ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оьрсийчу юхавоьдучул а валар гIоле ду". (1-ра дакъа)


Гадаев Мохьмад

Францино депорт йина Нохчийчуьра вахархо, юкъаралхо, мухIажар Гадаев Мохьмад шен ницкъ ма кхоччу гIиртира Европехь виса. Ша Оьрсийчу дIахьажавалалц депортацин набахтехь даьккхира цо 145 де. Цул тIаьхьа адвокатехула кхеле велира Гадаев. Оьрсийчохь цунна кхераме хилар тIечIагIдира суьдхоша а.

Зазадоккху-беттан 25-чохь маьршаваьккхира Гадаев. ХIора денна полици воьдура иза, куьгъяздан. Иза тешнера, ша кхерамах хьалха ваьлла хиларх. Делахь а, Охан-беттан 8-чохь юха а дIалецира иза, шолгIачу дийнахь шайн пачхьалкхера ара а ваьккхира.

Гадаев схьакхачийначу Москван Шереметьево аэропортехь 12 сахьтехь латтийра иза ФСБ-н белхахоша - "Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллаца бинчу бертаца".

Бакъоларъярхойн аьтто белира нохчийн мухIажар церан карара ваккха, амма цул тIаьхьа масех сахьт даьлча гучуделира, Гадаев лечкъинчу Керла Уренгой гIаларчу цIенна кадыровхоша го бина хиларх. Меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралле орца даккха дийзира Гадаевн, ша Iалашвар доьхуш. ХIетте а, кадыровхошка дIавелира иза.

"Пхеа баттахь ОМОН-ан лармичохь хан яьккхина ас. Экстремизмна бехкевора со цара. Цига балийна нах тIаьхьо байъина карабора

Нах сецор, лецар, Европера мухIажарш Оьрсийчоьне дIабалар - даьржина хIума ду. Стохка гурахь оцу пачхьалкхехь 18 шо долчу нохчочо хьехархо Пати Самюэль вийначул тIаьхьа гIуллакх чолхе делира нохчийн.

ХIетахьлера теракт хилла кхо де даьлча дуьйнна денна полици куьйгъяздан тIеоьхуш хилла Гадаев лецира рогIера полици веача.

Оцу юкъаанна ала догIу, нохчийн диаспорехь шуьйра вевзаш ву иза. Гадаев Мохьмад "Барт Маршо" боламан урхаллин а, "Европерчу нохчийн ассоциацин" а декъашхо ву. Цул совнах, Европерчу нохчийн Ассамблейхь а ву иза.

2019-чу шарахь шеца чувоьллина латтийна волу Умарпашаев Ислам ОМОН-ан белхахоша лачкъорца доьзна толлучу бехктакхаман гIуллакхехула теш хIоьттинера иза. ХIетахь цунна тIехIоьттинера "Iазапашна дуьхьал Комитет". Европе кхаьчначу Гадаевс дийцинера, тоьшаллаш динчул тIаьхьа шена а, шен гергарчарна а кхерамаш тийсина хиларх лаьцна.

Гадаев Мохьмадна депорт яле хьалха Кавказ.Реалиин корреспонденто къамел динера цуьнца, федералан эскаршна дуьхьал тIом бинчул тIаьхьа цо набахтехь хан яккхарх а Умарпашаевн гIуллакна тIехула ша теш муха хилла а, Францехь шех Iиттаделлачу зуламех а.

"Сан нанна со велла дикка хан а ю моьттура"

– Сайн 16 шо долчу хенахь, школа чекъяккха а кхиале, герз караийцира ас. 2000-гIа шо дара и, со ваьхна Закан-Юрт чIогIа йохийнера. Доьшучу а, маьрша вахаран а метта со бомбанаш буха нисвеллера, суна гонах маьрша нах бара бойъуш, Оьрсийчоьнан кеманаша дийнна урамаш дара хIаллакдеш.

- Дуьххьара набахте муха кхечира хьо?

- 2004-чу шарахь дуьххьара лачкъийра со кадыровхоша, сайн цIера дIавигира цара. Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом барна бехкевира. Талламаш бечу заманчохь соьга елира, со амнсити юкъа вохуьйтур ву, нагахь санна, аса шайна болх бахь.
Цаьргахьа ца вала со Казахстане дIавахара, ткъа Нохчийчохь дуккха а сан доттагIий лецнера. Шайна тIехь Iазапаш лелийча, суна дуьхьал мукIарло дина хиллера цара. Со шайн командир а вара, ас шаьш хьаннашка а дуьгура, бохуш. ТIаккха лехамашка велира со, хьалха федералан, цул тIаьхьа дуьненаюкъарчу лехамашка. Сайн деца зIене велира со, иза суна тIаьхьа Казахстане веара.

2006-чу шарахь Оьрсийчу юхавеара со. Набахтехь яккха 18 шо хан йогIура суна, суна дуьхьал тешаша кехаташ тIехь яздинчуьнга хьаьжча. Со царна дуьхьал хIоттаве бохуш, дехарш дора ас, цара ларамза бехкеварна. Со тешна вар, шаьш аьлларг юха оьцур дара цара, амма, ас бохург ца дира, кхаа шарна Чернокозоверчу набахте воьллира со.

Тамашен хIун ду, сан да-нана долчу а оьхуш, со лоьхуш ду шаьш бохуш, хиллера цаьрга. Ший шой, ворхI буттий баьлча, сайн хенал а хьалха араваьккхира со. Масхадов Асланан хадархойн куьйгаллехь лаьттинчу, Рамзанна герга волчу Висхана гIо дира суна хIетахь.

"Ахь тIом бина, хьо набахтехь а Iийна, хьуна амнисти елла аьлла"- ишта сан гIуллакхах йист яьккхира цо.

Сайна беллачу пхеа баттахь, шен-шен хенахь тIе а воьдуш, куьйгаш теIош схьавеара со. Амма бакъду, цкъа кадыровхойн бIаьрг тIехIоьттинчу сан, кхин дIа маьрша вехийла дацара, суна тIаьхьара ца бовлура.

- Юха а лачкъийра хьо?

-ХIаъ. 2009-чу шеран Лахьан-беттан 10-чохь туьмIаьжгаш йоьхкинчу наха чу а лилхина, дIавигира со. Омонхойн ларми чохь пхи бутт баьккхира ас. Юха а экстремизм лелош ву боуш, бехкаш дохкура суна. Цига балийна нах, бойъура. Муха бойъу, тхуна ца гора, амма тхуна гуш дара царна тIехь ницкъ беш. Уьш арабохура, цул тIаьхьа уьш байъина хиларх гучудолура тхуна.

ТIаккха валийра Умарпашаев Ислам. Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле латкъам бинера цуьнан дас "Iазапашна дуьхьало латторан Комитетехула".

Европан эмиссаро тIеIаткъам бира Оьрсийчоьнна, спутникан зIеца карийнера иза латтон меттиг, иштта цуьнца со а карийра.

"Дуьххьара ас тоьшаллаш динчул тIаьхьа, сан да-нана долчу баьхкира ницкъахой, юха а сингаттамаш Iиттабелира сох

2010-чу шеран Охан-беттан 1-чохь лармичуьра хьаладаьхначу тхоьгара дош даьккхира, Умарпашаев Исламан дас шен кIант лачкъийна аьлла, чуделла арз юхаоьцур ду аьлла.

Иштта иза бахьана а даьлла, карийра со а. Сан гергарчарна оцу беттанашкахь сох лаьцна хууш хIума а ца хиллера, стенгахь ву, я дийна вуй а. ТIепаза байначарлахь вара со. Нанна моьттура, со тоххара велла хира ву. Со цIа валийча, дог вон хилла, охьаюьйжира иза. Сох лаьцна сан наха шайга хаьттича, иза вийна дукха хан ю, хетта а ма хетта олуш хиллера полисхоша.

- Юха а хьо лачкъорна кхоьруш, Нохчийчуьра дIаваха ойла хилира хьан?

- ОМОН-ехь болх бечу цхьана стаг аьллера соьга, теш хиларе терра, хо вен тарло аьлла. Кхечу пачхьалкхе дIаваха дагахь паспорт даккха гIоьртира со, амма ца доккхура. Москва дIавахара со тIаккха. Казанский олучу цIерпоштан вокзалехь меттигерчу полицино лецира со. Нохчо вуй хиъначул тIаьхьа, оьрсашна дуьхьал тIом бина ву хьо, шаьш тоьпаш тухур ю бохуш, кхерамаш тийсира цара суна. Со цаьрца къийса вуьйлира, ас таIзар текхна, хьовсал документ бохуш, кехат а гойтуш. Шога къамелаш дора цара соьца, хаьара тхуна, аш кхел муха йо-м, бохуш.

ТIаьхьо хиира суна, со цIера веддачул тIаьхьа суна тIаьхьабевлла нах хиллера, сан гергаранаш кхера а беш.

Эххар а аьтто белира сан паспорт даккха, 1300 долларшкахь ахча а делла. ТIаккха Польше дIавахара со. Цигахь тIаьхьабевллера суна, стенгахь эцна ахь паспорт, бохуш. Паспорта тIехь таIийна куьйг ца хиллера. Сан хIусамненан паспортна яздинера куьйг, сайчунна яздина дацара. Польшехь дIакхоьсира ас и паспорт.

- Муха нисделира, эххар а Умарпашаевн гIуллакхехула хьо теш хIоттор?

- Польшехь соьца зIене велира Умарпашаев. Цуьнан нах баьхкина хиллера сан нахана тIе, шайн кIантана теш хIотта алахьара аьлла. Ас дуьхьало йира. Юха цхьана чатехь сан цIарца йозанаш деш хиллера Умарпашаев. Соьга хоьтту цхьана накъоста, телефон а тоьхна: "Хьайн цIарца хIунда йина ахь аккаунт, хьо иштта а халла кIелхьарваьлла ма ву, дIаяккха иза". Ас боху, со вац иза. ТIаьхьо гучуделира, Умарпашев иза хиллийла.

2011-чу шарахь "Iазапашна дуьхьалояран Комитет" соьца зIене елира. Ахь тоьшаллаш дахьара, зуламхой чубохка накъосталла оьшура аьлла. Дуьххьаара ас тоьшаллаш ма диннехь, сан гергарчийн коча баханера Iедалхой. Юха а хьовзам хилира суна. Кадыровхой баьхкира со волчу Польшехь а, кхерамаш туьйсуш.
2012-чу шарахь Франци дехьавелира со, цигахь тховкIело а йийхира. Ас тоьшаллаш лучу заманчохь Iедалхоша гIо дира суна. Парижехь "Iазапашна дуьхьалатторан Комитетан" куьйгалхочуьнца Каляпин Игорьца цхьанкхетар хилира сан. Ишта "Гражданское содейсвие" организацин векал Буртина Елена а Къилбаседа Кавказера коьрта талламхо Соболь Игорь а, гочдархой а, Францин комиссар а вара цигахь. Нант гIалахь гулделлера тхо. Суна тIехь ницкъбинчийн суьрташ гойтура суна, сайна мел хуург дIадийцира ас.

Цул тIаьхьа юха а кхерамаш туьйсуш, телефонаш еттара соьга. Суна тIехь гIело латтийначу цхьаммо кхерамаш туьйсура, телефонехула, юха суна тIехь стаг вийтинера, айхьа дийцинчунна юхавала, бохуш.

"Бух - со кхераме хетар"

– 2015- чу шарахь, Францехь дуьххьара теракташ хиллачул тIаьхьа, туьтмIаьжгаш йоьхкина нах баьхкира со волчу, со радикал хета шайна аьлла. Доллу сан цIийнах хьоьвсира уьш. Лилль гIала оьху хьо бохуш, бехкаш дохкура.
Ас боху, со цигахь цкъа а хилла вац. ТIаккха дIахьеди цара, 2010-чу шарахь харц визаца Франци веана стаг вевза хьуна. Иза мухIажиран статус а елла, Францехь вехаш ву. ТIаьхьо сан адвокато элира соьга, и стаг вовзар - зуламе хIума дац аьлла.

"Масех кхелийн сацам бу соьгахь, Оьрсийчу дIахьажон мегар дац аьлла. Низамашкахь бакъо яц суна депорт ян, амма и дойла ю кхара, низамаш хьаьшна а

Ас дIахьедира, со Бельги лела Лилль гIала оьхуш вац аьлла. Сайн хIусамненан а, шина беран а суьрташ гайтира ас, сайн хилла хIусамнана йолчу лесташ ву со аьлла. Масийттаза бехкаш дохкура суна, хьо Нохчийчохь революционер хилла ву, оцу тIехула веана хьо Франци бохуш.
Нохчийчохь оьрсийн эскаршна дуьхьал тIом бар лорура цара революци, Европан кхело иза революци яцара, шен суверенитетехьа бина тIом бара аьлла, тIечIагIдинашшехь.

- Ахь жигара дакъа лоцу диаспоран юкъарчу дахарехь, хьо динан фанатик вац, хIетте а стохка гурахь юха а лецира хьо, хIунда?

- 2019-чу шеран Дечкен-баттахь Францин Iедалхоша политикан тховкIело ца елира суна, Польшехь мухIажаран статус сан ю аьлла. Оьрсийчу депорт ян гIертара уьш суна. Масех де даьллачул тIаьхьа сан Польшехь хилла статус а дIаяьккхира соьгара. Сан дехар цара листаре хьоьжуш, 1,6 хан яьккхира ас, низамашкахь 1,6 бутт бен боцушшехь.

Шозза а кхелехь туьйлира со, суьдхоша сацам бира, Оьрсийчоьне со дIавалар низамашкахь дац аьлла. Амма миграцин Iедалхой къар ца лора, цара латкъам бира оцу кхелан сацамна. ТIаьхьа, францхойн хьехархочун корта баьккхинчул тIаьхьа, со набахте хьажийра, кеста Оьрсийчоьне со дIалуш ву аьлла, соьга схьа а элира.

Бух лору цара - со Францина кхераме хилар.

Сан адвокато Европан кхелехь латкъам бира. Цигара жоьпаш кхачийра, со Оьрсийчу дIавахийтар дихкина хилча, муха дIахьажон дохку шу аьлла. ТIаккха меттигерчу префекто керла хьесап дира, со Польше дIахьажош. Ас юха а латкъам бира. 2020-чу шеран ГIуран-беттан 8-чохь хилира сан кхел, префекто бина сацам нийса бу элира цигахь. Юха а адвокато мухIажарийн гIуллакхийн лакхарчу кхеле дIахьедира, цигарчу кхелахоша сан агIо лецира.

Со аравелира, денна миграцин хьукмате воьдура со, куьйг таIо, со юха а лацарна а кхоьруш. Дуккха а меттигаш ма бу, рогIера куйг яздан веача дIалоцуш, я цунна депортаци еш. Масех кхелахойн сацам ма бу сан карахь, со Оьрсийчу дIавахийта мегар дац аьлла. Низамашкахь бакъо яц, амма, сан адвокато ма-боххура, низам хьаьшна а, иза дойла ю церан. Цунах кхоьру тхо.

Нохчийчохь чхьонкарца Iазапаш латтийна Саралиев Асламбек, дукха хан йоццуш Германера цIа хьажийра. Соьца депортацин набахтехь вара Арцуев Лези а, Джабраилов Мохьмад а.
Мохьмадна депорт йира, Арцуев араваьккхира, шина дийнахь куьйгаш яздеш царна тIе лийлира иза, эххар а, юха а дIалецира. ШолгIачу дийнахь Оьрсийчу депорт йира цунна.

(Чакхе хир ю)

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG