ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровга шайн махка некъ балабайта хьаьгна бац гуьржий


Цой-Педе, Гуьржийчоьнан дозанца.
Цой-Педе, Гуьржийчоьнан дозанца.

Нохчийчуьра Гуьржийчу некъ хилча дика хир дара бохург тахана дагадеана дац. 1990-чу шерашкахь Ичкерин Iедалша асфальтан некъ бан болийнера гуьржийн дозане. Делахь а, Тбилисера баш дIоггара гIортор ца хилира нохчашна.

Некъ билларна вуно дуьхьалваьлла вара тIаьхьо Гуьржийчоьнан президент хIоьттина Саакашвили Михаил. Ичкери "кхеташ доцу пачхьалкхаллан кхолладалар" ду, бохура цо, ницкъа бар а, бандитизм а яьржаш йолу.

Гуьржийчу некъ билларца доьзна хаттар ша дIаделира Нохчийчохь шолгIа тIом болабелча. Иза дIабирзина аьлла дIакхайкхийначул тIаьхьа и некъ дагабогIуш а, иза бан оьшу бохуш а цхьа а вацара.

Гуьржийчу некъ бан безара аьлла 2012-чу шарахь хьахийра Кадыров Рамзана шен цхьанан интервьюхь. 2014-чу шарахь и хаттар дийцаре дира федералан тIегIантIехь.

Ткъа 2018-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедар дира, шен хан кхаьчначул тIаьхьа кхузаманахьлера трасса бийр бу шаьш Нохчийчуьра Гуьржийчу боьдучу некъах аьлла. Ткъа кху бIаьста цу хьокъехь план хIоьттийна хиларх лаьцна дIахьедар дира республикан Iедалан дас Эдельгериев Руслана.

Амма Охан-баттахь Кадыровс хаам бира, некъ барна новкъарло йийриг политика ю, ткъа цу хьелашкахь и проект кхочуш ян хала ду аьлла.

Политикан дуьхьалонех лаьцна дуьйцу Оьрсийчуьрчу политикан говзанчо Муханов Вадима: "Некъ оьшуш хилар советан Iедал доьхначул тIаьхьа гучуделира. Ичкерина лаара Гуьржийчоьнца а, Азербайджанца а юкъаметтигаш шоръян. Оьрсийчоь цу гIуллакхе вочу агIор хьежара".

Гуьржийчу боьдучу некъах лаьцна къамелаш Кадыровна оьшуш ду дуьненаюкъарчу аренехь ша жигаралла гойтуш хилар гайта. Оцу бахьанца иза гIиртира Соьлж-ГIалара аэропорт дуьненаюкъаран статус йолуш хилийта, боху Мухановс.

Тбилисина баш оьшуш болчух тера дац Нохчийчуьрчу куьйгалхочо хьехош болу некъ. Иза ца хилча а, кху тIаьхьарчу цхьана шарахь Гуьржийчу вахана Оьрсийчуьра цхьа миллион турист.

Карарчу хенахь Гуьржийчу боьду нек асфальт биллина бу цхьана декъана. Иза то беш латтош бу цу территорина тIехь дIатардина Оьрсийчоьнан тIеман дакъош хилар бахьана долуш.

Карарчу хенахь гуьржийн дозане биллинчу некъаца ваха аьтто бу Цой-Педе олучу метте. Амма цига дIакхача, машенах а хьожуш, кехаташна таллам а беш, регистрацин процедурех чекхвала веза хIоранна а Оьрсийчоьнан эскархоша латточу постехь.

Цой-Педена гергахь лаьтташ ю тIеман база. Ткъа цигара дIа гуьржийн доза долчу агIор ваха бакъо оьшу Оьрсийчоьнан федералан кхерамазаллин сервисера.

Иштта чулацам бу Кавказ.Реалии корреспонденто Нерозникова Екатеринас язйинчу материалан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG