ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ичкерин 30 шо кхачарна лерина цхьаьнакхетар хилира Берлинехь


Германи, Берлин
Германи, Берлин

Оршотан дийнахь Германин коьртачу шахьарахь Берлинехь вовшахкхеттера тIаьххьарчу ткъа шерачохь Оьрсийчуьра дIабахна нохчийн диаспоран векалш. Нохчийчоьнан Ичкерия Республика йозуш йоцуш хилар дIакхайкхина 30 шо кхачарна лерина гулбеллера уьш.

Германехь вехачу Ичкерин векало Сулейманов Хизира Кавказ.Реалиига дийцарехь, цхьаьнакхеттачара бийцира шайн дагалецамаш, иштта билгалдаьккхира нохчийн къомо йозуш йоцчу республикан курс къастош бина харжам нийса хилар а, и къийсам бицбина цахилар а.

Къамелехь дакъальцна коьртехь Тураев Мохьмад а волуш, Берлинерчу къанойн комитето а, кхинболчу нохчийн политикаша а.

Иштта, Гезгамашин-беттан 5-чохь Венерчу Шварценбергплац майданахь Советан армин эскархошна боьгIначу хIолламна уллохь дагалецаман барам дIабаьхьира ишта, Ичкери йозуш йоцу Республика санна дIакхайкхийна 30 шо дузарна. Цхьаьнакхетар вовшахтоьхнарг вара Ичкерин Австрера векалаллла а, жигархо Тайсум Амин а.

  • 1991-чу шеран Товбеца-баттахь хIоттийначу нохчийн къоман конгрессан шолгIачу съездо дIакхайкхийра, Нохчийчоьнан Республика Нохчи-Чоь СССР-на а, РФСР-на а юкъайогIуш яц алла.
  • 1991-чу шарахь Лахьан-баттахь хиллачу харжамашкахь Нохчийн Республикан президентан дарже хаьржинчу Дудаев ЖовхIара Гезгмашин-беттан 6-гIа дIакхайкхийра Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх хилла Де санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG