ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Gulagu.net: ФСИН-ан къизаллаш лелорах архив бахьанехь информаторна кхерамаш туьйсуш бу Оьрсийчуьра


Колонерчу тутмакхийн дуьхьалонан акци (архивера сурт)
Колонерчу тутмакхийн дуьхьалонан акци (архивера сурт)

Чубоьхина нах хьийзош яьхна видеош тIехь йолу Оьрсийчоьнан ТаIзарш кхочушдон Федералан сервисан (ФСИН) архив Gulagu.net проекте дIаеллачу стагана кхерамаш туьйсуш бу Оьрсийчуьра. Цунах лаьцна Gulagu.net кхоьллинчу Осечкин Владимира дийцина "Ленте.Ру" сайте, хаам бо Радио Свобода портало.

Осечкина дийцарехь, бевзашбоцчара кхерамаш туьйсу ФСИН-ан хиллачу белхахочунна шаьш иза "дакъошка дIасаваьккхина, нехаш дIакхуьйсучу меттехь, боьха дийнат а, яматрхо а санна, дIавуллур ву" бохуш.

Цуьнца цхьаьна, бакъонашларъярхочо билгалдаккхарца, ФСИН-ан архив пачхьалкхера арайоккхуш дакъалаьцна 10 стага, ткъа царах шиъ видеофайлашна тIекхача таро йолуш а хилла.

"Хуьлучо гайтарехь, ТаIзарш кхочушдон сервисера информатор мила ву хиъна Оьрсийчохь лач билгалонашца. Чубоьхкина нах латточу учрежденешкахь талламах чекхбаьхна архивна тIекхача бакъо хилларш", - аьлла хета Осечкинна.

Ткъа иштта, цо дийцарехь, бакъонашларярхойн кара архив кхаьчначул тIаьхьа, колонешкарчу белхахошкара, куьг таӀош кехаташ яздайтина, цхьа а хIума нахалдоккхур дац шаьш аьлла.

  • Кхун кIиранах бакъонашларъяран Gulagu.net проект кхоьллинчу Осечкин Владимира хаам бира, оьрсийн колонешкахь тутмакхашна тIехь ницкъбарх, шинарин дийнахь шен информаторан Оьрсийчуьра араяккха аьтто баьлла керла видеоархив шега кхачорах. Осечкина дийцарехь, 2016-чу шарера 2019-чу шаре кхаччалц Красноярскан а, Приморскан а кIошташкарчу а, Забайкальерчу а колонешкахь дIаязйина хилла 200 гигабайт видеош ю диска тIехь.
  • Осечкинан дIахьедарца а догIуш, керлачу видеоархивехь къаьстар ду, гIело еш дакъалоцуш ФСБ-н белхахой а цхьана хиларх.
  • ГIадужу-баттахь, хьлхо Оьрсийчуьра дIавахначу Осечкина, дIахьедира шен кара видеоархив кхаьчна хиларх лаьцна, колонешкахь чубоьхкина нах хьийзош якьккхина йолу. Иза цуьнга елла ФСИН-хь хьалха болх беш хиллачу Савельев Сергейс. Юьйцурш ю 40 сов гигабайт видеош. Осечкина дийцарехь, цара "гучудоккху Оьрсийчуьрчу набахташкахь лелаш ФСБ-н а (Оьрсийчоьнан кхерамазаллин сервис), ФСИН-ан а (Федералан таIзарш кхочушдон сервис) агентийн "зондеркомандаш" хилар, кураторша тIедилларца чубоьхкинчу нахана гIело еш а, ницкъбеш а лелаш йолу.
  • Архиван цхьа дакъа зорбанан гIирсашкахь даржийна, иштта видеош дIахьажийна Iазап лелор юхатохаран Европерчу комитете. Архив зорбане яьккхича Талламан комитето долийна масех бехктакхаман гIуллакх, ткъа ФСИН-ан куьйгалхочо Калашников Александара дитира шен дарж.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG