Терроризмна тIехула дохку бехкаш тIелаца бохуш, полисхоша ницкъбинчу Нохчийчуьрчу Оразбаев Эльдара а, Зулькарнаев Муслима а, Сатабаев Тимура а, Чапанов Iумара а латкъам бинера Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле (European Court of Human Rights-ECHR - ECHR). 2002-2006-чу а шерашкахь ницкъхоша гIело хьегийтинчу веанна 170 эзар евро компенсаци яла еза аьлла сацам бина кхелахоша. Иза бовзийтина ECHR-н сайта тIехь шинарин дийнахь.
Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бакъ дина, Оразбаевн а, Зулькарнаевн а, Сатабаевн а, Чапановн а гIуллакхехь ницкъ бан доьхкуш, нийсонца кхел ян кхачийна Конвенцин низамаш дохийна хилар, яздо "Медиазона" гIирсо.
Шен латкъамехь Орзабаевс хаам бинера, 2004-чу шарахь Ставрополан кIоштахь лаьцнера ша, герз латтийна аьллачу бехкаца. Цул тIаьхьа Нохчийчу дIавигча иза бехкевинера гIаттамхойн тобанехь хилла ву аьлла. Цо дийцарехь, коьртах тIоьрмиг а боьллина, батарейкех дIа а тесна, йиттинера цунна гIожмашца а, электрошокерца а. Цхьа шо даьлча ша дина мукIарло хийцира цо, юха а леттера цунах полисхой.
Изза арз динера Зулькарнаевс а. 2006-чу шарахь Волгоградан кIоштахь каравахнера иза, батарейкех дIа а вихкина, йиттина хиллера цунна а. Бутт баьлча ша хьалха дийцинчунна дохковаьллера иза, цул тIаьхьа Нохчийчу дIа а вигина, цигахь юха а леттера цунах.
Сатабаевн дешнашца, Соьлжа-ГIалахь дIалецира иза 2002-чу шарахь леррина операци дIахьочу юкъанна. Цо а дарединера, батарейкех дIа а вихкина, хи чохь долу шиша коьртах диттинера шена, ницкъбинера электрошокерца а аьлла. Иштта, противогаз тIе а йоьллина, букъах а, хьаьж тIе а цигаьркаш Iиттинера цунна. Эххар а, шена хьалха дехкинчу кехаташна куьйг яздинера цо, деша а ца доьшуш.
Чапанов лаьцнера Шелахь ша вехачу хIусамехь 2005-чу шарахь. Къола дина алий, бехк тIелаца бохуш, хи чохь долу пластикан шиша диттинера цунна, Iазап лелийнера цунна тIехь электрошокерца а цхьана. Нагахь санна, шаьш бохург ца дахь, цуьнан доьзалхочух йолчу зуда хьийзор ю шаьш бохуш, кхерамаш а тийсинера.
Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело 50 эзар евро кхачийна Оразбаевна а, Зулькарнаевна а, Сатабаевна а, Чапановна – 20 эзар евро дIало аьлла ду Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бинчу сацамехь.
Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллица, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.