ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зорбан гIирсех нохчийн Iедалхойн йолчу позицина реза вац журналист Шевченко Максим


Журналист Шевченко Максим
Журналист Шевченко Максим

Зулам динчу нехан къам а, раса а, дин а хьахор зорбан гIирсашна доьхкуш нохчийн Iедалхойн низаман проектана резавоцуш вистхилла Оьрсийчоьнан журналист Шевченко Максим. Цунна хетарехь, дехкаро дешан маршо йохайо. Иштта дIахьедар дина Шевченкос "Радиоточка НСН" телеграм-каналца хиллачу къамелехь.

"Дешан маршонна а, журналистан говзаллина а магийта йиш йоцу юкъагIортар ду иза аьлла, хета суна. Вай ма ца хьоьху Рамзан Ахматовична (Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан - редакцин билгалдаккхар.) махкахь муха урхалла дан деза, - аьлла Шевченкос.

Къам хьахорца пачхьалкхерчу нахана гонах вочу агIор сурт кхоллалуш хиларца реза ву журналист, амма, иза тешна ву, федералан тIегIанехь дехкарца проблема ерзалур яц аьлла.

Пачхьалкхан думан депутат Вассерман Анатолий тешна ву, зорбан хаамашкахь зуламаш дечийн а, дикачу агIор гойтучийн а къам хьахо деза аьлла.

Оцу юкъанна Оьрсийчуьрчу бусалбанийн урхаллин Улемийн кхеташонан куьйгалхойх волчу Аляутдинов Ильдара кхайкхамбина, зуламаш я зуламе долу хIуманаш а лелочу нехан къам а, дин я раса ма хьехаде аьлла. Цунна хетарехь, юкъараллехь барт бохабо цо.

Зуламан декъах хилла, йа бехкехета нах муьлхачу къомах, динах схьабевлла бу билгалдаккхар доьхкуш, федералан зорбанех долчу низамехь хийцамаш байта Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думе низаман проект кхачийна нохчийн парламенто. Документан авторша хьехна, "Хаамийн гIирсех" долчу низаман 4-гIа артиклехь хийцамаш бар.

Керлачу Москвахь леттачу "кавказхойх" лаьцна федералан хаамийн гIирсаша зорбане баьхначу хаамаша эргIадбахийтинера Къилбаседа Кавказерчу социалан машанийн сенгментехь. Блогершна ца тайнера, леттарш "кавказхой" бу аьлла, керланийн лентехь яздар а, пачхьалкхо ахча латточу Russia Today телеканалан коьртачу редакторо Симоньян Маргаритас комментарий яр а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG