ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хорватехь лецначу нохчийн чохь латторан хьелаш теллина прокуратуро


Хорватин дозанехь паспортан контролан пунктехь полисхой. Архивера сурт
Хорватин дозанехь паспортан контролан пунктехь полисхой. Архивера сурт

Шайн бакъонаш хьешна аьлла Хорватехь лагерехь латточу нохчаша латкъамаш бича, мехкан прокуратура меттиге кхаьчна хьал талла, дийцина Кавказ.Реалиига "Европерчу нохчийн Ассамблейхь". Цигара хьал метта деана, аьлла хаамбира редакцин хьостано. Амма хорватхойн бакъолайархойн хIинца а аьтто ца баьлла ницкъаллин хьукматашкара официалан комментарий йаккха.

"Европерчу нохчийн Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас бахарехь, хорватхойн цхьамогIа адвокаташ реза ца хилира нохчашна тIехIитта, хIунда аьлча, экстремизмана бехке лору уьш. МухIажаршна кара делла кехаташ гина шена аьлла дIахьедина Дадуевс – цунна хетарехь, уьш бехке хиларан цхьа а тоьшаллаш дац цигахь.

"Цхьаболчу лаьцначарца зIенехь ду тхо. Лахьан-беттан 8-хь прокуратуран белхахой баьхкинера шаьш болчу, цаьрга латкъамаш дIаделлера шаьш, аьлла дийцина цара. Прокуратуро цигара хьал теллича, уьш чохь латторан хьелаш, цаьрца йолу юкъаметтиг а хийцайелира, цул хьалха озабезаме а, агрессиве а лелара уьш", - билгалдаьккхина юкъаралхочо.

Цо тIетоьхна, таллам бечу юкъанна мигрантийн декъехь Нохчийчуьра масех ницкъаллин хьукматийн белхахо хиллера, цара шеконаш кхоьллина хила тарло хорватхойн Iедалан.

Цхьайолчу лагерехь латточу мигранто анониман кепехь дийцира Кавказ.Реалиига, карачу хенахь цхьа а "эксцессаш йац". Дерриг "меттахIоьттина", тIаккха мухIажаршна тIехь ницкъбина бохуш дина дIахьедарш дестийна хета цунна – амма кхечу лагершкахь хуьлучух цунна ца хаьа.

Лецначарлахь итт гергга стаг ву тховкIело йоьху нах тIелацаран Поринерчу центрера, дийцина Кавказ.Реалиига хорватхойн машар талларан Центрехь. Бакъоларйаран хьукмато хьалхо МВД-га кехат дахьийтинера.

"Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло цхьа а информации ца йелла тхоьга, халахетахь а, лаьцна латточу меттигашна тIекхочийла дац тхан тIаьххьарчу деа шарчохь, хIунда аьлча, лаьцначаьрца зIе латто аьтто бац тхан", - билгалдаьккхина центран векало Кекуш Сарас (Sara Kekuš).

Лаьцначийн хьокъехь цхьа а официалера комментари цахиларна цигара нохчийн билггал долу терахь девзаш дац. "Ассамблейс" 50 стаг ву бохура цигахь.

Омбудсмене, Хорватин МВД-га, прокуратуре кехаташ дахьийтина Кавказ.Реалиино оцу хьокъехь.

Нохчий дIалецарх лахьан-беттан 7-хь хиира – хIетахь Дадуевс дийцира, республикан бахархой Хорватехь саца дагахь бацара, транзитаца доза хадо лууш бара. Цо бахарехь, цхьаболу мигранташна ницкъбинера, кхерамаш тийсинера, сийсаза къамелаш динера. Иммиграцин, бахархойн, административан гIуллакхийн а Урхаллера комментари йаккха гIоьртира Кавказ.Реалиин редакци. Корреспонденто шен цIе яьккхича, секретара кхечуьнца зIе дехьайаьккхира, амма цхьамма а жоп ца делира.

Кавказ.Реалиино хаам арахецча, оцу хьолана тIе тидам бахийтира хорватхойн бакъоларйархоша. Хорватехь нохчий дIалецаран хаттар низамехь йоцучу миграцин, дуьненаюкъарчу кхерамазаллин агIонехула болчу полисхоша лелочунна тIехь тидам латточу Йозушйоцчу Координацин комитетехь пIераскан дийнахь дийцаре дийр ду.

  • Украинера тIом болабелчхьана сих-сиха хуьлу нохчашна дуьхьало еш, йа европхойн пачхьалкхаша депортаци йина меттигаш. Къилбаседа Кавказера схьабевлла, Оьрсийчоьнан паспорт долчу бахархоша кест-кеста латкъамаш бо къоман а, динан а билгалонашца шайца дискриминаци лелош хиларх румынхойн миграцин хьукмато. Бакъонашларйархойн хаамашца, къаьсттина иза нохчех хьакхало: царна йан тарло депортаци, йа лаца тарло уьш, официалехь къайлахчу сервисийн лехамашкахь уьш бацахь а, Румынин доза транзитехь хадош хилча а.
  • Оьрсийчуьра а, Украинера а, Советан Iедал доьхначул тIаьхьа хиллачу мехкийн а, Европерчу пачхьалкхийн а бакъонашларъярхойн тобано кехат дахьийтира Интерполе, Оьрсийчуьра а, кхечу пачхьалкхашкара а бахархошна политикан бахьанаца тIаьхьабевлла леларехь гIоьналла латточу политикана дуьхаьло йе аьлла, кхайкхамбеш. Буьйцурш бу Интерполан системехула Оьрсийчоьнан дехарца лоьху нах. Царех дуккхаъчарех Кавказ.Реалиино йаздира – Нохчийчуьра мухIажарш бара уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG