Нохчийн Австрерчу диаспоро Венерчу майданехь гайтам а, концерт а хIоттийна къобалъянзачу Нохчийн республика Ичкери кхоьллинчу Денна лерина. Церан декъехь хилла украинхойн юкъараллин вовшахкхетараллаш а, мухIажарш а, иштта Оьрсийчоьнан тIеман агрессина кIел нисбелла нохчий а.
Къобалъянзачу Нохчийн республика Ичкерин Австрерчу векало Дунаева Розас дийцина Кавказ.Реалиига, барамехь Нохчийчуьра суьрташ гайтина, царлахь хилла 1990-чу шерашкарчу хиламийн а, Украинерчу тIеман а суьрташ.
Иштта украинхойн "Сонячний Всесвіт" гIоьналлин акцин суртдиллархоша шайн белхаш гайтира, байташ йийшира украинхойн, нохчийн, немцойн, ингалсан а меттанашкахь. Ичкерин историх а, цо йинчу дуьхьалонах а лаьцна флаераш йийкъира жигархоша бахархошна, луучунна аьтто бара нохчийн культура, ламасташ довза.
"Нохчийн, украинхойн юкъара барам бара иза. Тхо оцу акцешка, пикеташка, митингашка лела, цара гIо до тхуна. Москван агрессина кIел нисделла тхан ший а къам, цхьанне ца кхеттачу дика кхета тхо вовшех", - билгалдаьккхина Дунаевас.
Ичкерин йозуш цахиларан де гезгмашин-беттан 6-хь даздеш ду – оцу дийнахь 1991-чу шарахь нохчийн къоман конгрессо, шен коьртехь инарла Дудаев Джовхар а волуш, шен кара эцнера Соьлжа-ГIалара а, ерриг Нохчийчуьра а политикан а, административан а центраш, Нохчийн-ГIалгIайн республикан Лаккхарчу кхеташонан болх сацийнера. Гезгмашин-беттан 6-гIа де дIакхайкхийра нохчийн къоман пачхьалкхан йозуш цахилар меттахIотторан Де санна.
- ООН-н низамехь йолчу пачхьалкхех-декъашхойх цхьамма а къобалйина яцара Нохчийн республика Ичкери. Делахь а, 1997-чу шарахь Оьрсийчоьнан президента Ельцин Бориса ЧРИ-н президентаца Масхадов Асланаца куьйг яздира "Нохчийн республика Ичкерин а, Оьрсийн Федерацин а юкъахь машаран а, юкъаметтиг лелоран а барт" аьллачу кехатна. Иза эксперташа Ичкери тIелацарца дуьйзира.
- Украино Ичкерин йозуш цахилар тIеэца мега. Оцу тайпа проект Лаккхарчу Раде кховдийна. Украинхойн депутатийн проектана комментари ца йо Кремло.