ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харжамашкахь Кадыровн "конкурент" ваьллачо шен инстаграм схьайиллина


Хаджимурадов Iиса
Хаджимурадов Iиса

Баттахь къевлина а латтийна, шен инстаграмера аккаунт схьайиллина "Справедливая Россия" партин цIарах мехкан куьйгалхочун харжамашкахь дакъалаца кандидат хьалхатеттинчу Хаджимурадов Iисас. Хьалхо дIакъевлинера цо шен агIо иттаннашкхаь иза къобалвеш комментареш язйинчул тIаьхьа.

Хаджимурадов Iисан аккаунт еллар гучуделира кхаарин дийнахь. Оцу юкъанна тIаьххьара пост хIоттийнера мехкан куьйгалхочун харжамашка воьдучу кандидато Мангал-беттан 18-чу дийнахь, ткъа керланиг зорбане яьккхина еарин Iуьйранна. Керлачу посташна бухахь комментареш ца язъяйта блок тоьхна Хаджимурадовс.

  • Гезгамашин-баттахь хинболчу харжамашкахь дакъалаца кехаташ чуделла карарчу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхо волчу Кадыров Рамзана а, махкарчу парламентан депутато, КПРФ партин цIарах лелачу Накаев Халида а, Нохчийчоьнан урхалхочун администрацин куьйгалхочун гIовса Хаджимурадов Iийсас а ("Справедливая Россия - патриоты за правду" партино хьалхатеттина волу).
  • "Нагахь санна ур-атталла масех процент бахархой а сан кандидатурина дуьхьал хилахь, со харжамашка ваха дагахь вац", - хаам бира Кадыровс Стигалкъекъа-беттан I9-хь "ВКонтакте" социалан машанехь.
  • 20I9-чу шарера 202I-чу шаре кхаччалц Соьлжа-ГIалин мэр лаьттира Хаджимурадов Iийса. Кху шеран Зазадокху-баттахь цуьнан метта Нохчийчоьнан куьйгалхочун дешичин кIант, 30 шо долу Кадыров Хас-Мохьмад хIоттийра. Хьалха иза вара республикан куьйгалхочун а, Iедалан а администрацин куьйгалхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG