магомеда дийцира цу "Старт" центрехь шена мел динчу таIзарех а, шегахь хиллачу хьолах а: масех сохьтехь куьйгашна буржалаш тухий, шен хьалатесна кхазорах, йеза хIумнаш текхйайтарх. Ша а, шеца берш а вовшахбоьхкий, шайна ницкъ барах, хьашташ цхьана кхочушдайтарх. Кхин дIа мел йолу кьизаллаш а.

2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Асхабов Мохьмад бакъоларйархойн гIоьнца Оьрсийчоьнан дозанал дехьа велира. "Старт" центрехь цунна бинчу ницкьо могашалла дикка галйаькхина цуьнан. Шена кхерам боцуче дехьавала аьтто хиллехь а, хьал-де дика дац Мохьмадан. КIанта "Стартана" арз деш кехат делла Iедале, амма иза цхьамма тергал ца до. "Старт" ша хьалха ма-хиллара болх беш йу, боху шайн докладехь "СК SOS" тобанан белхахоша.

Кху тIаьхьарчу шарахь 130 стага шайна гIо эшар дуьйцуш, хаамаш бина. Цу дехарех дукхахдерш Нохчийчуьра, Дагестанера ду. "СК SOS-н пресс-секретара Мирошникова Александрано дийцира и стенца доьзна ду: адамийн бакъонаш ларйарца долу хьал ледара хиларца, тIеман хьелаш бахьнехь бахар-бахкар галдаларца а.

Amnesty International-йукъараллин директоро Звязина Натальяс Кавказ.Реалиин сайтаца ша динчу къамелехь билгалдоккху, бакъоларйархошка шайн хьал довзийтар цу нахана деккъа цхьа гIо хилла дIахIоьттина Къилбаседа Кавказехь а, къаьсттина Нохчийчохь а. Вуьшта уьш боккхачу кхерамехь бу аьлла цо.

Дукхахьолахь бакъоларйархоша шаьш гIодечеран гIуллакхаш Iора ца дохуш дуьту. Нагахь цу нехан дахарна, могушаллина боккха кхерам белахь, нахала доху. Цу тайпа масал ду шайн цIерачара хьийзош хиларна бевдда бахана болу Дагестанера ши йиша Хизриева Хадижат, Хизриева Патимат а, ши маьхча Газимагомедова Аминат, Магомедова Патимат.

И цIераш йаьхнарш 18 шо кхаьчна боллушехь оьрсийн дозанхоша гуьржехан дозанехь схьалийцина латтийнера, церан цIеранаш тIекхаччалц. "СК SOS" белхахоша а, адвокато а цигахь хилларг сихха социалан машанашкахула гIарадаккхар бахьана долуш, мехкарий кIелхьара баьхна Гуьржийчу дIехьабовлийтира.

"СК SOS" тобано шайн балхана динчу жамIашка хьаьжча, уггаре девзачарех ду Нохчийчуьрчу шина вешин Магамадов Салахь, Исаев ИсмаьIил дIалацаран гIуллакх. ТIемлочунна гIо дина аьлла чувоьллина ву и шиъ. Амма бакъонаш ларйархоша кхин бахьана дуьйцу: гендеран шатайпалла. Иштта кхинаш а бу оцу могIерахь: Лорсанова Аминат, Мукаев Салман. Гергарчара хьийзош бевдда бахана Умханова Элина, Гиреева Лайла.

Низамо магийна гомофоби

Шайн докладехь"СК SOS" бакъоларйархоша билгал ма-даккхар, церан белхан хьал чолхе дерзаран коьрта бахьана ду Оьрсийчоьнан Iедалан официалан хьежамаш хилла дIахIоьттина гомофоби.

2022-чу шеран лахьан-беттан 23-хь Оьрсийчоьнан Госдумо шолгIачу дIадешарехь тIеийцира ЛГБТ йуккъе богIучеран бакъонашна пропаганда йар дехка аьлла. И тайпа низам 2013 шарахь дуьйна схьа лелаш ду. Амма хьалха цо йукъалоцурш 18 шо кхачанза берш бен бацара. Керлачу низамо йерриге аудитори чулоцу. Юристаш а, бакъоларйархой а кхоьруш бу, ЛГБТ хьахийначарна таIзар дарна.

Муьлхха ЛГБТ+ хьахор пропаганда лора тарло, нагахь санна, иза негативе кепехь дацахь

"Команда против пыток" (КПП) Къилбаседа Кавказерчу филиалан куьйгалхочо Ванслова Екатеринас дуьйцу, оцу керлачу низамо муьлхха ЛБГТ+ хьахор пропаганда лоруш хилар, нагахь санна, иза негативе кепехь дацахь. Амма нагахь адамо шена цу бахьанца таIзар дина аьлла, дIахьедахь, цуьнан гIуллакх терго ца йеш дуьтур дац боху – йозанца иштта ду иза. Амма лелар дуй оццул и низам, ца хаьа.

"Цу керлачу низамо зорбанан гIирсийн болх а сацо тарло, цу гIирсаша ЛГБТ декъахошна ницкъбар дIахьедар пропаганада а лерина. Мичча хенахь журналисташна а, бакъонаш ларйархошна новкъарло йина карайойтур йу цара. Масала, бакъоларйархоша цхьанна таIзар дар Iорадоккху, вукхара иза пропаганда лору", – боху КПП-н юристо.

Мирошниковина хетарехь, и ЛГБТ-н пропаганда йеш йу боху низам йукъараллехь йолчу кхечу проблемех адамийн тидам дIаберзош йукъадаьккхина ду, репрессийн кеппара низамаш йаржош а ду.

"Цу тайпачу низамаша Iедалан белхалошна куьйгаш схьадосту: низаман чулацам муьлххачу агIора озо йиш йолуш бу. Муьлххачу стагана ЛГБТ-ца воьзна ву, пропаганда лелош ву аьлла, чуволла бахьана карор ду. Бакъонаш ларйархой шайн болх бан йиш ца хуьлучу хьоле кхачош бу", – олу "СК SOS" пресс-секретаро.

"Гей-пропаганда" низамо долийна дуьххьарлера гIуллакх - 2022 шеран гIадужу-баттахь Махачкалахь "Серый Дом" бутикехь духарийн гайтам бахьанехь. И гайтам туька дуьххьара схьаелларца нисбина бара. Духарийн дизайнер Аскерова Эльнара йолуш. Басаршца кечйинчу йаххьашца подиумехула буьйлабеллачу кIентаршна тIебирзира тидам.

Гайтаме баьхкинарш берриге кхайкхина нах бара. Амма туьканна уллохула дIавоьдучунна корехула гинера и гулам.

Аскеровас боху, и васташ театрехь санна нисдинера шаьш. И басараш а васташ дузуш хьаькхна дара. Ткъа ша кхайкхинарш дукхахьолахь шен накъостий а, бевза-безарш бара. Амма цу бехказйаларца дIа ца дерзитира хилларг. Гайтамехь мел хиллачарна кхерамаш тийсира, тIаккха дизайнерна дуьхьал административан гIуллакх дIадолийра, "ламасташкахь йоцучу йукъаметтигашна пропаганда йарна" аьлла бахьана а дина.

"СК SOS"тобанан юристаша гIо дира Аскеровна. ГIуллакх Махачкалан кхелехь сацийра.

Оьрсийчоь Украине тIамаца чIугIортаро шайн балхана массо агIора новкъарло йо бохуш дуьйцу бакъоларйархоша. Аэропорташ болх беш йацара, кхелийн ладогIарш кхечу дийнашка дохкура, санкцеш бахьана долуш адвокаташна алапаш далар соьцура, ахчанца йолу халонаш дIайуьйлайелира.

"Къилбаседа Кавказехь болх бан тхуна даимна хилла хала.ТIеман хьоло гуттар чIога холче даьккхина тхан регинашкара кхиндолчу ЛГБТ+ адамашна гIо дарца дIахьочу белхан хьал. Iедалерчу белхахоша шайна ма-хеттара лелайо тхоьца йолу йукъаметтиг, шайна дерриге магорца, ницкъ бечархьа узуш а нисло. Гомофоби Iедалехь магийна йаьлла. Адамийн ойла тIемашна тIера дIайоккхуш схьабогIуш бу. Йукъара мостагIий лохуш, баккъала а чолхе дерш лечкъош",-тIетуху Мирошникова Александрас.

Шайна мел хала делахь а, Iедалехь болучара шайна новкъарлонаш йахь а, "СК SOS" белхалой Iад ца Iаш, леррина цу тIехь къахьега дагахь бу. ЛГБТ+ Къилбаседа Кавказера кхиндолу адамаш лардарехь, бехкениш жоьпе озорехь.

Регионашкахь ЛГБТ гIуллакхийн таллараш дан йозуш йоцу структурийн йукъаралла йан дагахь бу "СК SOS" белхалой. Нагахь адамашна ницкъ бийриш жоьпалле озо аьтто ца балахь а, цара леладийриш нахала даха Iалашо йу церан. Дуьненна а уьш бовзийта шаьш кхоор дац боху цара. Ткъа гIуллакхийн делилаш гулдеш ду. Цхьана дийнахь кхелашна хьалхадахка.

2021-чу шеран охан-баттахь 29 пачхьалкхо Оьрсийчоьне дIахьедар дира, Нохчийчохь ЛГБТ+ кхинболчу нехан а бакъонаш ларйарна тIе тидам бахийта аьлла. Дерриге доладелира 2018-чу шарахь, (ОБСЕ) Европерчу кхерамзаллин, йукъаметтигаш лелоран эксперто хIоьттинчу хьолан жамIаш дарца. Цунна карийра ЛБГТ+ кхинболу нах шайн бакъонех баьхна делилаш.

  • 2021-чу шеран охан-бутт бовш дуьненчуьра 29 пачхьалкхо карладаьккхира Оьрсийчоьнна, ЛГБТК+ юкъараллера нахана Нохчийчоьнан дозана тIехь лецар талла аьлла, дуьненаюкъараллин рекомендацех лаьцна. Дуьйцурш ду, 2018-чу шеран гIуран-баттахь ОБСЕ-н эксперто дина жамIаш. ЛГБТК+ нахана дуьхьал лерина "лецарийн барамаш дIабахьаран тоьшаллаш" карийнера цунна, адамийн бакъонаш хьешарца доьзна кхин долу дуккха а зуламашца цхьаьна.
  • Хьалхо Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь "CK SOS" тобанан пресс-секретаро Розанов Мирона дийцира регионехь тIаьхххьара ЛГБТ-нахана тIаьхьабевлла леларх а, тIеман хьелашкахь шайн болх муха хийцабелла а.
  • Дагестанера Избербашан 20 шо долу вахархо Магомедов Мурад – массарна а хууш гей ву. Оцу тIехула масийттазза ницкъбира цунна, бертаза дарба лелийра, шайтIанаш лихкира молланаша, хьаькамаша бехкевора иза гей-парад хIотторна, ткъа полицино дуьхьало йора цуьнан дIахьедаршца болх бан. Гезгамашин-бутт бовш Мураде повестка дала гIоьртира военкомате тIекхойкхуш.
  • Итт бакъоларйаран цхьанакхетараллаша Нохчийчуьра ведда, йуха ниуьцкъаха йухаверзийна волу Арсамиков Идрис маьршаваккха аьлла кхайкхам бира. 2023-чу шеран чиллан-беттан 15-хь и дIалаьцначул тIаьхь цуьнца зIе хедира, иза вен кхерам альтта боху бакъоларйархоша.
  • Дагестанерчу бахархоша сих-сиха латкъамаш бо, шайна тIаьхьбевлла леларал совнаха, шаьш динчу аьрзнашна реакци ца йо Iедало. Масала, Дагестанерчу Идрисова ПетIамата дийцина, шена хIусамехь ницкъбора, нуьцкъаха дарба леладора, иштта гергарчу наха ша лачкъийнера аьлла. Бакъоларйархойн гIоьнца пачхьалкхера йада а йедда, шен цIе хийца аьтто белира цуьнан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG