"Къовсалур йу со, хIара подкаст хиллачух ду бохучаьрца, хIара таханалерачух лаьцна ду. ХIаъ, цигахь дуьйцур ду 30 шо хьалха хилларг, амма сан коьртехь тахана оцу нахаца хуьлуш дерг а, теракто таханалерачу дахарна бен Iаткъам а бу".
ЛадогIа"Буденновск" подкасте, шайна бIегIийла доллучехь:
1995 шеран мангал-беттан 14-чохь Басаев Шемал хьалха а ваьлла, герзашца йолу тоба цкъа хьалха ГАИ постана тIелетира, цул тIаьхьа -Буденновскан чоьхьарчу гIуллакхийн декъана, гIалин урамашкахула дIасабаьржира уьш, нах закъалте лоьцуш, эххар а уьш кIоштан коьртачу дарбанан цIийна чу а лоьхкуш. Маса Нохчийчуьра тIом сацабе, цуьнан дозанаш тIера оьрсийн эскарш ара а даха бохура цара,
Кхо де даьлча, мангал-беттан 17-чохь, аьтто боцу штурм йинчул тIаьхьа дийцарш долийра: премьер-министр Черномырдин Виктор реза хилира Нохчийчуьра тIом сацон а, Нохчийчоьнан статусах лаьтта хаттар дийцаршка даккха а. Мангал-беттан 19-чохь Басаевн тобанна маьрша коридор а, автобусаш а йелира, Нохчийчу уьш йуха бахийта. 100 гергга закъалтхо вара цаьрца, уьш дIахийцира тIемалоша Нохчийчоьнан дозана тIе шаьш ма девлли.
2023-чу шеран оханан-баттахь Кавказ.Реалиин редакцино нарративан подкаст арахийцира Буденновскехь хиллачу терактах лаьцна – Голенкова Катин пхеа шарахь бина таллам бу и, доьазза Буденновске йахар, тешашца дина къамелаш, закъалтехь хиллачаьрца, берашца, бакъоларйархошца, эксперташца. И дерриге а, 30 гергга шо хьалха жимачу Буденновскехь хиллачунна тIекхиа, оцу бохамо вайна массарна а бинчу Iаткъамах а.
Свобода Радион подкастийн студин координаторо Галуева Полинас къамел дира Катица цуьнан Буденновске эхарх, закъалтехь хиллачаьрца а, йукъарло дийцинчаьрца а динчу къамелех, иштта дийцира, терактан хенара йолчуннна хIунда ду и хилларг интересе.
Голенкова Катя: Оьрсийчоьнан историхь ша цхьаъ бен доцу теракт ду хIара, могIарерчу нехан интересаш шайн политикан амбицел а деза хетта. И саннарг кхин хилла дац. ХIетахьлера премьер-министр Черномырдин Виктор (Канадера Галифаксехь вара теракт динчу хенахь президент Ельцин Борис) а, Басаев Шемал а суна цхьа коьрта хилам хета кхузаманан Оьрсийчоьнан историхь.
Дийцарш кхин хирг цахиларан а, дахаран презумпци кхин дIа коьрта цахиларан а билгало йу хIара
Подкасте ладоьгIначарна хета тарло, Черномырдинах лаьцна сан чIогIа дика ойланаш йу, амма ас сайн акцент йира оцу историна тIехь, 1995-чу шарахь цо ша гайтарна. Суна коьрта дара, иза дийцаршка вахар, Кизлярехь хиллачуьнга хьаьжча, (Кизлярехь теракт хилира 1996-чу шеран дечкен-баттахь.- Редакцин билгалдаккхар.), цигахь пресс-конференцихь Ельцина бохура, Буденновскера теракт – эшар ду, эхь а ду, и тайпаниг кхин цкъа а хила дезаш дац. Черномырдин а ву цигахь: хиина Iа иза, цхьана метте а хьоьжуш. Иза а билгало йу, дийцарш кхин хирг цахиларан а, дахаран презумпци кхин дIа коьрта цахиларан а. Цундела Буденновскехь хилларг суна коьрта ду – цигахь адамаша вовшашца къамелаш дора.
– Хьуна муха хиира оцу терактех?
– 2025-чу шарахь диплом йаздеш йара со 2004-чу шарахь Бесланехь хиллачу терактех лаьцна журналистийн диджитал-проектех. Бесланах лаьцна доьшучу хенахь, Iада ца веш ца вуьсу, танкаш чуьра школана цигахь тIейетташ, лаккхарчу тIегIанехь цигахь дийцарш дина цахиларна а. Сайн ненайиша а, ненаваша а долчахь йара со, сайн студентан балхах лаьцна дуьйцуш цаьрга, адамаш кIелхьар ца дахарна оьгIаз оьхуш. Ненавашас хаьттира соьга: "Цул а хьалха хIун хилла хаьий хьуна? Гугл чохь лахал Буденновскех лаьцна. Цигахь кIелхьарабехира нах, цундела Беслане бахкийна хIинца". Цхьа позици йу-кх, нагахь санна Буденновскехь Басаевна а, цуьнан тIемалошна а тоьпаш тоьхна хиллехь, хир йацара "Норд-Ост" а, Беслан а. Амма, бакъоларйархочо Орлов Олега нийса аьлла хиллера, цхьанна а ца хаьа, хIун хир дара.
– Дийцахьа подкастан концепцих лаций?
– Со кхеташ йара, соьгахь дуккха а информаци йара, сайца болх бан накъост везара суна. Сайн проекте Устинов Георгий кхайкхира ас, сайца къамелдан а, концепцица гIо дан а. Финалехь ши вариант йисира:
Дихотоми: пхи конфликт дагайаийтира оха – гушйолу (тIемалой а, закъалтхой а, йукъарло дийцинарш а хьаькамаш а, йукъаралла а, Iедал а. Гуш йоцург (дай а, бераш а, йа со а, Буденновск а).
"Дай а, бераш а" эпизодехь классикан конфликт йац, амма и бахьана ду, хуьлуш дерг кеп-кепарчу наха муха тIеийцира хьажа, хIунда аьлча, талламбаран цхьахйолу фокус – оцу кепарчу хиламаш берашна тIеIаткъам муха бо хаар. Рина цIе йолу йоI, теракт хиллачу шарахь 4 шо дара цуьнан, цул тIаьхьа цхьа хан йаллалц стоьла бухахь шаршушца левзина иза "ма тоха герз" бохуш. Теракто Iаткъам биний хьуна аьлла, ас шега хаьттича, "хIан-хIа" элира цо.
Концепцин шолгIа вариант: психотерапевтан кресло чохь волуш санна, амма дерриг а схьа ца дерзаделира тхоьга и, дуккха а соьгара гIора оьшура, хIинца ас пхоьлгIачу "Со а, Буденновск а" эпизодехь гайтина долу.
Эххар а пхи эпизод вовшахкхийтира тхан, балхара йиъ эпизод оцу хиламан декъашхошца дина къамелаш ду. Йеххачу заманчохь суна моьттура, церан бен бакъо йац цунах лаьцна дийца. Амма иштта дац и, тIаьххьара эпизод сан хенарчу нахана аьлла йу, теракт хиллачул тIаьхьа дуьненчу бевллачу. Психотерапевташа боху, хиламан теш ца хилларш а лазабойла ду.
Вай массо а кху пачхьалкхехь дина, вайна а гуш, лулахойн чохь латийна телевизор бен и ца хиллехь а, тIемаш бина Нохчийчохь, лелхийтина цIенош, метро чохь нах лелхийтина, дIалецна дарбанан хIусамаш, школа, театр. Вайна а ца хууш, вайх чекхбийлина и хиламаш, цхьаверг хьала а гIаьттина, чан тIера дIайегийча санна, дIавахна хила тарло, амма со ца йахайелира. Тахана а и тема зуьйш йу со, цунах лаьцна дийца бакъо къуьйсуш. Муьлхха а иэс деза ду.
– Доьазза Буденновске йахана хьо. ХIунда? ХIоразза цига йахча муха хуьлура хьан дог-ойла?
– Дуьххьара Буденновске йахара со Карпов Сергейца, "Такие дела" спецпроектийн декъан куьйгалхочуьнца. Теракт хилла 23 шо кхачарна лерина арахийцира оха спецпроект, "23" йара цьунан цIе. ХIетахь 23 шо дара сан. "Буденновск" дош йукъахь а доцуш, цуьнан цIе тилла ойла хилира тхан, "23" аьлла, нах ца кхерон.
ШолгIа йахара со шо даьлча, тезетан барамашка йахара со. Суо йахара со, цхьаьна накъост а воцуш. Подкастан пхоьалгIа эпизод – сан цига йахарх лаьцна йу. ХIетахь закъалтехь хилларш тайп-тайпана хьоьжу оцу тезетан барамашка, дукха хьолахь цига боьлху, теракт хиллачу дарбанан цIийнан белхахой. Ала догIу, оцу гIали чохь цхьаъ бен йоцу лазартне йара иза, дIалаьцна Iийна шо даьллачул тIаьхьа бен схьа а ца йиллира и. Ткъа, масала. ши кIант кIелхьараваьккхинчу Иринас боху, ша оцу тезетан барамашка ца лела, хIунда аьлча, чIогIа хала ду шена. Стигалкъекъа-беттан 9-чохь а гIаличуьра цхьанхьа дIайоьду иза, тIеман техника а, герзаш кхийсар а, и йоллу милитаризаци а гича ца мегаш.
КхозлагIа йахара со 25 шо кхочуш, Буденновскех лаьцна книга йазйан лууш йара со, кхин а тIе материал йара ас гулйан йезаш. ХIетахь къамел дира ас сайн тоьллачу турпалхошца: РомановгIеран доьзалца, царех пхиъ Буденновскера дарбанан цIийнехь закъалтехь латтийнера. Нохчийн кIантаца безам хиллачу Татьяна Владимировница а хилира къамел.
ТIаьххьара йахара со Буденновске 2022-чу шеран аьхка. Сайн доттагIца Беслане йаханера со, номер 1 йолу школа муьлхачу хьолехь йу хьажа а, Украинехь тIом баьллачул тIаьхьа регионехь хIун ду а хьажа. Буьри-ГIалара Буденновске лелаш автобус хиллера, иштта йахара тхойша. Сайна тоххара бевзаш хиллачу нахаца цхьанакхетар хилира сан, Буденновскера библиотекин архиве а йахара со.
– Подкастехь дакъалаца турпалхой муха лехира ахь?
– ЧIогIа аьтто хилира сан. Дуккха а баланаш а, эрчо а гина нах бу сан турпалхой. Массеран а дегалазам бу, массеран а гIора ца хуьлу журналисташца къамелаш дан. Цундела, соьца цхьаьнакхета реза хилла нах чIогIа коьрта бу суна. Суна чIогIа деза ду, 1995-чу шеран аьхка хилларг дагалаца церан ницкъ кхачар, шайн дахарна цо мел тIеIаткъам бира дийцар а…
Социалан машанера "Вконтактехь" дуккха а группаш йу "Подслушано в…" + гIалин цIе. Сайн турпалхой суна карийра "Подслушано в Буденновске" группехь. Дуьххьара суо йаха новкъа йолуш ас группехь пост йазйира сайх лаьцна, терактах айса материал йазйеш хиларх, нагахь санна, соьца къамел дан цхьаъ лууш велахь – йазде аьлла. Дуккхаъчу наха хьашт мел доцурш йаздира соьга, делахь а, и пост бахьана долуш сайн дуьххьарлера турпалхой карийра суна. Цара бовзийтира суна кхин дIа къамел динарш а.
Мангал-беттан 19-чохь теракт йирзина олийла дац
Сан къамел дан аьтто баьллачу хьалхарчех вара Владимир, закъалтхой лоьцучу дийнахь отпускехь волу хьалхара де хиллера цуьнан, базарахь пхи кила жижиг эцна хиллера цо. Ас шеца интервью дIайазйечу хенахь оьгIаз оьхура иза таханалерачу денна, хIунда аьлча, аллейхь дитташ дIадаьхна хиллера, нахана малхах лачкъа меттиг ца битина, цигахь тов йу бохуш. Иза тIаьхьара а ца ваьлла, керла синтарш доьгIнера цигахь, амма йуха а дIадехира.
Эрмалойн цхьа хаза кхин а цхьа а доьзал бара, царна ца лиира суна интервью йала, амма церан кертахь ас къамел дира Зинаида цIе йолчу сайн турпалхочуьнца. Цо дуьйцу шпротех а, морожнех а лаьцна.
Халонаш а нислора. Масала, лоьраца Чепурина Верица къамел дира аса. Костюченко Петрца цхьаьна Басаевс иза йахийтинера кIайн байркх эцна дарбанан цIийнера дийцарш дан. Пивоваров Алексейс ютьюб-каналехь кино арайаьккхира Буденновскехь теракт хилла 25 шо кхачарна лерина. Цу цохь а йара Чепурина Вера, соьга дийццинарг дуьйцура цо цу чохь а.
– Буденновскехь хилла теракт бахьана долуш 129 стаг велира. Дийцахьа, муха маьршачу дахарае йирзира гIала?
– Мангал-беттан 19-чохь теракт йирзина олийла дац, хIунда аьлча, Нохчийчу колонна дIайоьдуш цхьаьна бахана хилларш йухабирзира мангал-беттан 21-чохь. 1995-чу шеран мангал-беттан 22-чохь Оьрсийчохь тезетан де кхайкхийра.
Доллу кIиранчохь гIалин дахар терактна гонах сецна дара. 3-чу дийнахь уггар а хьалха белла нах дIабохка болийра. Цхьана турпалхочо дийцира, журналистах латтаза велира ша, декъий охьадохкучу бани чу а веана: "Ма дика кадр ду хIара" цо аларна. Нохчашка дог-ойла хийцайелира вочу агIор, царех цхьа дакъа нах цигара дIабахара. Цхьаьннан туьканаш йара долахь, уьш дIа а къевлина, цхьана ханна дIаваханера иза цигара. ГIалгIазкхашна бекхам бан лаьара, бен-башха доцуш нахах ка йеттара цара. ТIаьхьа гIала психологийн тоба йеара, цара гIо дора нахана бохам лан. Суна хаарехь, кIезиг нах бахара царна тIе.
ТIаккха меттигерчу газете а, Iедалхошка а йаздан буьйлабелира нах. Ельцин Борис а, Черномырдин Виктор а дIаваккхар тIедожадора цара. Амма эххар а дIавелира вице-премьер Егоров Николай а, ФСБ-н куьйгалхо Степашин Сергей а, чоьхьарчу гIуллакхийн министр Ерин Виктор а , Ставрополан кIоштан губернатор Кузнецов Евгений а. Закъалтхойх цхьаберш гIалара дIабахара. Лоьрашка цIанйайтира дарбанан хIусам, и тойеш гIо дира Лужков Юрийс (иза хеставора, дика белхало ву олура). Цхьахйолчу сан турпалхочо Оксанас дийцира, масех дийнахь наб йира ша, цул тIаьхьа балха а йахара аьлла…
ЛадогIа "Буденновск" подкасте, шайна бIегIийла доллучехь: