ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хьо нохчи ву, кхелехь хьох тешар бац". Кавказера вахархочунна стенна таIзар дина Хабаровскехь


Висаев Апти
Висаев Апти

Нохчийчуьра вахархочун Висаев Аптина таIзар кхайкхийна Хабаровскера Малхбален гонашкара тIеман кхело: Норильскехь теракт кечдеш хилла аьлла бехкевинчу цунна 17 шо тоьхна набахтехь даккха. Висаевс бехк тIе ца лоцу, цо дIахьедора, бехкзуламан гIуллакх шайггара долийна ду аьлла. Хьалхо 14 шо сов хан текхна ву иза терроран артиклехь бехкевина, цо бахарехь, и гIуллакх а дара бух боцуш дуьхьал даьккхина.

2019-чу шарахь ша маьршаваьккхинчул тIаьхьа Норильскехь, ша кхул а хьалха тоьхна хан йаьккхинчу гIалахь, ваха висира Висаев. Балха хIоьттира иза, зуда а йалийра цо, йоI дуьненчу а йелира цуьнан. 2021-чу шеран оханан-баттахь Пятигорскехь лецира Висаев, цигахь шен доьзалца мукъа хан йаккха веанера иза. Лаьцнарг бехкевира цунна вевзаш хиллачу цхьана накъостана Норильскера Турпалхойн Иэсана хIоттийначу майданахь стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь хIоттийначу парадехь эккхийтар де бохуш, вербовка йина аьлла.

Документаш ду, соьгара телефон схьайаьккхинчул тIаьхьа цара хIуманаш лелийна хиларх

ГIуллакх дIахьош хиллачу ФСБ-на хетарг мессенджерашкахь динчу йозанашна тIехь вовшахтоьхна ду. Висаев къар ца ло, тоьшаллаш шайггара далийна бохуш. Цо вербовка йина хилла боху стаг, оцу гIуллакхехь къайла а ваьхьна лелош ву. Кхечу коьртачу тешо – Норильскехь ваьхна Висаевн доттагI ву иза, - 2022-чу шарахь элира, шега дайтина мукIарло тIехь ницкъбина дайтина ду аьлла. ТIаьхьо Оьрсийчуьра дIавахара иза.

2023-чу шеран стигалкъекъа-баттахь суьдхочо Пунтусов Дмитрийс дихкира Висаевн хIусамнанна кхеле эхар, цуьнан йукъараллин адвокат санна лелаш йара иза. Бахьана дара, суьрташ дохуш, йоьду процесс цо аудио тIе дIайазйеш хилар. Эххар а Мутаева Iайшин масех баттахь коридорехь латта дийзира кхелан ладогIарш дерззалц, хадархоша аравоккхучу хенахь мукъана а шен хIусамдех бIаьргтоха.

ГIадужу-баттахь кхело Висаевн бехк тIечIагIбира теракт кечйар, бакъо йоцуш герз лелор аьллачу Iедалан къепешкахула. Нохчийчуьра вахархочунна тоьхначу 17 шерах пхи шо къевлинчу набахтехь даккха дезаш ду цо, йиссина хан – колонихь.

ТаIзар деш бинчу сацамехь йаздина ду: "Терроран тохар дан Беккаримовна (тешан цIе хийцина талламо. - Билгалдаккхар) вербовка йина йац, и зулам деш цунна гIо дийр ду а баьхна дац ша, шена дуьхьал айдина гIуллакх Оьрсийчоьнан ФСБ-н белхахочуьнца Пшеничниковца даьллачу девна тIехула долийна ду, тоьшаллаш шайггара вовшахдиттина ду бохуш Висаевс даредар кхело бух болуш ца лору, жоьпаллех кIелхьарвала хьийзар лору".

Мутаева Iайшин дешнашца, цуьнан хIусамден адвокаташа апелляци йина, къоьвсина таIзар. Латкъам листина баллалц Хабаровскера номер 1 йолчу талламан изоляторехь латтор волуш ву Висаев Апти.

"Хьо маьрша вауккха везаш вацара"

Кхаа кхелахочух лаьттачу коллегина хьалха тIаьххьара дош олуш, Висаевс дIахьедира, ша бехке вац, тIаьххьарчу масех шарахь шен доьзалан дуьхьа вехаш вара, бераш кхиош, болх беш, шен хIусам хиларе дог а дохуш. Шена бух боцуш тIаьхьабовларана цо бехкевина ФСБ-н ши белхахо:

"ХIара бух боцу гIуллакх ду – шайна статистика йан, ФСБ-н белхахоша Пшеничников Александра а, Ахметов Александра а вовшахтоьхна и. Суна инстаграм кхолла а ца хаьа, набахтехь хан йоккхучу заманчохь со тIаьхьависина технологешна. СМС йазйойла а дацара сан, аса дукха гIалаташ дуьту. Озаца дIайазйой аудиош кхоьхьуьйтура аса. Со Пятигорскехь волуш соьгара телефон схьайаьккхира, сан хIусамнанас суна схьайиллина инстаграм дIайаьккхинера. Оха цуьнан тоьшаллаш дира, цунах лаьцна хIиттийна кехаташ а ду, соьгара телефон дIайаьккхинчул тIаьхьа цара бина болх бу аьлла",- дIахьедира Висаевс.

30 эзар гергга цхьана хIумана бехкебоцу нохчий бу Оьрсийчохь йаккхий хенаш йиттина – 15 шарера 25 шаре кхаччалц

Цо иштта тIетуьйхира, тоххара а "цхьа а тоьшаллаш доцуш чувоьллинера" ша, маьрша ваьллачул тIаьхьа ваха бен ойла йацара шен аьлла.

"Суна бехкаш дохку хIуманаш сан коьртехь хилла дац. Суна и сийдоцуш хета, ас могуьйтур долу хIуманаш дац уьш, цара сан цIарах хаамашкахь йаздинарг. Со радикал ву аьлла, дIагайта хьийза уьш. 205-гIа артикл ("Терроран тохар". - Билгалдаккхар) нохчашна кхоьллина йолуш санна", - эргIад оьху бехкевийриг.

Цуьнан дешнашца, ФСБ-н белхахочо Пшеничниковс динца йолчу гамонца лелийна хIуманаш ду уьш, цо тIедожийнера цунна, бехкаш тIелацахь кIезиг хан тухур йу аьлла. Иштта Висаевна хьехнера, Нохчийчуьра кхечу бахархошна дуьхьал дохучу бехктакхаман гIуллакхашкахь "къайлаваьхьна теш" хила бохуш.

"Цо соьга бехира: "Аса Норильскехьра нохчашна Сталинан хенаш йахкор йу". 2021-чу шеран стигалкъекъа-беттан 5-чуьра 25-чу дийне кхаччалц Пшеничников а, Ахметов а ворхIазза со волчу СИЗО веара, суна и хьоьхуш [махкахошна дуьхьал харц тоьшалла де аьлла]. Бохура: "Ахьа тоъал хан чохь ца йаьккхина, хьо арахеца везаш вацара". СИЗО-н белхахой а суна тIетеснера – цара йеттара суна, кхайкхича тIевогIур ву алий, кехатана куьйг йазде бехира", - тIетуьйхира Висаевс.

Цо кхелехь чIагIдарехь, ФСБ-н белхахоша ишта кхерамаш тийсира цуьнца чохь бахкочу нехан аьрзнашца керла бехкаш дуьхьал дохур ду бохуш.

"205-чу артиклехула кхин дIа вохуьйтур ву хьо. Шиммо-кхааммо эр ду, ахьа цкъа иштта цхьаъ элира аьлла, тIаккха кхин а ши-кхо шо тIекхусар ду хьуна". Пшеничниковс бохура соьга: Хьо тоххара а оцу артиклашкахула таIзар дина ву, хьо нохчо ву, кхел хьох тешар йац", - дIахьедина Висаевс кхеташонехь.

"ОхьатаIор ду шу, тхуна цунах хIуммаъ а дийр дац"

Нохчийн политолог Кутаев Руслан йуьхьанца дуьйна тIехь терго латтош вара Висаевн гIуллакхна. Цунна хетарехь, харцонца динчу таIзарна латкъам бан беза, Орсийчохь нийса кхел йийр йара аьлла, дегайовхо йацахь а.

"Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелах дIахаьдда Оьрсийчоь, цара бина сацамаш лара а ца лору. Хенан йохалла цхьаъ хила тарло, Висаев йоллу инстанцешкахула чекхволучу заманчохь, Оьрсийчуьра раж хийцайала а там бу. Путин воцуш, цуьнгахьа долу Iедал дIахIоттахь а, шайн ницкъ мел берг дийр ду цара Европан институташ йухайерзон, иштта ЕСПЧ а. Шаьш европахойн йукъараллина тIеэцийта", - тешна ву политолог.

Редакцица къамел динчунна хетарехь, къоман билгалонца дискриминаци лелийна меттигаш йу Висаевн гIуллакхехь.

"ХIара цIаьрматаллица шайггара кхоьллина гIуллакх ду, цигахь дерриг а тIеххула гуш ду. Оха тхайна луъург до, шух даша а ца деша, мел вон фальсификаци йахь а, оха шу охьатаIор ду, тхуна цунах хIуммаъ а дийр дац бохуш, нахе дIахаийта санна хьийза къайлаха сервисаш. ХIаъ, цигахь къоман билгалонца харцо лелош хилар гуш ду. Кавказан халкъийн Ассамблейн талламан зерашца, 30 эзар гергга цхьана хIумана бехкебоцу нохчий бу Оьрсийчохь йаккхий хенаш йиттина – 15 шарера 25 шаре кхаччалц. Маьршабовла безачех 30 проценте кхаччалц нах леш бу: хан чекхйолу, иза аравала кIира йа ши кIира дисинчу хенахь и стаг леш ву. Ницкъахойн зуламех цаьрга тоьшаллаш ца дайта, ара а ца бовлуьйтуш, бойучух тера ду уьш", - аьлла хета Кутаевна.

Красноярскера Хабаровске йоьдура кеманахь Мутаева Iайша шен ши шо долу йоI карахь. Доьзал шеца бу аьлла, шен хIусамден дог иракарахIоттон лаьара цунна. Мутаеван доккхаха долу диъ бер оцу хенахь цуьнан гергарчу зудчуьнца хуьлура. ХIусамнана тешна йу, иза бехкецахиларх кхачам боллуш адвокаташа тоьшалла дира аьлла.

Конвойно Апти схьавалийча, цара бехира, хIусамнана, со йара цара йуьйцург, улло йита мегар дац

"Йозанаш динарг мила ву къастош йина экспертиза а йу тхан. Цуьнан жамIаша тIечIагIдира, Висаев Аптис дина йозанаш дац уьш аьлла. Почерк зуьйш йина экспертиза а йу – цигахь а тоьшаллаш ду, ФСБ-н белхахочо Ахметовс оперативан –лехаман барамаш дIахьочу хенахь хIиттийначу кехаташна шегара куьйгаш йаздина аьлла. ХIетахь тхан петарчохь хIоъ-молха а, сим-карта а, герз карийна шайна бохура. Сох а цхьана куьг йаздина хиллера цара", - оьгIаз оьху Мутаева.

Шен хIусамда шогачу хьелашкара колони хьажаве ах хан йаккха аьлла, кхело бина сацам къизалла гайтар ду аьлла хета цунна.

"Набахтехь набахте йу и. Белла дIабовллалц хенаш йиттина нах бу цигахь. Шарахь цкъа бен гергарнаш тIе а ца буьту, цхьа посылка, цхьа бандероль бен йахьийта бакъо а йац. И хьелаш хIиттийна Аптина пхеа шарна", - боху Мутаевас.

Цо билгалдоккху, шен хIусамден дов хоттучу йукъанна ворхI прокурор хийцавелира аьлла. Царех цхьаъ кхеташонехь тешан тоьшаллаш кхайкхон воьллера, оцу хеначохь кхело уьш дIатеттинера. Прокуроран цунах дерг хууш ца хиллера, шегара бехк баьккхича жоп делира: "Красноярскера схьатеснера хIорш" аьлла. ТIаьхьо Висаевна хан йийхира цо.

Кхелан кхеташонашка йар Мутаевана дехкар официалехь цхьана а кепара тIечIагIдина дацара: доьхкуш кехат кара ца деллера цунна, цундела кхелехь и къовса йиш йоцуш йиссира иза. ТаIзар кхайкхочу дийнахь бен чу ца йитира Висаевн хIусамнана: "КIари чохь вара иза. Герзашца пхиъ пурстоьп валийра, шиъ гIагI диллина жилеташ йоьхна вара. ВорхI стаг вара сох кIара ларйеш, дуьйлина герз дара латтош, шоу хIоттийнера. Конвойно Апти схьавалийча, баха буьйлира уьш, зуда – со йара йуьйцург- геннахь латтон йеза".

Висаевн адвокато чIогIа доцца элира, цуьнан гIуллакхна латкъам бича чакхе муха хила тарло аьлла, шега хаьттича: "Апелляци чукхачийча хиндолчух дерг ала Iаламат хала ду. Висаев бехкецахиларна тIехь лаьтта тхо, цунна йуьззина реабилитаци йайта а хьийза".

  • 2005-чу шарахь Нохчийчуьра Лакхарчу кхело бехке лерира Висаев Апти бакъо йоцуш герз лелорна а, Оьрсийчоьнан ницкъахошна кIелойарна а, теракташ йарна а. ГIуллакхан бухахь бехкевечун мукIарло до. Висаевс кхелехь дIахьеддарца, тIехь ницъбина бехкаш тIелацийтинера цуьнга. Изза элира цуьнан нанас Устарханова Хьавас а. Цо чIагIдо, шен кIантана йиттира, урс хьийкхира цунна, са дукъийра, ток йеттийтира, иштта шелонехь а, мацаллехь а валлийра, камери чуьра батарейх дIа а вихкина. Цуьнан доллу дегIа тIехь муонаш ду.
  • Хьалхо Кавказ.Реалиин редакцино кехат дахьийтинера Висаев Аптин гIуллакхехула регионера Федералан кхерамзаллин урхалле. Тергамза дитира кехат: низамехь жоп дала магийна хан йоллушехь, комментареш ца йира.
  • Ростов-на-Догу гIалин кхело гезгамашин-бутт бовш ГIалмакхойчуьра "набахтера джамаIат" аьллачу гIуллакхехула йалх декъашхочунна кхел кхайкхийра: пхеа шарна тIера бархI шаре кхаччалц лерринчу рожера колонихь йаккха хенаш туьйхира. Талламан версица, набахтехь волу 100 сов тутмакх лерина хиллера террорхойн "Исламан пачхьалкх" органиацин гара кхолла "Оьрсийчоь йохо Iалашонца". Тутмакхаша бакъ ца до, йукъаралла хилар а, шаьш цу йукъахь дакъалацар а. Кавказ.Реалиин редакцин аьтто хилира царех цхьаболчаьрца кехаташкахула къамел дан. "Набахтера джамаIат" гIуллакхаш шайггара долийна ду боху бакъоларйархоша.
  • 2021-чу шарахь конфликтийн анализан а, уьш йухайахаран а центро рапорт йовзийтира "Оьрсийчоьнан набахтешкара Къилбаседа Кавказера бусалбаш" аьлла. Бакъоларйархойн хаамашца, исламан дин лелораш къаьсттина хьийзабо Оьрсийчоьнан колонишкахь. Царна тIехь гIело латтайо, царна йетта, кхечу тутмакхаша а цхьаьна гIело латтайо цаьргахь, и дерриге а лелош ду шайн гергарчаьрца цхьана а ца кхоьтуьйтуш.
  • 2022-чу шеран Марсхьокху-баттахь украинхойн экспертийн "Сова" тобанан а, иштта адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориалан" а бакъонашларйархоша дийцира Кавказ.Реалиига, дуккхаъчу "террорхойн" гIуллакхашна шаьш тIе дуьтуш дац, цундела дохку бехкаш бух болуш дуй хьовса таро ца хуьлу шайн аьлла. Ткъа информаци шайн каракхаьчча, гучудолу дуккха а низамаш талхийна а, харцонаш лелийна а меттигаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG