ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Грецино 40-километран керт йина Туркойчоьнан дозанца, афганхойн мигранташна дуьхьал  


Грецин Iедалша шорйина шаьш Туркойчоьнан дозанца хаьлхо йина йолу 12,5-километран дуьхьало, Афганистанера мигранташ чухьалхарх лардала.

40 километр шуьйра йолу керт официалан кепара гайтина пIерасканан дийнахь, хаам бо Свобода Радионо "Катимерини" газетана тIе а тевжаш.

Афганистанехь Iедал хийцаделлачул тIаьхьа шайн дозанашкахь, 2015-чу шарахь хиллачух тера, миграцин кризис юха а хиларна коьруш бу грекаш. Оцу хенахь ши миллион 200 эзар сов стага, коьртачу декъана Шеман а, Афганисатанан а бахархоша, тховкIело йийхира Евробартехь. Царах дукхаха берш Европан Бартан территори тIе кхаьчнера туркойн-грекийн дозанехула.

Грецин Iедалша дIахьедина, доза лардан шаьш кийча хиларх лаьцна. ПIераскан дийнахь Грецин премьер-министра Мицотакис Кириакоса хIоьттина хьал дийцаре дина Туркойчоьнан президентца Эрдоган Реджепца. Эрдогана дийцарехь, дукхаха болу мигранташ чекхбуьйлучу Туркойчоьнна а, ГIажарийчоьнна а гIо дан деза, керла мигрантийн тулгIе ца хилийта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG